- Чеченский язык изложени 4 класс
- Оставьте свой комментарий
- Подарочные сертификаты
- Поурочное планирование по чеченскому языку
- Календарный план по чеченскому языку (11 класс)
- Оставьте свой комментарий
- Подарочные сертификаты
- Тема : Изложени « Ши йо1» 4 класс
- Административные контрольные работы (диктанты) по чеченскому языку.(5-11 классы)
- Мичхьара болало Даймохк.
- Мехала толам
- Видео
Чеченский язык изложени 4 класс
Изложени «Ши накъост» (аг1о 107)
Изложени «Синтар» (аг1о 143)
Сочинени «1а т1едеана»
Ши йо1 хьуьнахкхорашбахаяхара.Тускардуьззинакхораш а баьхна,ц1ехьа йирзира и шиъ.Ц1а йог1уш ц1ерпоштнекъал сехьаяладезара церан.Д1ай-схьай хьаьжча,гуш ц1ерпошт яцара.Цундела парг1ат сехьаялаюьйлира и шиъ.
Ц1еххьана гола тухучуметтехь ц1ерпошт гучуелира. Ц1ерпошт чехка йог1ура.Кхераелира ши йо1.Йоккхахерг юхаедира,ткъажимахъергнекъанадехьаиккхира.Жимахъергюхаядарнакхоьруш,йоккхахйолчомохьтуьйхира: «Юхамаяьллахь!Юхамаяьллахь!»Оцухенахь ц1ерпошт гергакхаьчнера.Ч1ог1а тата дора цо.Шегабохучухцакхеташ «Юха»-бохудош а хезна,жимахъергюхаедира.Чехкаядарнаизарельсашнаюккъеохьаюьйжира.
Машинистан таро яцара ц1ерпошт сацо.Цунделачекхъелира ц1ерпошт.
Ц1ерпошт сецча,берриге а нах ц1ерпоштана к1елъяханчу йо1ана х1ун хила хьовсаохьабиссира.
Рельсашнаюккъехь 1уьллура йо1.Ц1еххьана,корта хьала а айбина,хьалаиккхираиза.Рельсашнаюккъеохьайижинчуцунна х1умма а цахиллера.
Массарна а хазахийтира.
Шовданан т1ехь хи молушхилла 1ахар. Т1ееанчу барзо 1ахаре шенмахка т1ера хи мийлабакъояцхьанаьлла. 1ахарна и мохкберзанбоцийлахаьара. Цунделацобарзана и мохкшенбуаьлла, жопделира.
Борзмеца яра. Цунна 1ахар баалаьара.
Амма 1ахарца бара тешаменакъостий… Кулла т1ехьа барзанатебна 1аш дара ши ж1аьла.
-Делахь дика ду, хатта г1ур дувайшиъ,-аьлла,борз ж1аьлешна т1еозийра 1ахаро. Амма ж1аьлех б1аьрг а кхетта, борз когма-боллуедда д1яхара.
Изложени «Ши накъост»
Ши накъостхьуьнаюккъехула д1авоьдуш, царна т1е ча1оттаелира. Цхьаъведдадитта т1е велира. Важашаволччуновкъахьвисира. Кхин дан х1ума а цахилла, изалаьттаохьавуьйжира, шавелламоттийта.
Ча, т1е аяхана, цунаххьожаяхаюьйлираяяяяяяя6вукхоса а ца ло1ура.
Цуьнанюьхьаххьожа а яьхна, изавелламоьттуш, ча д1аяхара.
Мацца а, чад1аяхча, важадитта т1ера охьа а воьссина, велавелира:
-Ченосоьгабохура, кхерамболчуметтехьнакъостд1а а тосушдовдуш долу адамаш вон адамашду.
Изложени «Синтар» (аг1о 143)
Берашанекъанйистестоьмийнсинтар дуьйг1ира. Стоьмийнсинтар жима дара. Синтар, денаделла, кхуьуш дара.
Кхин к1ант хиллавоьдуш. Цоцхьа га кагдира. Цо а элира: «Цхьа га даьккхича х1ун дара? Цудиттандуьсушкхинадиъ га ду».
Едда йог1уш йо1 яра, буьрка а ловзош. Цуьнанбуьркакхийтирадиттанбуьххье. Бохькагбелира. Цкъахалахийтира йо1ана, т1аккха парг1атъелира: «Диттлийрдац. Юха а бербубохь».
Велосипеда т1ехь вог1учо велосипед товжирацунна т1е. Диттахгараделира.
Вог1уш хилла к1ант, урс а буйнахь. Цо а хадийрацхьа га, шенурсира дуй хьожуш. К1анта элира: «Дика, ирадуурс!»
Цул т1аьхьа диттдакъаделира.
Номер материала: ДБ-1383908
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Поурочное планирование по чеченскому языку
Урокийн ц1е: Изложени «Оьзда к1ант».
1алашо: Дозуш долу къамел кхиор. Шен дагахь дерг д1аяздан хаар.Нохчийн матте болу безам кхиор.
Шуна xlopa дийнахь бохург санна хеза «оьзда стаг», «оьзда нах», «оьзда зуда» боху дешнаш. И аьлча дика дуй а хаьа. Ткъа муха кхоллаелла оьздангалла? Оцу хаттарна жоп тайп-тайпана xIotto тарло. Оьздангалла адамийн бен хуьлуш яц. Цо адамийн юкъаметтиг ле- лочу хенахь цуьнан барам, форма гойту. Вайн къоман оьзда г1иллакхаш Дала делла ду.
Собаре, майра хила стаг жима волуш дуьйна 1ама веза, ша лелочун ойла а еш. Амма цкъацкъа ойла ян и хан ца хуьлу; оьздангалла ларъеш чехкка оынург дан дезаш хуьлу. «Т1аккха х1ун дан деза? Муха лелча оьзда, майра ву эр ду?» Иза а ала хала ду цхьана х1уманна т1е ца 1оттавелча.
Х1инца аса д1айоыну изложении текст. Сема ладог1а, х1окху хаттарна жоп дала дезар ду шу изложени яз- йина девлча: «Мегар дарий Ханпашина оьзда, майра ву» ала?
. Новкъа д1авоьдуш, Ханпашина генара дуьйна гора некъа юккъехь д1а-схьа лелхаш долу к1анттий, йоПий. И шиъ дара 1абдурахьманний, Маликий.
Оцу заманчохь царна т1екхечира говрахь вогГу Хан- паша.
XIokxo д1аяха ца юьту-кх,- жоп делира Маликас.
Боьршачу стагана бакъахьа дац иштта осала лел- ча. Д1аяхийта иза шен новкъа,- элира Ханпашас 1абдурахьмане.
Иза хьан г1уллакх дац. Яхийта кхузара хьайн алаша,- т1ечевхира 1абдурахьман.
Хьуна хезнарг бахар-кх,- ч1ог1а ластийна т1ара туьйхира цо Ханпашина.
1ад1ехьа, 1абдурахьман! Со лолда хьан, ца 1ен ве- лахь,- мохь хьоькхуш, йоьхнера Малика.
Х1унда туьйхи ахь суна, ва 1абдурахьман? Со хьох лата г1ерташ ма вацара. Хьайга хаза аьлча кхета ме- гар дац хьо?
Дера туьйхира, хьоьх х1умма а эхь ца хеташ, айса юха а тухур долу дела,- шолг1а т1ара тоха дагахь, чуг1оьртира иза.
Кхин д1а са ца тохаделира Ханпаше.
Дика ду делахь. Хаза аьлча хууш вацахь, д1аэца хьайна!
Шен ницкъ ма-ббу буй тоьхна, 1абдурахьман кхоьс- сина д1авахийтира Ханпашас. Нийсса бертал воьжна 1уьллура иза лаьттахь, бетах^симма ц1ий а оьхуш.
Кхин д1а царех хилларг д1аяханчу урокехь кхе- торан диктант т1ехь яздира вай. Шайна эшахь, иза а юха деша.
4. Изложени язъян кечам бар.
План х1оттор. Иза х1окху кепара хила тарло:
Ханпашас тидам бинарг.
1абдурахьман шен дагахь дерг нуьцкъала кхо- чуш деш хил ар.
Ханпашина иза кхето лаар.
1абдурахьманан сонталла, осалалла.
1абдурахьманан цавашар, «цакхерар».
Хетий шуна Ханпаша оьзда а, майра а?
Оцу плане хьожуш, дешархоша юьйцу изложении текст. Иалаташ нисдо.
Хьехархочо кхин а цкъа д1айоыну иза.
И текст язъян мегар ду диалогехь долу къамел ма-дарра къамеле а дерзош. Вуыыта и текст язъян хала дац, х1унда аьлча, диалогах а, цуьнца йолчу хьаьркех а лаьцна к1орггера 1амийна 5-чу классехь дуьйна.
6. Т 1 едиллар. Т1едожорансаттамехь долу хандеш- наш билгалдаха.
Календарный план по чеченскому языку (11 класс)
«Рассмотрено» «Согласовано» «Утверждаю»
на заседании МО с зам.дир. по УВР директор школы
Протокол №1 от ____________ З.С. Бегичева ___________ М.М.Дудаев
«___» _______________ 2017 г. «____»________________2017 г «_____» _______________2017 г.
Изложение- 2 изложенин барам – 400 – 410
Диктанташ – 5 диктантан барам – 160 – 170
Урокан коьрта кхетам
Дешархошна хаа дезарг
Дийцаран, хаттаран, айдаран предложенеш.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Дийцаран, хаттаран, айдаран предложенеш карлаяхар.
Предложенин кепаш хаа
Предложенехь дешнийн уьйр.
Вход.к/р «Воккхачу стеган до1а» Махмев Ж.аг1о 98
Дешархойн хаарш талларан урок
Предложенехь дешнийн уьйр. карлаяккхар
Бартбар, урхалла,т1едожор къасто
Подлежашиний, сказуеминий юккъехь тире.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Подлежашийн, сказуемин юккъехь тире карладахар.
Подлежашийн, сказуемин юккъехь тире маца юьллу
Цхьалхечу предложенин кепаш.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Предложенин кепаш йовзийтар.
Цхьалхечу предложенин кепаш а, масалш а хаа
Предложенин цхьанатайпанара меженаш, церан нийсаязъяр.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Цхьанатайпанара меженаш йовзийтар.
Цхьанатайпанара меженаш къасто
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш.
Изложени «Комаьрша йо1» Махмаев Ж. аг1о 103
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Цхьанатайпана а, цхьа- тайпана боцу а къастамаш къасто хаар
Цхьанатайпана а, цхьа- тайпана боцу а къастамаш вовшах къасто
Предложенийн шакъаьстина меженаш.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Предложенехь шакъаьстина меженаш йовзийтар.
Предложенехь шакъаьстина меженаш муьлхарш ю.
Латтаман дурс,цуьнан нийсаяздар.
Юккъедало дешнаш, предложенеш.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Юккъедало дешнаш, предложенех кхетам балар
Латтаман дурс, Юккъедало дешнаш къасто
Талламан болх «Ирча буьйса». Нохчийн мотт хьехар 9 кл. аг1о 72.
Хаарш талларан урок-
Дешархойн хаарш таллар.
Шайна хуу бакъонаш дага а йохкуьйтуш диктант язъяр.
Талламан болх язбар
Г1алаташ т1ехь болх бар. Т1едерзар, цуьнан нийсаяздар
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Т1едерзар предложенин меже ца хилар хаийтар.
Т1едерзар предложенин меже ца хилар хаа
Айдардешнаш, Дешнаш предложенеш-х1аъ, х1ан-х1а
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Айдардешнаш довзийтар,церан яздаран бакъонаш йовзийтар.
Айдардешнаш довзийтар,церан яздаран бакъонаш хаа
Чолхе цхьаьнакхетта предложенеш. Чолхе цхьанакхеттачу предложенешкахь хуттургаш, сацаран хьаьркаш.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Чолхе цхьанакхетта предложенеш йовзийтар. Чолхечу предложенехь
Чолхе цхьанакхетта предложенеш къасто, сацаран хьаьркаш яхка
Чолхе-карара предложенеш. Чолхе-карарчу предложенешкахь хуттургаш, сацаран хьаьркаш
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Чолхе- карара предложенеш йовзийтар. Чолхе-карарчу предл. сацаран хьаьркаш.
Чолхе- карара предложенеш йовзийтар. Чолхе-карарчу предл. сацаран хьаьркаш. яхка
Т1етухучу предложенин грамматически билгалонаш
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Т1етухучу предложенин билгалонаш карлаяха
Т1етухучу предложенин грамм. билга-лонаш хаа
Талламан болх «Бедаш». Нохчийн мотт хьехар 9 кл. аг1о 81.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Дешархойн хаарш таллар
Шайна хуу бакъонаш дага а йохкуьйтуш диктант язъяр.
Талламан болх язбар
Г1алаташна т1ехь болх бар. Т1етухучу предложенин кепаш, церан схемаш.
Хаарш талларан урок
Т1етухучу предлож. кепаш йовзитар, схемаш х1итто хаар
Т1етухучу предлож. кепаш йовзитар, схемаш х1итто хаа. Г1. нисдан
Талламан болх язбар
Т1етуху предложени а, цуьнан карчам а.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Т1етухучу предложенин карчамаш бовзийтар.
Т1етуху предложени а, цуьнан карчам а къасто
Шина я масех т1етухучу предложенешца чолхе-карара предложенеш. Цхьанакарара т1етуху предложенеш.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Масех предложенех лаьтта чолхе- карара предложенеш къасто хаар. Цхьанакарара т1етуху предложенеш йовзийтар.
Хьалха- т1аьхьаллин т1етуху предложенеш.
Хаарш талларан урок
Предложенех болу хаам шорбар.
Хьалха- т1аьхьаллин т1етуху предл. къасто
Ийна чолхе предложенеш а, къамелан мур а.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Ийна чолхе предложенеш йовзийтар.
Ийна чолхе предложенеш муьлхарш ю
Хуттургаш йоцчу чолхечу предлож. ц1оьмалг, ц1оьмалгца т1адам
Дозуш долу къамел кхиор
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш. Ц1оьмалгца т1адам маца буьллу хаар.
Хуттургаш йоцчу чолхечу предлож. ц1оьмалг, ц1оьмалгца т1адам маца буьллу
Хуттургаш йоцчу чолхечу предлож. ц1оьмалг, ц1оьмалгца т1адам
Изложени «Дас йоьг1на беш»
Махмаев Ж. 105 –г1а аг1о
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Сацаран хьаьркаш х1итторан бакъо.
Хуттургаш йоцчу чолхечу предлож. ц1оьмалг, ц1оьмалгца т1адам маца буьллу
Ма-дарра а, лач къамел а довзийтар
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Ма-дарра къамел, лач къамелах къастор
Ма-дарра а, лач къамел къасто
Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш
Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш яхка
Талламан болх «Чукхайкхар»
Нохчийн мотт хьехар 9 кл. аг1о 130.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Дешархойн хаарш таллар
Шайна хуу бакъонаш дага а йохкуьйтуш диктант язъяр.
Талламан болх язбар
Г1алаташ т1ехь болх бар. Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Ма-дарра къамел лач къамеле дерзо хаар.
Ма-дарра къамел лач къамеле дерзо хаа
Цитаташ а, цаьргахь сацаран хьаьркаш.
Дозуш долу къамел кхиор
Цитаташ йовзийтар. Цитаташкахь сацаран хьаьркаш яхкар.
Цитаташ а, цаьргахь сацаран хьаьркаш яхка
Нохчийн меттан сурт х1отторан г1ирсаш, исбаьхьаллин башхаллаш.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Сурт х1отторан г1ирсаш бовзийтар.
Сурт х1отторан г1ирсаш муьлхарш бу
Йозанехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш. (Т1адам, Хаттаран, айдаран хьаьркаш, дукхат1адамаш)
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Т1адам буьллурш х1ун предложенеш ю хаар.
Т1адам буьллурш х1ун предложенеш ю хаа.
Запятой (ц1оьмалг), запятойца т1адам (ц1оьмалгаца т1адам) х1отторан бакъо.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Сацаран хьаьркаш яхкаран бакъо хаар.
Сацаран хьаьркаш яхкаран бакъо хаа
Шит1адам, тире,къовларш, кавычкаш х1иттор.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Сацаран хьаьркаш яхкаран бакъо хаар.
Сацаран хьаьркаш яхкаран бакъо хаа
Талламан болх «Зевне хьеший», учебник 10-11кл. аг1о 230.
Хаарш, гов-залла кхиоран урок
Дешархойн хаарш таллар
Шайна хуу бакъонаш дага а йохкуьйтуш диктант язъяр.
Талламан болх язбар
Г1алаташна т1ехь болх бар.
Хаарш талларан урок
Г1алаташ нисда хаа
Карладаккхарца жам1 даран урок
Номер материала: ДБ-811115
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Тема : Изложени « Ши йо1» 4 класс
Тема : Изложени « Ши йо1»
2. « Ши йо1» ц1е йолу диийцар довзийтар.
— Хьехархочо д1адоьшу дийцар.
Ши йо1 хьуьнах кхораш баха яхара.Тускар дуьззина кхораш а баьхна, ц1ехьа йирзира и шиъ. Ц1а йог1уш ц1ерпоштнекъал сехьаяла дезара церан. Д1ай-схьай хьаьжча, гуш ц1ерпошт яцара. Цундела парг1ат сехьаяла юьйлира и шиъ.
Машинистан таро яцара ц1ерпошт сацо. Цундела чекхъелира ц1ерпошт.
Ц1ерпошт сецча, берриге а нах ц1ерпоштана к1елъяханчу йо1ана х1ун хилла хьовса охьабиссира.
Рельсашна юккъехь 1уьллура йо1. Ц1еххьана, корта хьала а айбина, хьалаиккхира иза. Рельсашна юккъе охьайижинчу цунна х1умма а цахиллера.
Массарна а хазахийтира.
Маса дакъа ду дийцаран? Муха билгал даьккхина х1ора дакъа?
— Д1адеша хьалхара дакъа. Схьадийца.
-Д1адеша шолг1а дакъа. Схьадийца.
-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Схадийца.
-Схьадийца дерриге дийцар шайн дешнашца.
-Стенах лаьцна дуьйцу хьалхарчу декъехь?
Х1ун ц1е туьллур яра цу декъана?(1. Ши йо1 хьуьнах кхораш баха яхар)
-Шолг1ачу декъехь?(2.Ц1еххьана ц1ерпоштан гучуяларх)
-пхоьалг1ачу?(4. Ц1ерпоштан чекхъялар)
-Ялхалг1ачу?(5. Массарна а хазахетар)
— Муха яздан деза х1ора дакъа?
3. Орфографически кечам.
Ц1ерпоштнекъан,д1ай- схьай,ц1еххьана, Жъжимахъерг,йоккхахъерг.
-Муха яздо чолхе дешнаш?
— Мукъаза шиъ шалха элп т1аьхьа-хьалха нисделча муха яздан деза? Муьлхачу дешнашкахь язъйо къасторан хьаьрк?
Ши йо1 хьуьнах кхораш баха яхара.Тускар дуьззина кхораш а баьхна, ц1ехьа йирзира и шиъ.Ц1а йог1уш ц1ерпоштнекъал сехьаяла дезара церан. Д1ай-схьай хьаьжча, гуш ц1ерпошт яцара. Цундела парг1ат сехьаяла юьйлира и шиъ.
Машинистан таро яцара ц1ерпошт сацо. Цундела чекхъелира ц1ерпошт.
Ц1ерпошт сецча, берриге а нах ц1ерпоштана к1елъяханчу йо1ана х1ун хилла хьовса охьабиссира.
Рельсашна юккъехь 1уьллура йо1. Ц1еххьана, корта хьала а айбина, хьалаиккхира иза. Рельсашна юккъе охьайижинчу цунна х1умма а цахиллера.
Массарна а хазахийтира.
Ши йо1 хьуьнах кхораш баха яхара.Тускар дуьззина кхораш а баьхна, ц1ехьа йирзира и шиъ.Ц1а йог1уш ц1ерпоштнекъал сехьаяла дезара церан. Д1ай-схьай хьаьжча, гуш ц1ерпошт яцара. Цундела парг1ат сехьаяла юьйлира и шиъ.
Машинистан таро яцара ц1ерпошт сацо. Цундела чекхъелира ц1ерпошт.
Ц1ерпошт сецча, берриге а нах ц1ерпоштана к1елъяханчу йо1ана х1ун хилла хьовса охьабиссира.
Рельсашна юккъехь 1уьллура йо1. Ц1еххьана, корта хьала а айбина, хьалаиккхира иза. Рельсашна юккъе охьайижинчу цунна х1умма а цахиллера.
Административные контрольные работы (диктанты) по чеченскому языку.(5-11 классы)
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан I -чу четвертан
талламан белхан текст.
Мичхьара болало Даймохк.
Зударий кех бовллалц кет1ахь сецна,т1аьххьара б1аьрг туьйхира М1аьчига керта. T 1ера хьахарш охьа а эгна,юккъера з1араш гуча а дийлина,т1е латта тесна тхов болу цуьнан жима ц1а г1ийла хьоьжура цуьнга.цуьнан хьажар бешахула кхерстира,юкъ-юкъара г1аддийн аг1онашца наггахь марг1алаш а тесна,мацах цкъа салташа къинхетамза дагарш диттина,дакъийна стоьмийн дитташ лаьттара ирахь,якъаелла адамийн чархаш санна.
Кхузахь баьхнера цуьнан дай.Оцу лаьттан коржама т1ехь ваьллера иза ша а дуьнена.Кхузахь баьккхинера цо дуьххьара ког,аьллера дуьххьарлера ши дош –нана,дада.Уггар хьалха кхузара д1аболалора цуьнан Даймохк.(82 дош)
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан I -чу четвертан
5-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Мехала толам
Т1амо йина чевнаш йоьрзуш яра. Беза мохь кочара охьакхоьссина некъахьо санна, хьаланислуш дара адам. Хийцалуш дара дахар. Фабрикан куьйгалхоша бухгалтеран г1оьнча винера Саь1идах. Х1инца кхуьнан болх конторехь бара. Дешарца вуно бацара кхиамаш.
…. Аьхке яра т1ееана. Нийсачу мог1аршаца лаьттачу таьллийн дитташ т1ера сийна г1аш махо лестош дара. Шабар-шибар деш санна, вовшех хьекхалора уьш. Денош хийцалуш лаьттара.
Саь1идан, экзаменаш д1а а елла, суьйренан школан уьссалг1ачу классе ваьллера. Цуьнан дахарехь мехалла толам бара иза…
…Суьрташка хьоьжуш лаьттара Эми. Цеха чохь йолчу г1овг1ано кхунна ца хозуьйтура уллохула д1асалелачу нехан къамелаш. Х1ора суьрте леррина хьоьжура иза. (90 дош)
1.Дадашев
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан
5-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Деха 1а д1а а даьлла, юха схьакхечира ховха б1аьсте. Шен гуш долчу беркатечу куьйгашца латта самадаьккхина, зезагашца къаьрзбина баьццара куз баржийра цо, хьаннашна т1е баьццара духар дуьйхира. 1аламан дозаллех даккхийдечу олхазарша тайп-тайпанчу эшаршца хьаннаш екайора. 1алам денделлера.
Тохарлеррачу аренашкахула жа дажош лелара 1аьрби. Сара санна,вуткъа хьалавоьдуш дег1 даьккхинера цо. Амма жима,к1еззиг хьалахьаьвзина мара,г1айг1не б1аьргаш стохкалерранаш бара.
Кхин а шина шарахь ваца дезара цуьнан Супанина. Дан г1о доцуш, к1елвиснера Хьамид. 1аьрби схьаваккха г1иртира иза, амма баккхийнах а, молла а шена т1евирзийна Супанийца къийса а ца делла, висира.(86 дош).
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан
5-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Набарха а яьлла, чухула б1аьргаш кхарстийра Х1азана. Т1ом баьлчахьана дуьххьара яьллера х1ара иштта т1аьхьа сама. Тахана-м кхуна ур-аттала нана базара йоьдуш а ца хиира. Корах арахьажира йо1. 1уьйре х1инца бодане яра. Нохчичохь т1омбаьлла хьалхарчу шеран 1а дара иза. Хало хьоьгура дуккха а наха мацаллица, щелонца, къаьсттина, т1ера дай белла дисначу байша а, ц1енош дохийна, т1амах бевдда, карахь-куьйгахь доцуш кху юьрта баьхкинчу наха а. Царех бара х1ара Хьамидан доьзал а.
Х1ора денна, хьалххе г1оттий, оцу юьртачу базара йоьдура Х1азанан нана. Цхьацца баккхал зударшкара схьаоций, д1аюхкура.Иштта халла юург латтайора цо.(88 дош).
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан I -чу четвертан
6-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза. (90 дош)
Т1едиллар. Хандешнийн хенаш билгалъяха.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан
6-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Т1едиллар. Йозанца долу терахьдешнаш цифрашца язде.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан
6-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Т1едиллар. Лаамаза билгалдешнаш лаамечаьрга дерзаде. Цхьаъ легаде.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан
6-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Ткъа муха хуур дара аьхке т1екхочуш юйла? Оцу хенахь дукха бу тидамаш. Аьхке юлуш хаа лаахь, календарь т1е хьежа ца оьшу. Иза гойтур ду дитташа, дийнаташа.
Нагахь хьаьрмако, эльхьамчо заза дьаккхинехь, аьхке йоьллачу дийнахь хьала-охьа кортош лестош хуьлу. Гомаш хи чу йижча, 1алама кхоччуш дохдаларан тоьшала ду.
Хазачу эшаршца ч1ег1ардигаш лекхачу стигалахь лелаш хилча а, йоькхана хирг хиларан билгало ю. Йоькхане де хир ду, нагахь сай, бодий къаьстачу хенахь накхар чуьра мозий арадуьйлуш а, чуьркаш зов деш лелаш а, хи чохь ч1ара ловзуш а хилахь. (86 дош)
Т1едиллар. Йозанца долу терахьдешнаш цифрашца язде.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 1-чу четвертан
7-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Ч1ег1ардигаш схьа а даьхкина, уьш шайн баннаш х1усамашкахь д1атарделла хан яра иза. Сулимина ч1ог1а дукха деза и олхазар. Цо церан тидам а, терго а йора.
Цхьана 1уьйранна pa г ly к1елхьарчу бенара ч1ег1ардиг ч1ог1а шега хьоьжуш санна хийтира Сулимина. Цуьнгга хьоьжуш а лаьттина, ишколе д1авахара иза. Амма ишколехь ч1ег1ардигна сагатдеш, цхьа дагахьбаллам хилла хай яьккхира цо. Урокаш чекх ма-евллинехь, хье ца луш ц1а а веана, бене хьалахьаьжира иза. Ч1ег1ардиг тохара xlapa ишколе воьдуш ма-хиллара 1аш дара. Хьежар хьалхалерачул а г1ийла хийтира кхунна.
126 дош. З.Сулейманова
Т1едиллар: 1-чуй, 6-чуй предложенешкахь хандешан саттамаш билгалбаха
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан
7-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Мазлаг1а лаьттачу уьйт1ара охьаваьлча, тог1и чохь чехка дог1уш хи а долуш, юькъачу хьуьнан хазчу меттехь дара шира ц1енош. Цигахь дехаш дара б1ера ваьлла воккхастаг 1имран а, цуьнан х1усамнана Себила а. 1имран хьуьнхо вара. Шен шерашка ца хьоьжуш, цо х1инца а болх бора: мангал а хьокхура, дечиг а доккхура, накхарш а леладора.
Аьхка ишколера ц1а хецча а, вуьшта мукъадевллачу деношкахь а юьртара бераш а дог1ура и волчу. Цаьрца хуьлура хьуьнхочун берийн бераш а. Эх1, ма сакъералора- кх церан орцахь! Мел дукха дара цигахь тайи-тайпана олхазарш! Воккхачу стаганна гуш цахиларх, декарх а девзара уьш. Цунна хаьара церан амалш, дахар, бен муха, мичахь, стенах бо, х1ун юу, хьуьнхахь 1а доккхурш муълхарш ду. 1имрана царех лаьцна вуно говза дуьйцура берашна. Кегийчарна ч1ог1а тамашийна хетара и дерриге а.
124 дош. Д.Кагерманов
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 1-чу четвертан
8-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Цхьана дийнахь дечке вахана и миска стаг. Наха лоьху зу т1ееана цунна. Адамийн маттахь йистхилла иза:
Мел лехарх нахана зу ца карийна. Ткьа воккхачу стеган керта ирс а, беркат а деана. (128 дош)
Я. Акаева («СтелаӀад», 2004 ш., №2)
Т1едиллар: 3-чу абзацера предложенеш (ерриге 3) синтаксически юьззина къастае.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан
8-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Хьал долуш ду вайн махкахь 1алам. Гурахь а, 1ай а хьуьнхахь д1ахедаш бац акха стоьмаш: элхьамчаш, 1ежаш, кхораш, хьаьрмакаш, хьаьмцаш, коканаш. 1аьнан хьалхара шелонаш хьакхаелча, гуттар а чам толо церан.
Хала ду адамна и ерриге а хазнаш схьагулъян. Схьахетарехь, иза дика а ду. Х1унда аьлча, олхазаршна а, акхарошна а ма оьшу царах цхьадолу дакъа 1аьнан а, б1аьстенан а муьрехь, шайн кхача бина, пайдаэца.
Къаьсттина хьийкъина хуьлу муьргаш. Х1инца яа ч1ог1а пайдехьа ю уьш, цундела хьуьнан олхазарш го церан дитташ т1ехь. Февраль баттахь а, б1аьстенан юьххьехь а дарбане бецаш а, орамаш а карор ду хьуьнхьахь, лаха а хууш лехча, царна юкъахь: ч1имаш, боьш, муьжг, иштта кхийолу ораматаш а.
Х1ор синтаран, диттан, бецан хелиган ша тайпа дахар ду, дикка ойла йича, вайн дахаран г1аролехь лаьтташ. Уьш ца хилча вайн дахар деса хир дара. Исбаьхьа, дарбане, комаьрша бу вайн Даймохк. И беза а, лара а, ларбан а вайн декхар ду! (135 дош)
I. Сапарбиева («СтелаӀад», №2,2003 ш.)
2) 2-чу предложенера цхьанатайпанара меженаш карае, бух сиз хьакха.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан 8-чу классашкахь
нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Со тхайн да 1ийначу юьрта яханера. Цигахь ч1ог1а хаза дара. Машенийн я лелхачу герзийн г1овг1а йоцуш, тайна дара юьртахь. Иштта тийналла суна цкъа а гина яцара.
Со инзаре цецъяьккхинера гинчу суьрто. Ирхдахана лекха дитташ. Дехьо юькъа хьун. Хьалахьаьжча, чаккхе йоцуш санна, лекха лаьмнаш. Цу т1улгаш юккьера, кхехкаш санна, схьадолу шийла шовда. Хьежарх к1орда ца йора цуьнан сийналла. Чуяьлча а, даржа а ца даьржара шовда. Т1улгаш а, шен басах д1аэдина, ц1андинера цо. И хазалла дешнашца йийцалур яц.
Бердийн басошкахь уьдуш лелара 1ахарий. Царех самукъадаьлла, ехха хьоьжуш 1ийра со. Уьш ч1ог1а хаза ловзура, вовшашна т1аьхьа уьдуш, кортош а бетташ. Суна иштта хаза меттиг цкъа а ца гинера. Бакъду, буьйсанна дукха 1аьржа хуьлура. Лаьмнаш а, хьаннаш а ца гора. Дийнахь сайн самукъадаьккхина 1алам дайча санна хеталора суна.
(125 дош). 3. Балтукаева («Стела1ад», №3, 2006 ш.)
Т1едилларш: т1ера схьаязъе цкъа хьалха юкъара- юьхьан, т1аккха – ц1еран предложенеш. Т1аьххьара предложени синтаксически юьззина къастае.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан
8-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Бохь бохийна, цхьа г1ийла лаьтта Хаза-Кхаьллахь (Ч1аьнтахь) Жог1утан ворх1 к1ентан б1ов. Хетало, шен когашкахь 1уьллучу т1улге цо сатуьйсуш санна.
«Жима хилла. » Тасало со т1улгах. Т1улг меттах а ца хьов.
Т1аккха цара цу т1улгаца ерзийна, бохуш, дуьйцу и б1ов. Иштта шех лаьцна дийца йиш йолуш ю вайн х1ора б1ов а, х1ора лаьтта т1улг а. Вайн декхар ду церан дола дар, царах лаьцна дерг лардар». (150 дош).
Т1едиллар: Хьалхара предложени синтаксически юьззина къастае.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 1-чу четвертан
10-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Синхааме а, къинхетаме а хила 1амор – иза кхетош-кхиорехь уггаре халаниг ду. Адамалла, дикалла, диканигхила лаар кхоллало г1айг1анашкахь, сахьийзаршкахь, хазахетаршкахь, сингаттамашкахь. Нагахь бер шен гергарчаьрца, юххерчаьрца, мискачаьрца, цомгашчаьрца, цхьалхачаьрца, 1ехийначаьрца хуьлуш дерг бен ца хеташ, дог ца лозуш кхиахь, цунах тцкъа а хир дац бакъдолу адам.
Адамна уггаре а бог1уш болу цхьаъ бен боцу некъ – иза диканан некъаца вар ду. Адамна шена цхьанна а, доллучу юкъараллина а и некъ пайде а, нийса а, зийна а бу. (159 дош))
Т1едиллар: 9-чу предложенина синтаксически таллам бе.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан
10-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Хьажмурд шен шийтта шо кхочучу хенахь дег1ана эг1аза, амма вуно т1ахъаьлла а, хьуьнар долуш а к1ант вара. Жима велахь а, чохь а, кертахь а, ишколехь а дечу г1уллакхана т1ера вара иза. Шен нене а, дег1ан ницкъе а хьаьжжина, т1едиллина г1уллакх, мало а ца еш, дика кхочушдора цо. Цуьнга балун болчу балха т1ера юхаийзош, кхоа ца вора иза дас, х1унда аьлча цунна хаьарат жим-жима вулуш балхах волар, болх бар пайдехь дуйла а, цо могашалла ч1аг1йойла а, дег1ера ницкъ алсамбоккхийла а.
Ишколехь къинхьегаман урокаш доккхачу хьуьнарца, кхиамца кхочушйора Хьажмурда. Ишколан куьйгалхошаи Сийлаллин грамота а луш, къастош билгалвьккхира иза. К1ант дика кхиорна, баркалла элира цуьнан дена а, нанна а. Нахана юккъехь к1ант хасторна, шайна баркалла аларна, юьхьк1айчу х1оьттинера Шахьби а, Маликат а.
Урокашкахь дика ладуг1уш а, кхета г1ерташ а хиларе терра, дешар дика хаьара Хьаьжмурдана. Девне, ч1иркъе воцуш а, шайца уьйр йолуш а хиларна, берашна дукхавезара иза. Даимна цуьнан векхавелла хиларо а гойтура, даг т1ехь мекха йоцуш, догц1ена иза хилар.(158 дош)
Т1едиллар: 5-чу предложенина синтаксически таллам бе.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан
10-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Х1ара дерриге а дуьне ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бош а мел кхоьллинчу: адамах а, 1аламах а. Дала дог1а а доуьйтий, лаьттах хьаладовлу дитташ, бецаш,коьллаш, ялта, стоьмаш. Юха малхе йовхо, серло йолуьйтуш, уьш хьалакхуьуйту. Дала, къинхетам беш, адамна делла б1аьрса а, лерса а, баккха ког а, кховдо куьг а, ойлаян хьекъал а. Иштта цо вайна делла ялтийн х1у а, хьайбанаш а, стоьмаш а…. дагардина ца валлал даккхий ду Дала вайна дина диканаш, бийцина ца валлал боккха бу Дала вайх бина къинхетам.
Вовшашца а, гонахарчу 1аламца а къинхета хилар а т1едиллина вайна Дала. Х1ун ду иза « къинхетаме хилар?». И дера ду хьуна хьайл г1ийланиг гар а, ахь цунна оьшуш долу г1о дар а. Г1о дар, дашца хилла ца 1аш, дечу г1уллакхца, хьайн долчу х1уманца хила деза. Къинхетам гучуболу хьан комаьршаллица, хьайн долчух кхечуьнца дакъа дан хьо кийча хиларца.
Нохчийн кица ду: « Д1аделларг – карийна,д1адиллинарг – дайна». Х1ун маь1на ду цуьнан? Ахь нахана г1о дича, хьайн дерг луш, цкъа делахь, хьайн дика г1уллакхаш алсамдоху ахь. (160 дош)
Т1едиллар:Цхьанатайпанара меженашна к1ел сиз хьакха.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан
10-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш цхьа г1иллакх ду нохчийн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош. Цигара схьадаьлла ду « Хьайн багах схьадалазчу дешан эла ву хьо, багах схьдаьллачу дашах жоьпалла ву» бохург ду иза.
Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр. Ткъа и мотт харц а, шалхонца а лебар, адамна бала хин болу кепара бийцар даккхийчу къинойх, зуламечу лазарех ду.
Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна 1ама веза, баккхийчаьрга ла а дуг1уш, цаьргара масал а оьцуш. Хала делахь а, иза дахарехь ца хилча йиш йоцу уггаре а коьртаниг ду. Оьзда мотт адамийн юкъаметтиган дакъа хилла ца 1а, иза вайх х1ораннан сица, кхетамца хила дог1у жовх1ар ду. Цо г1о до оьзда боцчу нехан лаамна к1ел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь ц1ена чекхвала а. (140 дош)
Т1едиллар: Чолхе предложенеш билгалъяха к1ел сиз хьакхарца.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 1-чу четвертан
11-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Дуда цунна гуш вацара. Делахь а, х1ара волчу аг1орхьара бай хьоькхучу мохан х1онах кхийтира цунна адаман хьожа. Иштта ларлора ча таллархочух.
Т1едиллар: 9-чу предложенина синтаксически таллам бе.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 2-чу четвертан
11-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Дуьне дохделира, хьунхахь г1а дала, зазадаккха доладелира. Органан тог1ешца дукха ду элхьамцаш, хьаьрса хьечаш, хьуьнан 1ежаш, кхораш. 1уьйранна хьо хьаьжча, басешкахь, бердашкахь цара даьккхинчун зазано, ло диллича санна, к1аййинера хьун. Зазанна т1ехула хьийзачу накхармозийн зевне ладоьг1ча, пондар лоькхуш санна хеталора. Мозаша дургал кхоьхьура накхаршна чу.
Иштта ловзар хуьлу олхазарийн, к1орнеш яххалц. Буьйса а ца юьту цара тийна. Сахиллалц шен хезачу эшаршца иза новкъа йоккху зарзаро.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 3-чу четвертан
11-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Ж1аьлешка луьйчу Ахьмадан аз а хезаш, ша висна Ибрах1им ойланаш еш вара. Иштта ша висча, ойланашца шен кийра хьоьжура воккха стаг. Дуккха а хан ю Ибрах1им же лела. Хийла арахь буьйса яьккхина цо кхузахь.
Дарцо охьа ветташ, вухавоьдучу цунна берзалойх тасаделла доллуш шен ц1агара к1айн ж1аьла а, чучча а г1оьртина, басахь дохкуш уьстаг1ий а гира. Дукха чевнаш хилла ц1агара ж1аьла ц1ела кирчича санна дара. Б1арзвеллачу Ахьмада воьддушехь схьаяьккхина шена т1ера кетар кхоьссира берзалошна юккъе. Царах схьайирзинчу цхьаммо Ахьмадана ирча къажийна цергаш гайтира, уьстаг1ашна т1ег1ерташ яра арданг.
Катоьхна шен карайог1у яраш а лахьийна, цу ц1евнах сирник 1оьттира Ахьмада, т1уьначу ярех ц1е ца летира: т1аккха, шена т1ера схьаяьккхинчу г1овталх сихха ят1ийна ши дакъа а дина, шина а кийсках сирник 1оьттира цо. Бекъа бамба, цхьа ира-муьста хьожа а йолуш, бага болабелча и ши кийсак, цхьацца буйна а йоьллина, лестош, берзалошна чуг1оьртира Ахьмад.
Шена хьалха и тохара санна кхераме къажийна берзан к1омсарш гина йовлаллий, т1екхеттачу барзо некхе ка тоьхна, т1ек1ел эккхийтира Ахьмад. Оцу минотехь, шена юххехь шозза топ йолуш хезира цунна. Берзалой кхераелла д1асаевдира.
Нохчийн меттан ишколан директор
МЦ куьйгалхо Р.Х.Ахъядова А.
___________Т.И.Абуева « »________2018 шо.
Грозни—г1аларчу № 56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан 4-чу четвертан
11-чу классашкахь нохчийн меттан административни
талламан белхан текст.
Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шеен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.
Видео
#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский языкСкачать
Школьник из ЧР разработал приложение для изучения чеченского языкаСкачать
#3 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Как пожелать удачи, поблагодарить и поздравить на чеченском языкеСкачать
Чеченский за пару минут. Урок 35Скачать
Интересные забытые слова из чеченского языкаСкачать
Чеченский язык с нуля. Онлайн уроки. Урок 1Скачать