Урок чеченской литературы 10 класс 1. Гайсултанов «Александр Чеченский»
Нохчийн литературан йиллина урок
Урокан тема: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.
1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.
18-19 б1ешарахь паччахьан эскарша нохчийн ярташ ягочу хенахь, 1ожалла ца хиларна. Дийна дисира масех нохчийн бер. Цара Россиин исторехь йовр йоцу лар йитина. Нохчийн доьзалшкахь ца кхиина уьш.Вайн г1иллакх- оьздангалла йовза аьтто ца хила церан. Амма кхиъначул т1аьхьа самаяьлла хила церан синоьздангаллин мехалла. Цхьа жоьпаллин киртиг т1ех1оьттича нохчашна юккъехь 1ийначу нохчаша санна къастош хила цара шайн т1ех1оьттинарг. Иштта болчарехь йоккхае со, церан нохчаллех даггара дозалла до ас.
Кутузов ( иза кресло-г1анта т1е хууш)
Давыдов: – Хьан сийлалла, бехк ца биллар доьху оха, х1окху бедарца хьайна хьалха х1иттарна
Давыдов:- Оха ца г1овтийна адамаш, мостаг1чуьнга болчу цабезамо г1овтийна уьш.
Хьан кхайкхамна берриш ахархой г1еттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостаг1чуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бекх ца биллар доьху, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.
Кутузов: – х1умма дай! Х1умма дац! Омра кхачаре хоьжуш 1ен хан ма яц вайна. Даймохк к1елхьарбаккха беза х1ораммо.
Кутузов :–Чеченскига – Чергазийн мотт хаьий хьуна?
Кутузов – суна хазарца, хьуна ц1е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх? Со воккхаве Николай Николаевичах, т1еэцна к1ант цуьнан иштта хиларх.!
Хьехархо : Вайн хьалха исбаьхьа х1оттийначу суьрта т1ехь берш бевзарий шуна? Муьлхачу произведенера бара и турпалхой.
Дешархо: 1умар Гайсултановн « Александр Чеченский» повестан турпалхой бу уьш. Фельдмаршал Кутузов, Денис Давыдов, Александр Чеченский.
Хьехархо : Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна.Ткъа урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна.
Дешархо: вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, урокан ц1е Александр Чеченскийн васт хир ду аьлла хета суна.
Дешархо: Аса юьйцур Ахьмад Сулеймановн стихотворении « Къонахчун дош»
Хьехархо: дела реза хуьлда. Дика кечам бина ахь.
Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш
— Даймохк безаш воцург къонах вац
-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.
— Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана
-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.
-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.
-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.
-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац
Мила ву «Александр Чеченский» повестан автор.? Х1ун хиламаш бу цу т1ехь буьйцуш?
— х1инца аша шайн тобанан ц1е тилла еза ( къонах, яхь, дахар,маршо) Х1ора тобанна луш т1едиллар ду ( бека мукъам) 1.* Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар
*А. Чеченскин жималлех лаьцна дийцар
*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна
*А.Чеченскин шен Даймехка цахиллачу уьйрах лаьцна
(И кхочушдан 3 минот хан ю )
Хьехархо :.Ойлаяй алийша муьлхачу синмехаллаша г1о дина 1алин?(ЯХЬ, къонахалла,оьздангалла,г1иллакх, майралла, доьналла,хьекъал)
2.Синквейн ялае шайн тобанна тиллинчу ц1арна (бека мукъам)
Хьосту, 1ехаво, чиэхаво
Дахар – сатийсаман денош
Вазво, сий айадо,лакхавоккху
Къонах- сийлахь ц1е
Хазво, толаво, эшаво
Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант
Сий-къонахчун аг1о ю.
Х1ора тобанна луш шолг1а т1едиллар ду ( мукъам бека) * Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар
*А.Чеченскин жималлех лаьцна дийцар
*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна
*А.Чеченскин шен Даймехкаца хиллачу уьйрах лаьцна
И кхочушдан 3 минот хан ю
5. Повестехь шайна хазахеттачу меттигах лаьцна дуьйцур дарий аш?. Хьехархо: цхьана философа аьлла « Адамегара дерриг схьадаккхалур ду,цхьаъ доцург-маршоне болу лаам. Иштта дан а ду иза. Цуьнан масалла ду Александр Чеченскин дахар. И маршо шен цхьанна езна ца 1аш, шен гонах болчарна а еза цунна. И бахьана долуш шен крепостой парг1атбаха лаьа цунна, амма 1едалан гергахь и нийса хир доцийла хаьа, шен далучу аг1ор къехошна г1о до цо.
Слайд гайтар (иэс Александр чеченский)
Тем боцуш, майра, каде, доьналла долуш,
массара а билгалйохуш ю.
Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр а ю шатайпана к1орггера маь1на долуш.
Брокгаузан а, Ефропан а энциклопедический словарь.
1.Жимачалу дег1ахь, т1едаьлла меран дукъ, малхо-мохо ягийна юьхь,хьалахьаьвзина 1аьржа кегий мекхаш, 1аьржа б1аьрг- ц1оцкъам., майра хьажар, алунах къега б1аьргаш.
3.Майра, т1ахъаьлла хиларна, х1уманна б1окъажор боцуш хиларо везало 1али Николай Раевскийна. Цо цунна Александр олий ц1е туьллу, иза дуьненна вевзаш волу Александр Македонский санна г1араваьлла т1емало хиларе додохуш. Лаккхара йоза-дешар а, т1еман говзалла а караерзийра Александра. Николай Раевскийца Г1изларехь д1адолийра б1аьхойн г1уллакх. Ца дезаделира шен Даймахкахь т1ом бар. Кхечу эскаре ваккхар доьхуш рапорт язйира цо. Дукха хан ялале, йоккхачу шина паччахьан – Россин а, Францин а юкъаметтигаш телхира. Александр Чеченский уггар чолхечу, кхерамечу меттигашкахь хуьлу. Т1амехь т1ех майра хиларна Кутузовс лоруш хилла Александр. Чинехь лакхавоккху иза. Денис Давыдовца партизански отрядехь майра лета иза. Т1еман говзалла хила ца 1аш, ша дипломат вуй хаийтира цо, цхьа топ ца кхуссуш схьалецира масех г1ала а.
ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980)
Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш леррина берашна, кегийрхошна язъечу яздархойх хьалхарниг вара иза. ХХ бIешеран 50–80 шерашкахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь кест-кестта арайовлура яздархочун произведенеш.
Гайсултнов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Шена дукхавезачу кIентан кIантана жимчу Iумарна дуьйцуш хилла цо нохчийн къоман туьйранаш. Денанас дийцинчу туьйранашка чIогIа хазахеташ ладегIна ша, хIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хета шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олура Гайсултанов Iумара.
Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, Грозненски рабфаке деша вахна Гайсултанов Iумар. Дика доьшуш чекхъяьккхина рабфак. Дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелла. ТIаме а вахна Гайсултанов Iумар, 1941–1943 шерашкахь эскарехь хилла иза.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1957 шерашкахь, Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. Даймахка цIа вирзича, кхидIа а дешна: чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделении. 1958 шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран книгаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан болх беш вара.
Гайсултанов Iумар яздан волавелла дIадаханчу бIешеран 40-га шераш юккъе даханчу хенахь. Шен дуьххьрлерчу произведениийн рукописаш цо еша луш хилла лингвист, литературовед волчу Мальсагов Дошлукога. ХIетахь Киргизски университетан оьрсийн меттан кафедрин доцент хилла Мальсагов Дошлуко. Лаккхара говзалла йолу Iилманча Мальсагов Дошлуко, вай цIадирзинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан унивеситетехь профессор вара. Цо гIо дина волалуш волчу яздархочунна литературин болх караберзорехь. Гайсултанов Iумара цунна баркалла аларца хьахайора и хан.
Гайсултанов Iумаран дуьххьарлера книга “Болат-ГIала йожар” араяьлла 1959 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Шен цIарах книга йолу повесть а, дийцарш а ду цу тIехь зорбатоьхна. Шира хенахьлерчу нохчийн дахарера гуллакхаш ду “Болат-ГIала йожар” повестан чулацамехь. Дика тIеийцира книгашъешархоша Гайсултанов Iумаран хьалхара книга. Яздархочун кхиам лерира иза критико а.
Нохчийн халкъан барта кхоллараллин буха тIехь язйина хеталуш ю «Болат-ГIала йожар» повесть. Халкъан дукха хьалха хиллачу дахарх долчу барта дийцарех пайдаоьцуш язйина ю иза. Шен повесть тIехь автора гайтина хьалхалерчу заманахь, ширачу хенахь хилла вайнехан дахар, хIетахь адамийн хилла юкъаметтигаш, гIиллакх-амалш, церан Iер-дахарехь Iитталуш хилла гIуллакхаш. Цу тIехь билгалдолу, муха хилла хьалхалерчу заманахь маьршачу адамийн дахар, хIун халонаш лайна цара, муьлш хилла церан доттагIий а, мостагIий а. Яздархочунна оцу хенахьлерчу адамийн гIиллакх-амалш а, дахар а довзарехь гIо дина халкъан барта кхолларалла евзаш хиларо, ширачу дийцарех пайдаэцаро. Повесть йоьшуш вайна го нуьцкъалчу адамийн васташ, паргIатчу дахарехьа къийсам латточу халкъан доьналла, вайна девза тайп-тайпанчу къаьмнех болчу дикачу кIентийн вовшашца долу тешаме доттагIалла, цхьабарт болуш гIевттинчу маьршачу наха шайн мостагIий эшош хиларан хьелаш.
Яздархочо леррина гойту повестан турпалхой, церан гIиллакхаш, духар, лелар: Iаьржачу кхакханан месала куйнаш, логе кхаччалц долу ветанаш дIа а доьхкина йолу цIахь дечу кIадинах тегна гIовталш, пезагаш тIехула кога юьйхина, кIеда ча чу а диллина, наьIаран мачаш, гIовталшна тIехула дихкинчу доьхкарех кхозуш еха шаьлтанаш. Иштта духар а дуьйхина волу воккха ши стаг Нажий, Цицкий кхайкхина луларчу юьрта воьдуш ву. Шайн уггаре кегийчарах цхьацца бер Лечий, Кхокхий а ду цу шиммо шайца дуьгуш. Дуьне хаздеш, Iалам самадоккхуш йогIуш йолчу бIаьстенан дезде тIекхачарна, иза даздеш дакъалаца хьошалгIа кхайкхина воьдуш ву воккха ши стаг. Повесть тIехь къеггина гайтина оцу ширачу заманахь дезде тIедеача, я цхьа вон-дика Iоттаделча, адамаша беш хилла лерамаш.
Талорхоша, тешнабехкаца тIехьашха тIелетта, воккха ши стаг Нажий, Цицкий охьа а тоьхна, куьйгаш дихкина йийсардира. Изза дира Нажин кIантана Лечина а. «Буьрсачу лаьмнашкарчу буьрсачу Болат-ГIала дIадигира талорхоша йийсарш». ГIалин дайша-талорхоша, шайна къар ца велча, Нажий, Цицкий кIоргачу Iин чу кхоьссина, Леча Гуьржех а вигина воьхкина. Юьхьанца гуьржийн цхьана элан жа дажош хилла Леча, цул тIаьхьа реми тIе хIоттийна. Цигахь ялх шо доккхуш, ша санна болчарна юккъехь накъостий а карийна, мелла а дуьне, адам а девзаш, лата а Iемаш, анддаваьлла Леча. Леча а, цуьнан накъост гуьржи Хвичо а, даим бохург санна, цхьаьна гойту повесть тIехь. И шиъ цхьабарт болуш, вовшашна чу садиллина, вовшийн чIогIа терго еш хилар гайтина яздархочо. Цу шиннан ойланаш хьанал ю, Iалашонаш беркате ю. Оцу некъа тIехь чIагIвала, шайн Iалашонаш кхочушъян цу шинна гIо до воккхачу стага Иагос. Иаго шина кIентан терго еш хилл, цо бийцина Лечина даймахка боьду некъ, хьехар а дина, вада аьтто а баьккхина, ваккха ма-веззара новкъа ваьккхира Иагос ши кIант. Лечин а, Хвичон а хьуьнарш кхиарехь, цу шиннийн гIиллакх-оьздангалла кхиарехь мехала хилла, ши кIант эла волчохь волуш, Иагос церан бина тергам.
Лечас чIагIо йинера Болат-Галарчу талорхошца тIом латто. Кхуьнан юьртахоша а сацам бинера: «дийнахь а, буса а саццаза, бохийна дIабаххалц, Болат-ГIаларчаьрца тIом латто, церан бен, лаьттина меттиг ца юьтуш, бохийна дIабаккха». Болат-ГIалара талорхой тIаьхьа-тIаьхьа нахана даккхий зенаш деш чIогIа зуламе бевллера, уьш боха а бина, церан гIала йожийча бен адамаш паргIат дехар дацара. Лечас а, цуьнан накъосташа а воккхачу стеган Чалин куьйгаллица говза а, майра а тIелатарца паргIат бехира йийсарехь латтийнарш, эшийра талорхой, йожийра церан туш хилла лаьттина Болат-ГIала.
ЦIеначу маттаца, исбаьхьаллин сурт хIоттош, язйина ю повесть. Талорхоша йийсар а дина, «хьалхаваьлла куьйгаш дихкина воккха ши стаг а, юххе хIоьттина йоьлхуш йогIуш Кхокха а йолуш», и турпалхой дIабигар гайтинчул тIаьхьа, автора боху: «Новкъахь Кхокхас даьхна зезагаш охьакхиссинчохь дисира, маргIал а делла». Зезагаш адамийн дахарехь а, Iаламехь а сирланиг, хазаниг, исбаьхьниг шайца дозаделла хуьлуш ду, цара бIаьрг белабо, самукъане во. Ткъа зулам дикачунна дуьхьал ду, цо диканиг, сирланиг дохадо, хIаллакдо. Кхузахь маргIалделла зезагаш ша-тайпа метафора ю, цо кхин а чIагIдеш санна хетало талорхоша дина долу зулам. Иштта меттигаш алссам а ю повесть тIехь.
Шайн маьIна ду повесть тIехь Iаламан суртий а. Йоккхачу исбаьхьаллица кхоьллина долу и буьрса Iаламан сурташ а хьалхалерчу хенахь хиллачу адамийн буьрсачу дахарца цхьаьнадогIуш ду.
Маьршачу халкъо Iазап ца лов, цо шена паргIато йоккху, цо эшабо муьлхха а мостагIий. Халчу хенахь халкъана хьалха бовлу дика кIентий, цара халкъ вовшахтуху паргIатонехьа болчу къийсамна, толаме кхачадо. Иштта ду «Болат-ГIала йожар» повестан коьрта маьIна.
1960 шарахь араяьлла яздархочун шолгIа книга “Кавказан лаьмнашкахь”. Дийцарш дара цу тIехь зорбатоьхна. Кхин ши шо даьлча зорбатоьхна “Сема лергаш” цIе йолу дийцарийн книга. Царна тIаьххье араевлла керла книгаш “Къийсаман новкъахь” (1963), “Керлачу дахаре”(1964), “Тешаме доттагI” (1965). Оцу произведенийн коьрта тема берийн, кегийрхойн дахар дара, церан уьйраш, лехамаш бу авторан тидамехь. Шен турпалхойн ойланаш, гIиллакхаш, гуллакхаш говза гайтина яздархочо, берийн психологица догIуш ду цо кхоьллина исбаьхьаллин васташ, сурташ. Гайсултанов Iумара и книгаш берашна, кегийрхошна лерина ю. Иза нохчийн литературехь керла дара. Яздархочо шен ерриге кхолларалла берашна лерина хилар къоман литературехь даьржина дацара, оцу гIуллакхехь Гайсултанов Iумар хьалхарниг ву.
Москвахь «Детская литература» издательствехь 1965 шарахь арахоьцу оьрсийн матте а яьккхина «Iаьрби» це йолу повесть. Украинийн маттахь а араяьлла «Iаьрби» повесть. Цул таьхьа, Соьлжа-ГIалахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь зорбатоьхна «Массарна а боьлийла малх» повесть а. Нальчикехь 1969 шарахь берийн литературин хьокъехь хиллачу совещанехь Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу шерашкахь берашна арахецначу произведенешна юкъахь тоьллачех лерина Гайсултанов Iумаран «Массарна а боьлийла малх». Молдаванийн маттахь а арахецна и повесть.
Масех басня а ю Гайсултанов Iумаран кхоллараллехь. Царах ю «Барзо амал ца хуьйцу», «Кхо стуй, борззий» цIерш йолу баснеш. Дукха хьолахь баснешкахь, уьш дIайолалуш я чекхйолуш даладой авторера дешнаш хуьлу. Оцу дешнашкахь къеггина билгалдолу баснин коьрта маьIна. Амма и коьрта маьIна шайца гучудолу авторан дешнаш доцуш а хуьлу баснеш. Ишттачарах ю «Кхо стуй, борзий» басня. Оцу тайпанчу баснин маьIна а, цо луш болу кхетам а цуьнан чулацамца билгалболу. Борз басни тIехь мекарло йолуш гайтина, цо шен ямартан Iалашо мекарлонца кхочушйо. Барт болуш цхьаьна болчу кхаа старна дуьхьал ца ялало борз, цундела барт бохийна цхьацца а дохий, хIаллакдо цо стерчий. Вовшашна юкъара барт боьхча, хIаллакхилира кхоь а сту. Юьхьанца кхаа стеран цхьабарт болчу хенахь царна цуьрриг а кхераме яцара борз. Гуттара уьш бертахь хиллехьара, вовшийн лардеш, Iалашдеш, берзан эладитане ла а ца доьгIуш леллехьара хIаллакьхир дацара. Авторан шегара жамI дар доцуш, баснин текстехь гучудолу маьIна.
Нохчийн Республикин тайнигин театрехь еххачу хенахь кхиамца х1иттийна яздархочун пьесаш «Турпал», «Лечарчий», «Дашо бIар», «Хьуьнхара цIа».
Гайсултанов Iумаран «Малика», «Мила ву хьо?» повесташ яздархочун кхоллараллехь керла агIо яра. “Малика” повестан коьрта турпалхо – нохчийн къона зуда Малика библиотекарь йолчуьра дIа а яьлла, юьртабахаме балха йоьду. Къинхьегамехь, юкъараллин дахарехь дакъалацаран Iалашо ю цуьнан. Шен нийсархошца цхьаьна юьртабахам дебош ю иза. ХIайттараллица вовшахтуху Маликас шен звенон болх, кхечаьрца йоьхье бевлича, толам боккху цуьнан звенон декъашхоша.
Малика къинхьегамехь гайтарца цхьаьна цуьнан синхаамаш, безам, ойла гайтина яздархочо. Маликин оьзда васт цуьнан хьаналчу къинхьегамехь, цуьнан адамашца йолчу дог-ойланца, цо шена хьалха хIиттош йолу Iалашонаш гайтарца, уьш кхочушъярехь цо дечу гIуллакхашца билгалдаьккхина автора.
Повестан персонажех хIора а шен сибат-аматца, кхечарах къаьсташ йолчу амалца, шен меттан башхаллашца вовшех къаьсташ ю.
Шен хенахьлерчу юьртабахаман проблематика ю яздархочо “Малика” повестехь къастийнарг.
«Мила ву хьо?» шина книгех лаьтташ йоккха повесть ю. Кегийчу нехан васташ кхоьллина яздархочо, церан дахаран Iалашонаш, лехамаш гайтина. Замано дахьаш долу керланиг, беркатениг чIагIдеш, новкъарло еш долчуьнца къийсам латтош кхуьуш бу кегийрхой.
1974 шарахь зорбанера араяьлла Гайсултанов Iумара исторехь хиллачийн буха тIехь язйина повесть “Александр Чеченский”. Исторически тема ойу автора шен керлачу произведенехь. Паччахьан Iедало колониальни Iалашонаш кхочушъеш Кавказехь тIом латтийначу хенахь а оьрсийн прогрессивни нехан нохчашца хилла беркате юкъаметтигаш гойту автора шен повестехь. А. С. Пушкина бовхачу безамца вийцинчу Николай Раевскийс тIе а лаьцна, кхиийначу нохчочун Александр Чеченскийн кхоллам гойтуш ю повесть. Нохчийчуьра тIеман алонгара дIавигина кIант Н. Раевскийн доьзалехь кхиъна. Московски университет чекх а яьккхина, лакхара образовани а, культура а йолуш волчу Александр Чеченскийс шен хенан тIеман говзалла караерзийра. Инарла-маойра чине кхечира иза. ТIамехь тIехмайралла, хьуьнарш гайтарна коьртакомандующий М. И. Кутузов а лерам болуш хилла Александр Чеченскийга. Оьрсийн поэт а, тIемало а волчу Денис Давыдовс а дуккха а диканиг яздина шеца партизански отрядехь хиллачу Александр Чеченскийх лаьцна.
Дуккха а исторически хиламаш чулоцуш ю повесть. Уьш авторна эшна шен турпалхочун дахар а, цуьнан амал кхиаран хьелаш а кIорггера довзийтархьама.
БерхIитталгIачу бIешеран шолгIа эхе юкъал тIехъяьллачу хенахь Алдара Ушурма коьртехь а волуш нохчийн а, Къилбаседа Кавказан кхидолу къаьмнаш а паччахьан эскаршна дуьхьал шайн паргIато ларъеш гIовттар гойтуш дIайолало повесть. Говзачу исбаьхьаллин кепехь гайтина произведени тIехь и исторически бакъдерш. Повестан композици чолхе а йоцуш, турпалхойн васташ дика гойтуш а, автора идея къеггина билгалйоккхуш а ю. Кавказера, Россехара я Францера хиламаш буьйцуш а бакъдолчунна тIера ца волу автор. Произведени тIехь ша гойтуш долу гIуллакхаш яздархочо кIорггера теллина хилар хаало книга йоьшуш. Халкъан патриотизм, майралла билгалйолучу сурташца, говза кхоьллинчу исбаьхьаллин васташкахь гайтина 1812–1814 шерашкахьлерчу Даймехкан тIамехь оьрсийн халкъо Наполеонан эскарш эша а дина, Даймохк паргIатбаккхар. Оцу тIамехь къаьсттина билгалдевлла долу Александ Чеченскийн бIаьхочун хьуьнарш хьакъдоллучу исбаьхьаллин басаршца гучудаьхна яздархочо. Амма цо тоам ца бина шен турпалхочун бIаьхаллин хьуьнарш дийцарх, цуьнан васт дуьззина кхоьллина автора. Повестехь вайна гайтина Александр Чеченскийн ойланаш, цуьнан цIена безам, йовха доттагIаллин уьйраш, даймахкана, халкъана иза хьанал хилар. Ша вина меттиг, дай баьхна мохк – Нохчийчоь дагаеъча, цуьнан дог дуткъадалар хаало вайна. И дерриге а яздархочо кхочушдина дагах хьакхалуш долчу исбаьхьаллин васташца, сурташца. Говза язйинчу произведенин билгалонаш ю уьш.
Повестан хиламаш 1816 шарца чекхбовлу, амма эпилогехь автора хаийтина шен турпалхочун кхидIа хиллачу дахарх дерг а.
Нохчийн исторически прозехь дикачарах ю “Александр Чеченский” повесть. Кхоллараллин таронаш яккхий йолуш вара Гайсултанов Iумар. Яздархочун кхолларалла берийн, кегийрхойн литература кхиарехь мехала яра. Цуьнан произведенеш хIинца а школашкахь, вузашкахь Iамош ю.
Гайсултанов Iумар кхелхина 1980 шеран 1-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь.
Гайсултанов Iумаран произведенеш
НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Болат-гIала йожар. Повесть, дийцарш. Грозный, 1959.
Кавказан лаьмнашкахь. Дийцарш. Грозный, 1960.
Сема лергаш. Дийцарш. грозный, 1962.
Къийсаман новкъахь. Повесть. Грозный, 1963.
Керлачу дахаре. Повесть. Грозный, 1964.
Тешаме доттагI. Дийцарш. Грозный, 1965.
Малика. Повесть. Грозный, 1966.
Массарна а боьлийла малх. Повесть. Грозный, 1967.
Болат-ГIала йожар. Повесть// Орга. «Орга» журналан библиотека. 2003. № 4 (5).
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Арби. Повесть. М., 1965.
Пусть солнце смеется всем. Повесть. Грозный, 1968.
Избранное. Александр Чеченский. Повесть. М., 2009.
: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.
Нохчийн литературан йиллина урок
Урокан тема: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.
1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.
18-19 б1ешарахь паччахьан эскарша нохчийн ярташ ягочу хенахь, 1ожалла ца хиларна. Дийна дисира масех нохчийн бер. Цара Россиин исторехь йовр йоцу лар йитина. Нохчийн доьзалшкахь ца кхиина уьш.Вайн г1иллакх- оьздангалла йовза аьтто ца хила церан. Амма кхиъначул т1аьхьа самаяьлла хила церан синоьздангаллин мехалла. Цхьа жоьпаллин киртиг т1ех1оьттича нохчашна юккъехь 1ийначу нохчаша санна къастош хила цара шайн т1ех1оьттинарг. Иштта болчарехь йоккхае со, церан нохчаллех даггара дозалла до ас.
Кутузов ( иза кресло-г1анта т1е хууш)
Давыдов: – Хьан сийлалла, бехк ца биллар доьху оха, х1окху бедарца хьайна хьалха х1иттарна
Давыдов:- Оха ца г1овтийна адамаш, мостаг1чуьнга болчу цабезамо г1овтийна уьш.
Хьан кхайкхамна берриш ахархой г1еттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостаг1чуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бекх ца биллар доьху, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.
Кутузов: – х1умма дай! Х1умма дац! Омра кхачаре хоьжуш 1ен хан ма яц вайна. Даймохк к1елхьарбаккха беза х1ораммо.
Кутузов :–Чеченскига – Чергазийн мотт хаьий хьуна?
Кутузов – суна хазарца, хьуна ц1е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх? Со воккхаве Николай Николаевичах, т1еэцна к1ант цуьнан иштта хиларх.!
Хьехархо : Вайн хьалха исбаьхьа х1оттийначу суьрта т1ехь берш бевзарий шуна? Муьлхачу произведенера бара и турпалхой.
Дешархо: 1умар Гайсултановн « Александр Чеченский» повестан турпалхой бу уьш. Фельдмаршал Кутузов, Денис Давыдов, Александр Чеченский.
Хьехархо : Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна.Ткъа урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна.
Дешархо: вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, урокан ц1е Александр Чеченскийн васт хир ду аьлла хета суна.
Дешархо: Аса юьйцур Ахьмад Сулеймановн стихотворении « Къонахчун дош»
Хьехархо: дела реза хуьлда. Дика кечам бина ахь.
Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш
— Даймохк безаш воцург къонах вац
-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.
— Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана
-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.
-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.
-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.
-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац
Мила ву «Александр Чеченский» повестан автор.? Х1ун хиламаш бу цу т1ехь буьйцуш?
— х1инца аша шайн тобанан ц1е тилла еза ( къонах, яхь, дахар,маршо) Х1ора тобанна луш т1едиллар ду ( бека мукъам) 1.* Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар
*А. Чеченскин жималлех лаьцна дийцар
*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна
*А.Чеченскин шен Даймехка цахиллачу уьйрах лаьцна
(И кхочушдан 3 минот хан ю )
Хьехархо :.Ойлаяй алийша муьлхачу синмехаллаша г1о дина 1алин?(ЯХЬ, къонахалла,оьздангалла,г1иллакх, майралла, доьналла,хьекъал)
2.Синквейн ялае шайн тобанна тиллинчу ц1арна (бека мукъам)
Хьосту, 1ехаво, чиэхаво
Дахар – сатийсаман денош
Вазво, сий айадо,лакхавоккху
Къонах- сийлахь ц1е
Хазво, толаво, эшаво
Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант
Сий-къонахчун аг1о ю.
Х1ора тобанна луш шолг1а т1едиллар ду ( мукъам бека) * Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар
*А.Чеченскин жималлех лаьцна дийцар
*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна
*А.Чеченскин шен Даймехкаца хиллачу уьйрах лаьцна
И кхочушдан 3 минот хан ю
5. Повестехь шайна хазахеттачу меттигах лаьцна дуьйцур дарий аш?. Хьехархо: цхьана философа аьлла « Адамегара дерриг схьадаккхалур ду,цхьаъ доцург-маршоне болу лаам. Иштта дан а ду иза. Цуьнан масалла ду Александр Чеченскин дахар. И маршо шен цхьанна езна ца 1аш, шен гонах болчарна а еза цунна. И бахьана долуш шен крепостой парг1атбаха лаьа цунна, амма 1едалан гергахь и нийса хир доцийла хаьа, шен далучу аг1ор къехошна г1о до цо.
Слайд гайтар (иэс Александр чеченский)
Тем боцуш, майра, каде, доьналла долуш,
массара а билгалйохуш ю.
Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр а ю шатайпана к1орггера маь1на долуш.
Брокгаузан а, Ефропан а энциклопедический словарь.
1.Жимачалу дег1ахь, т1едаьлла меран дукъ, малхо-мохо ягийна юьхь,хьалахьаьвзина 1аьржа кегий мекхаш, 1аьржа б1аьрг- ц1оцкъам., майра хьажар, алунах къега б1аьргаш.
3.Майра, т1ахъаьлла хиларна, х1уманна б1окъажор боцуш хиларо везало 1али Николай Раевскийна. Цо цунна Александр олий ц1е туьллу, иза дуьненна вевзаш волу Александр Македонский санна г1араваьлла т1емало хиларе додохуш. Лаккхара йоза-дешар а, т1еман говзалла а караерзийра Александра. Николай Раевскийца Г1изларехь д1адолийра б1аьхойн г1уллакх. Ца дезаделира шен Даймахкахь т1ом бар. Кхечу эскаре ваккхар доьхуш рапорт язйира цо. Дукха хан ялале, йоккхачу шина паччахьан – Россин а, Францин а юкъаметтигаш телхира. Александр Чеченский уггар чолхечу, кхерамечу меттигашкахь хуьлу. Т1амехь т1ех майра хиларна Кутузовс лоруш хилла Александр. Чинехь лакхавоккху иза. Денис Давыдовца партизански отрядехь майра лета иза. Т1еман говзалла хила ца 1аш, ша дипломат вуй хаийтира цо, цхьа топ ца кхуссуш схьалецира масех г1ала а.
Видео
Чеченский язык с нуля. Онлайн уроки. Урок 4Скачать
#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский языкСкачать
#3 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Как пожелать удачи, поблагодарить и поздравить на чеченском языкеСкачать
Зулай Хамидова. Аудио уроки чеченского языка 1-18 урокиСкачать