Чеченский язык сочинение доттаг1алла + видео обзор

Урокан ц1е: Д.Д.Кагерманов «Доттаг1алла». Дийцаран чулацамехула дайн г1иллакхаш довзар. Оьздачу г1иллакх т1ехь кхолладелла доттаг1алла т1улгал а ч1ог1а хилар.

1алашо: Д.Д. Кагермановн дахаран, кхоллараллин некъ, дийцар «Доттаг1алла» довзийтар; дийцаран чулацаме йиллина ойланах (воккханиг лерар, г1иллакхах ца вохар) кхетор; дийцаран произведенеш нийса а, къастош а еша хаар кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: Д.Д. Кагермановн дахаран, кхоллараллин некъах хаарш хилар; дийцаран чулацамах кхетар, т1еэцар, анализъян хаар; произведенин жанр къасто хаар, коьрта маь1на къастор, коьртачу турпалхойн васт х1оттор.

Регулятивни: дешаран 1алашонаш кхетар, т1еэцар,дагахьлаттор; вовшахтуху (хьехархочун г1оьнца, нийсархошца я ша), планан рог1аллица болх бар.

Коммуникативни: вовшахтуху монологан кепехь аларш; къамелехь дакъа лоцу,ладуг1у.

Х1ума довзаран: х1ума-довзаран г1уллакхаш кхочушдо шайн иэсехь, балхаца, пайдаьцу г1ирсех- анализ, синтез, жам1аш дар.

I . Ц1ера болх таллар.

1. Стохотворени дагахьсхьайийцар.

2.Учебник-хрестомати т1ерачу хаттаршна жоьпаш далар.

3. Хатуев 1-Хь. дахарх лаьцна дийцар.

II .Хаарийн актуализаци. Урокан коьрта 1алашонаш билгалъяхар.

-Муха кхета шу оцу дашах?Лексически маь1на де цуьнан.

Доттаг1,доттаг1ан (г1о) доттаг1алла-орам доттаг1а.

-Караде оцу дашна синонимаш.

Доттаг1алла,хьошалла, накъосталла, вошалла.

-Х1унда язди аша синоним вошалла?(Дика доттаг1 ваша санна тешаме хуьлу).

-Схьаелла учебникан 183-186-г1а аг1о. Муьлханиг хир ю урокан тема?(Кагерманов Д. кхолларалла, дийцар «Доттаг1алла»).

III . Яздархочух лаьцна дош. ( 183-г1а аг1он т1ера материалах пайдаэцар ).

IV. Юьхьанцара чулацам бовзийтар.

1.«Доттаг1лла» дийцар дешар.

2.Дешнаш т1ехь болх бар.

Г1овтал – божарийн т1ехулара духар. Х1инца наггахь баккхийчу нахана а, артисташна а т1ехь ган йиш ю и тайпа бедар.

Т1екаре яр – вовшашка хьал-де хоттуш вистхилар. Вайн къоман ламаст ду и.

V .Юьхьанцара чулацамах кхетар таллар.

1.Дешархоша з1енаца д1адоьшу дийцар.

2.Дийцаран анализ яр.

-Стенах лаьцна ду дийцар? (Адамийн г1иллакх хиларх).

-Муьлш бу дийцаран коьрта турпалхой? (Воккха стаг,Хьамзат, Халид, Новраз).

-Стенга доьлхуш дара бераш? (Бераш кино хьовса доьлхуш дара трамвай т1ехь).

-Мила велира трамвай т1е? (Трамвай т1е велира воккха стаг).

-Мила хиллера и воккха стаг? (Иза кхеран накъостан Хьамидан деда хиллера, цаьрга вог1уш).

-Муха хиира Хьамзатана,Халидана иза? (Воккхачу стагехь тускар дара. Хьамзата,Халида т1елецира и д1акхаччалц д1авига. Къамелехь хиира воккха стаг Хьамидан деда дилар).

-Х1ун т1елацийтира воккхачу стага кхаа к1анте? (К1енташка куьйгаш д1алацийтира вовшийн.Х1инца дуьйна дотт1аг1ий хилар т1едиллира).

-Муха кхийтира Новраз шен ледарлонах? (Шолг1ачу дийнахь бераша бераша юьхь яьккхира Новраза воккхачу стагана меттиг ца баларна. Новраза т1елецира ишттаниг кхин ца далийта).

-Берашка доттаг1алла т1елоцуьйтуш воккхачу стага аьлла дешнаш д1адеша. Муьлханиг ду дийцаран маь1на? (Жима волуш дуьйна г1иллакхе хилар. Г1иллакх долчу стеган сий хилар).

-Мила ву г1иллакхе, ледара?

-Х1унда гайтина автора берийн тайп-тайпана амалш? (Диканиг, вайна довзийта. Вониг д1ататта 1амийта).

-Новразана юьхьк1ам хилирий шен ледарлонах?Х1унда? (Новраз юьхь1аьржа вара накъосташна хьалха, бераша юьхь яьккхира цуьнан).

VI . Ц1ахь бан болх балар.

2.186-г1а аг1он т1ера хаттаршна жоьпаш язде.

3.Д. Кагермановх лаьцна хаамаш кечбар.

VII . Жам1 дар.Рефлекси.

-Стенаг лаьцна дара дийцар?

-Х1ун пайдениг хьийхи цо шуна?

-Аш х1н дийр дара иштта меттиг шайна нисъелча?

Источник

Урок. На тему «Доттаг1алла».

Дийцар. Чеченский язык сочинение доттаг1алла

Чеченский язык сочинение доттаг1алла

Мучураева Раиса Татаевна

литиратурин а хьехархо

МБОУ «Николаевски СОШ»

Тел: 8938 002 83 47 Чеченский язык сочинение доттаг1алла

Доттаг1алла. Чеченский язык сочинение доттаг1алла

«Доттаг1», «Доттаг1алла тасар», «Доттаг1алла». Х1ун маь1на чулоцу техьа х1окху дешнаша? Оцу кхетамна дуьззина, хила ма- деззара, маь1на даста хуур дарий Шуна? Халкъан хьекъало боху: «Доттаг1 верг- ваьлла, эзар сту берг-вайна», «Доттаг1 вонехь вевза», ткъа кхин а масане ду уьш.

Бакъволчу доттаг1чуьнга г1о-накъосталла ахь деха оьшуш дац. Цунна шен хуур ду, хьуна оьшург. Хьан г1алаташ а лоьхур дац цо, мелхо а уьш хьулдан г1ертар ву. Цкъа а вас йийр яц, амма бакъ-харц хьоьга юьхь дуьхьал эр ду. Яц цуьнан хьоьца цхьа а хьаг1, хьан массо а къайленийн дог1а ду и. Дика доттаг1 воцург- г1орасиз ву.

Доттаг1алла – иза адамашна юкъара к1орггера уьйр ю, шена чохь тешам, г1о-накъосталла хилла ца 1аш, чоьхьара гергарло, дог ц1еналла, безам, ларам болу. Цкъа делахь, доттаг1аллин безам болу синмехалла ю и. Шолг1а делахь, доттаг1алла хаьржина тасалуш а дац.

Иштта кхолладелла гергарло ду сан дийцаран турпалхойн а.

Дений, Мохьмаддий дукха жима волуш дуьйна, ши доттаг1 ву, я олуш ма хиллара, аганара ваьлчахьана а. Ткъа гергарло-м цаьршинна хилла а ца 1а, церан дайн-нанойн а ду. Ши к1ант школе а цхьаьна оьху, цхьана классе. Урокаш цхьаьна йо, ловза а ловзу. Хьуьжарехь а даима цхьана ву, ламаз эца а, дан а, цига эха волавалале 1амийнера, шинна а. Цара говза а 1амийра иза. Масала, Денис ламаз бисмиллан хьалхара мог1а болабора, шолг1аниг Мохьмада буьйцура, иштта д1а кхин а. Ч1ог1а духавеза и шиъ вовшашна. Цундела, барт а хуьлу церан. Цхьаъ цомгуш хилахь, важа оцу минотана схьакхочу: книжка йоьшу, туьйранаш дуьйцу, урокаш еш г1о до. Ц1ерачара цхьаъ човхийна, дов динехь, вукхо къинхетамца дог хьосту. Берашна юкъахь дар-дацара даьлча а, вовшашна т1ех1утту. Нийсархой хьоьгуш гергарло ду цу шиннан. Мел доккха ирс ду, хила ма везза доттаг1 нисвелча!

Цхьана дийнахь, Денина дас велспед ийцира, дукха хенара цуьнан лаам кхочуш хилира. Денин ма-еззара сийна, къегина бос а болуш, ц1ийзаш-к1еда охьахоийла, зевне горгали а болуш. Дуьххьара иза хиънарг, кхин мила хир вара, Мохьмад воцург. Цунна ч1ог1а хазахийтира шен доттаг1чун велспед эцна, иштта хазаниг кхуьнан шен цкъа а хилла а яц. Х1унда аьлча, Мохьмадг1еран доьзалехь кхин дуккха а кегий йижарий, вежарий бу кхуьуш, ткъа Дени шен ден, ненан цхьаъ бен вац. Чеченский язык сочинение доттаг1алла

-Мохьмад, хьуна хазахетий сан велспед?- хаьттира Денис доттаг1чуьнга.

— Хахка лаьий хьуна? Х1ан, д1алаца, рогг1ана хехкалур ву вайшиъ, тхан ц1ийнан гонаха. Хьо хьалхара ву, ткъа со цкъачунна, г1анта т1е охьахуур ву.

Мохьмад хазахетарца хьалаиккхина, Денин велспеда т1е кхоссавелла, охьа а хиъна горгали бекийра, д1ахаьхкира. Ц1ийнан гонаха масийттаза хахкавелира.

-Ва, ма дика а ду. Цхьа тамашена, даг т1е гилдигаш дуьйлийца, дукха воккхаверна.

-Сихха валахьара Мохьмад, ма хохкур яра-кх ас иза. Эх1, ма хир ду-кх иза! Ма велспед ю иза! Х1окху куьпарчу берашкахь ю моьтуш а вац со и саннарг. Тахана дика сайна шаръялийтина, кхана дуьйна, шина а урамехула хахка мегар ду. Суна хаьа, массара а хаза ю, бохур ду. Дени шена а ца хууш ойлане ваьллера, цунна дагатуьйсура велспед хаьхкина воьду ша. Массо а: урамера жима а, воккха а арахь бу. Воккхастаг Зайнди а хир ву, гуттар а санна, кет1ахь. Цо эр ду: « Х1ай, х1ай, ваши к1ант ледар-м вац, машен новкъа ма валалахь!» Бераш мохь беттара бу:

-Соьга хохкуьйтур юй ахь?! – Соьга а! – Соьга а.

Амма воккхавер дах ца делира, Ц1еххьана, даьллачу татано дохийра дерриге а!

И муха нисделира, хала ду кхета, амма, цхьабакъ ду, Мохьмад йоллучу чехкаллица д1адийначу диттах кхетта, охьакхийтира. Йохийначу голаш т1ера ц1ийш охьахьаьдира, белшаш лозура. И дерриге а кхин ирча а дацара, д1о дитт уллора йохийна, эрчаяьккхина, еълара а кхетта 1уьллуш Денин ц1ена, керла велспед яцахьара. Цу т1е, къегаш хилла болу гур, х1инца чкъург т1ехула цхьа сингаттаме кхозура. Дукха халачу х1оттарна, дог аракхоссадала санна детталора Мохьмадан.

Чеченский язык сочинение доттаг1алла

Ткъа важа-м, хьаьдда вог1уш вара, Мохьмад хьеваларна цецваьлла.

-Дени, ца хууш нийсделир-кха и. Суна къинт1ера валахь! Волий хьо? Дени, ахь самагатделахь, ас айса цхьаъ дийр ду цунна. Дика дуй?!

Амма Денин б1аьргаш хих буьзнера. Ой, хиъна делира цунна иштта хир дуйла. Шена оццул езаш йолу велспед, хахка а ма ца ларийнера иза.

Мичара вели ца хууш, к1енташна ведда т1евеара лулахо Рамзан. Дукха хан яра, цуьнга кхеран доттаг1алла ца дезаш. Я шен цхьа а доттаг1 ца хиларна, хьаг1 ярий а ца хаьа.

-1алелай! – Цецаллица ц1истдеш, вистхилира Рамзан. – Ас бехира хьоьга, Дени, эрна леладо ахь Мохьмадца доттаг1алла. Цо хьуна х1уьттаренна ма дина иза. Цуьнан ян а ма яц, иштта велспед. Хьайн дега х1ун эр ду ахь? Чеченский язык сочинение доттаг1алла

Мохьмада велхаран къурдаш сецош, багара даьккхи:

— Бакъ дац, ас х1унда дийр дара и х1уьттаренна. Ма тешалахь цунах, Дени. Мохьмадан шен бехк ца хилар д1акхачо лаьара доттаг1чуьнга. Дени г1ийла шен кагъелла велспед лаьттара хьала а гулйина, ц1ехьа вахара. Цунна улло а х1оьттина, Рамзан вахара, ч1ог1а мохь а бетташ:

-Х1аъ, суна сайна, корехула ма гира, чехкаваьлла, ловзаваьлла, хьажа а йина цо велспед диттах тухуш. Иштта ву-кх, хьан доттаг1. Дагахьбаллам, дегабаам, б1аьрхиш, ницкъ ца кхачар – оцу дерригено, хьукъвинера Мохьмад.

К1ант ц1а веъча, нана яра ч1епалгаш доттуш йоллуш. Меллаша цунна т1ехъиккхина, шен жимачу ц1ачу вахара иза. Ч1епалгашна ч1ог1а т1ера волу к1ант, ца соцуш д1авахарна, цхьаъ тосаделла, цунна т1аьххье чу а яхана, хаьттира: «Лозуш х1ума-м яц хьан? Схьавола, х1ума яа хьайна». – Х1ан- х1а, нана, ас Дениг1аьргахь йиъна, аьлла тешийра цо и. Мохьмадана, х1инца ша а висина, ойланаш ян лаьара, Делера г1о деха а. Ма ч1ог1а лаьара цунна, Дени шех теша а тешна, къинт1ера волийла, шаьшшинна гергарло хьалха санна хуьлийла а. И санна дерг, царшинна юккъехь хилла дацара, цкъа а.

— Дада, г1о дехьа, бохам хилла-кх суна. Дас лерина ладуьйг1ира шен воккхах волчу к1анте, т1аккха элира:

-Реза ву, дада! Дела реза хила хьуна!

— Кечло сихха, школе т1аьхьавуьсур ву хьо.

Шен классачу Мохьмад самукъане чоьхьа велира. Дени волчу аг1ор д1ахьаьжча, шега оьг1азе б1аьрг бетташ тидам хилира кхуьнан, х1ара эсала велакъежира.

Урокаш чекхьевлча, т1ома вала санна, чехка ц1а ведира Мохьмад. Хьалхалерачул а хаза, керла, къегаш велспед лаьттара сонехь, дадас вовшахтесна, кийчча. Мел дика дада ву-кх Мохьмадан, даима шен к1антана г1о дан кийча ву иза. Мохьмада шен т1оьрмиг лаьтта а х1оттина, велспедах ка а тоьхна, воккхаверца ирах кхийсалуш, Дениг1аьрга д1атилира. Кевнехь Зулай- деца дуьхьал кхийтира, Денин нана. Цецъяьлла лаьттара иза. К1анта сихха де дика а дина, доцца, амма кхетачу аг1ор д1адийцира дерриге а, бакъду кхетта-м ца хийтира кхунна и.

-Велспед кагйинарг мила ву? Хьо ву? Дени вац? Ма тамаш бу и. Изза ала ларийра Зулай, ц1ена велспед уьйт1а д1а а х1оттийна, ша йохийнарг схьаоьцучу юкъана. Цхьа дика нисделира и, Дени школера ц1а кхачале. Аьтто хили сан! Ткъа х1инца, дадица цхьа тассаме болх бу бан безаш – техника тоян. Дала мукъалахь, шиъ цхьаьна ларор ву, цунах шеко яц. Ойла йича, мел дика доттаг1 ву Дени. Шен нене дийцина а ца хилла. Денис йохийна моьттуш болчу цара, ма дов дина хир ду мискана. Х1умма а дац, Мохьмада и цкъа а дицдийр дац. Эрна къахьегна хуьлу-кх ткъа ямартчу Ризвана, х1орш эг1о г1ерташ. Далла бу хастам! Харцо Дала цкъа а толор яц!

И дерриге коьрте хьаьвзина, ойлане а ваьлла, лаьттачу Мохьмадан тийналла йохийра, чоьхьаваьллачу Денис. Вист ца хуьлуш лаьтта Дени, иштта лаьтташ Мохьмад а ву. Вовшашка хьоьжуш лаьтта и шиъ. Я эша а оьший кхузахь цхьа а дош? Ишта а ду, дерриге а кхеташ. Дукха х1ума ца оьшу адам зен. Ц1ена бакъ ду иза. Деза, Сийлахь гергарло ду – «Доттаг1алла!»

Источник

Сочинение на тему доттаг1алла на чеченском языке

7 вариантов

Йовхарш а йина, цхьана минотехь соцангIа хилира иза.
– Кхин масех де даьлча, шух хIоранна а кхочушдан цхьацца гIуллакх тIедуьллур ду. ТIедиллар, дуьйцийла йоцуш, кхочушдина хила деза, амма ларлуш хилар оьшу. ХIинца хIор революционер а декхарийлахь ву ларлуш а, тидаме а хила. Цуьнан, масала, бакъо яц накъостан адрес дайа, – элира цо цIарула-цIийвеллачу Бенон агIор вела а къежна, – уратталла Iадхьоькхучу пондаран гIутакх чохь дита а мегар дац иза. Ткъа иза-м ас иштта дIабохура, мелла а шуна гайтархьама.
Ша дIавоьдуш, Кургановс накъосташка дийхира:
– Аш хIун дей, кIентий! Кхана кхуза сан йиша йогIур ю шуна. Нагахь со ца хуьлий, иза, со схьаваллац, сацаелаш. Со кхузахь белхалошца саца дезаш ву: меньшевикаш бу чIогIа тIегIерташ. Уьш а бу шайгахьа агитаци еш.
Iай экзаменаш хила ши бутт хан йиснера. Шена хене валлал хIума шина урокаца йоккхура Бенос: цхьа урок яларна баттахь ворхI сом, важа яларна – пхи сом ахча лора цунна. Шинахьара а догIу ахча схьаэцнера цо – и дерриге ахча шайн «юкъараллина» юкъа охьадилла дIадаьхьира цо.
Цхьана ураман маьIIехь ларамаза сецира иза: цунна юххехула чекхъелира цхьа жима зуда, чIогIа Тонех тера а йолуш. Бено ша волччохь, Iадийча санна, сецира, иза гучуьра дIаяллалц цунна тIаьхьара бIаьргаш дIа ца бехира цо, меттах ца валалуш виснера иза. Ша шех эхь хетара цунна: дагалецамаша синтем байинера цуьнан. Блудов Васькин и ирча гIуллакх хиллачул тIаьхьа иза дIавахаран хьокъехь хIун ойла йина хила тарло Тоняс? Иза шех къехкаш ву, цундела хIумма а ца олуш давахна аьлла? ХIун бахьана долуш халахетийтина цо оцу хьомечу йоIана? Шен хьокъехь гIайгIабеш а, тидаме а иза хиларний?
Кханнахьехь иза йолчу ваха а, ма дарра дерриге цуьнга дийца а, дерригенна а баркалла ала а, иза къинтIера йоккхуш бехказавала а, амма Курганов волчуьра дIа ца ваха а сацийра цо.
– ХIан, цхьа а ма вац, – элира цо, меллаша «коммунан» цIеношна чуваьлча, тишчу диван тIехь хиина Iийриг а ца гуш.
Юхахьаьжинчу Бенона диван тIехь йоI гира, дагахь доцуш иза гарна цецваьлла хIара цхьана минотехь лаьттира вист ца хуьлуш.
– Алахьа… хьо… накъост Кургановн йиша-м яц? – хаьттира цо.
КIеззиг йоьхно иза елаелира.
– Бехк ма билла суна, со цхьа кIеззиг ханна цхьанхьа ваха дезаш ву, кестта юхавогIур ву со, – олуш, Бено неIарехьа волавелира. ХIинца а дIадалаза дара цуьнан мелла а вохар.
– Со а еача хIун дара техьа хьоьца, тарлур дуй?
– Ткъа… неIарна хIун дийр ду?
– Соьгахь догIа ду. Хьоьца жимма йола а елла, юха чуйогIур ю со.
Юх-юххе хIоьттина догIуш дара и шиъ, ша вевзаш, иза шега леррина хьоьжуш санна, хетаделира Бенона. Цхьацца дагадеана, ойлане велира иза: цуьнан аз шена хьалха хезча санна, хетара цунна, ткъа бIаьргаш, аренан зезагаш санна, лиэпаш дара, цара а цхьадолу хIуманаш дагаоьхуьйтура цунна.
– Хатта бакъо ло суна… бехк ма билла… – соцангIа а хилла, тIаккха юха а дIадолийра цо. – Хьо Кургановн йиша ю-кх?
– Ю, шича ю, аса-х аьлла хьоьга.
– ХIан-хIа, хила тарлац… Юха а ша волчуьра меттах а ваьлла, дагахь цхьаъ долуш корта ласта а бина, охьаоллийра цо.
– ХIун хила тарлац?
– Юха а изза аз, – олхазаран санна, хаза дека а, даггара схьадолу хьоме хета аз. ХIан-хIа, Бенона девзаш дара и аз!
– Иза дикка хан хьалха дара, – элира Бенос эххар а, – хIетахь дуьйна дикка хан яьлла… – Яьлла, яьлла те, – элира йоIа сихха.
– Со Москве воьдуш волуш… – Дара те хIетахь, – аьлла чехкка чIагIдира цо иза.
– Соьций еара цхьа йоI… – Бено юха а сецира. Ткъа йоI а сецира, къайлах ела а йоьлуш, цо хаьттира:
– Иштта хIунда хьоьжу хьо соьга?
– Сайна цкъа а дицлур доцу йоIаца хилла цхьаьнакхетар дагадеанера суна.
Цуьнан бIаьргаш шуьйрра белабелира.
– Цкъа а дицлур дац хьуна и цхьаьнакхетар? – хаьттира йоIа, юха а ела а къежаш, тIаккха тIетуьйхира цо: – Делахь хIета, дагадогIу-кх хьуна.
– ДагадогIу суна! – Бенос катоьхна цуьнан куьг схьалецира, – изза аз, оццул дагна безаме хеташ, там беш долу. ДагадогIу!
– Эйе! Ма куьг лацар а ду! Лаза до ахьа куьг! – аьлла, мохь белира йоIе.
– Бехк ма билла суна… Делора, даггара воккха ма ве со… Ма дагахь дацара суна хьо кхузахь ган!
– Хийла хIума нисло адаман дахарехь, – олуш, доккха са даьккхира йоIа.
– Хьо дуьххьара еана кхуза?
– ХIанхIа, со хилла кхузахь. ДIаяхнера со, ткъа хIинца юхаеана-кх.
– Цхьанхьа хьехархойн курсашкахь хир ю хьо.
– Яц, лоьрийн… дешар дешна аса… – Баккъаллий?
– Ткъа хIунда бах ахьа?
– Иштта дIа бах-кх, – элира Бенос, Тоня дагаеанчу.
ЙоI, цIеххьана самукъадаьлла елаелира.
– Вайн хIетахь дахкар дагадогIий хьуна? ХIетахь гуттар хьоьга хеттарш дийриг со яра, ткъа хьо вуса а велла, со йолчуьра муха водур вара ца хууш Iаш вара. Тахана-м, хеттарш деш, садаIа а ца юьту ахьа со.
ХIинца со а гIур ю оьгIаз, дIаяда а тарло со. Я хьуна, ахьа хIетахь сайна санна, сельтерски сифон олу хи оьцур ду аса хьуна.
Бено велавелира.
– Ткъа хьуна а догIу-кх дерриге дага?
– Дера догIу. Со хIума дика дагадогIуш ю. Ма дарра аьлча, со йоккхаеш ю вайша юха а гина. Кица ма ду, девнаца цхьаьнакхеттарш шеко йоццуш доттагий хуьлу бохуш. Ткъа вайшиннах вагон тIехь дов даллаза дисира.
Бенос, схьа а лаьцна, цуьнан куьг Iаьвдира, амма хIинца хьожуш, меллаша.
– Хьо Кургановн йиша ю. Делахь хIета – вайша хIинца а доттагIий ду.
– ДоттагIий! Ткъа суна-м хIинца а сайн доттагIан цIе а ма ца хаьа.
– Бено ю сан цIе. Ткъа хьан?
– Ианяй? – Бено велавелира, ткъа тIаккха ойлане велира иза, дагахь, ши цIе а йохуш: «Таня – Тоня, Тоня – Таня – Таня… схьахетарехь сан дахарехь кхин а хила тарло цхьа доккха гIуллакх шен цIе «Т» элпана тIера дIайолалуш: техник, тюрма (набахте), тревога… турпалалла эшар… бохуш дикка хIумнаш даьхкира цуьнан дага.
– Таня, хьо гергара хета суна, цхьа совнаха хIуманаш а доцуш вайша… иштта… эвхьаза хуьлийла лаьа суна. Дика дуй?
– Дика ду, – жоп а луш елаелира иза.
Мел хаза бIаьргаш ду Танин. Цуьнан юьхь-сибатехь го безаме, хьоме серло, лиэпа нур кхин а дуккха а гора царна чохь, Бенона шен цIе яккха ца хууш дерг оцо Бенон дог сихха деттадолуьйтура. Цкъа хIинца Таница цхьаьна санна векхавелла, дог-ойла айаелла, самукъадаьлла хилла вацара иза. «Таня! Кургановн шича-йиша, дуьххьара со генна некъаваьллачу хенахь сан некъахо хилла йолу, хIинца кхузахь суна юххехь!» ЦIеххьана иккхина безам бара иза я бацара? Бенон довхачу дагний, цуьнан беран санначу синий иза хIинца а ца хаьара.
«Суна хIун хилла?» – боху хаттар дора цо ша шега, цец а ваьлла.
Цхьаннен а хьокъехь ойла ца ялора цуьнга, амма, шена гонах берш массо а хIинца ша санна ирс долуш хуьйлийла лаьара цунна. Шен киснахь дIа куьг Iоьттича, карийна пхи сом урокана цунна делла долу, дуьххьал шена тIенисъеллачу сагIадоьхучу зудчунна дIаделира цо, – муха мегар дара и санна долу пайда боцу хIуманаш хIинца тергал дар?! ХIуъа а дан а, муьлхха а кхераме гIуллакх дан а кийча вара иза, башха ша дечун ойла а ца еш. ХIуъ а дан кийча вара иза, хIара ховха хьал шегара дIа ца даьлчхьана, дерриге а гонах дерг башха, ирсе, самукъане хетара цунна.
Иза иштта шен дуьхьа долуш санна!
Кхоьлино йолчу сийначу стигалхула гучуевлира мархаш – бамба санна кIайн гуш йолу. Маьлхан тIаьххьара зIаьнарш гучу а евлла, къайлаевлира. Беной, Таняй, дист ца хуьлуш, цIехьа дирзира. Хабар дийца лууш дацара и шиъ: церан даг чохь иккхина йолу башха йоккха ойла еза яра, мел дикачу хазчу дешнел а!
Ерриге а «Коммуна» гулъелла яра. Цул совнаха, гIаларчу алсамо яккхийчу предприятешкара веана масех стаг белхало а вара.
– Накъостий, – цаьрга къамел дан велира Курганов. – Вайн дийца дезаш мехала гIуллакхаш ду. Нагахь аьчгах мекха кхетча, нагахь иза сихонца дIа ца яьккхича, цо эчиг доу, цо иза мел стомма хиларх цунна дерт до. Вайн белхалойн партехь а цхьаболчарах мекха кхетта, шайх и мекха кхетта долу адамаш вайн могIаршна юкъа эйта цхьацца тобанаш я вайн, олуш ма хиллара, фракцеш вовшахтоха гIерта. Белхан стаг цкъа цхьана, ткъа тIаккха кхечу агIор ийзаво цара, новкъара иза гуттар а тило гIерта уьш.
Суна а хаабелла цара беш болу зуламе болх. Цара сий доу вайн партин, цу тIе кхидолу уггаре а сийдоцу питанаш а леладо цара: «Большевикашна цхьаьнце а цхаьнакхета ца лаьа? Большевикаш пролетариате герзаш даларехьа, диктатурехьа бу? Делахь хIета, уьш герзашца гIаттам барехьа бу-кх? Ткъа хIун деш Iа уьш? ХIунда ца гIуьтту уьш?»
И церан зуламе бекар цхьаболчу белхалошна юкъадаржа а доладелла.
ТIаьххьарчу гуламашкахь белхалоша соьга маьхьарий деттара: вай хIунда ца гIуьтту? Цкъа а чаккхе йоцуш «кечлуш» хIунда ду вай? И маьхьарий детташ берш дика кхеташ боцу, ойла кхехкаш йолу белхалой хила а тарло, ткъа оцу зуламхоша дуьйцучу туьйранех тешна болу питанчаш хила а тарло.
Делахь ваьшка хаттар де вай: тарлой вайн хIинца герзашца гIаттам баран некъа тIе довла? ПхоьалгIачуй, йолхалгIачуй шерашкахь хилларг юха доло?
Курганов чохь болчаьрга дIа-схьахьаьжира.
– ХIан-хIа, ца тарло, – аьлла, чIоггIа жоп делира цо. – Цкъа а ца кхиинчу тайпана белхалойн класс хIокху шерашкахь кхиъаншехь, ца тарло.
Ткъа хIунда ца тарло?
Тужуркин киснара масех брошюра схьаяьккхира Кургановс.
– Накъост Ленина оцу хьокъехь аьллачул дика, кхетош, нийса цхьаммо а эр дац. Кхузахь соьгахь цо тIаьхьарчу хенахь язйина «Революцин урокаш» боху статья а, цул хьалха язйина йолу масех материал а ю. Оцу гIуллакхан хьокъехь дуьххьал дIа дуьйцуш йолу меттигаш йоьшур ю ас шуна.
Оцу брошюркашна тIехь шаьш дуьйцуш долчу гIуллакхах лаьцна йолу алсамо мехала меттигаш чIогIа лерина, дош ша-ша къастош олуш, дIайийшира цо.
– Кхетий шу, накъостий! Питанчаша маг-магийначарна тIе а ца детталуш, ткъа шайн ницкъаш гулбан беза, вовшахкхетар, зIе хилар чIагIдан деза. Революционерийн – майрачу, муьтIахь болчу, сацам боллуш болчу, шайн са а кхоор доцуш болчу нехан – керла отрядаш кечъян еза. Зераш хьалхахьа дуккха а ду. Вайх муьлхха а хIаллакьхила тарло къийсамехь – бакъдолчунна дуьххьала дIа бIаьра хьажа веза.
Кургановс, чуьраваьлла, амма кхетош, хьекъале, сацам боллуш, къамел дора, хIоранна шен-шена тIе бIаьргаш а хIиттош.
– Накъостий, вайн балхо лоьху лерина ларлуш хилар, тидаме а, къайле ларъян хууш а хилар. Диц ма делаш, вайх цхьаммо ледарло ялийтича, иттаннаш кхиберш хIаллакьхила тарлуш хилар. Ца оьшучохь цхьана а тайпана турпалалла гайтар, дезадеттар хила мегар дац! Дуьйцийла йоцуш кхочушбан беза лакхара охьа болу гайтам. ХIума карахь долуш хила веза, амма оьшучохь хьекъале хIума.
Йовхарш а йина, са а даьIна, кхин тIетуьйхира цо:
– Со декхарийлахь ву шуьга дIахаийта: вай тергалдеш ду шуна. Делахь хIета, ларлуш а, доьналла долуш а хила деза.
– Белхалошна тIе жоьпаллин гIуллакх дуьллу: шайн накъостий харцахьарчу новкъа ма бахийталаш, ларбелаш уьш, къамелаш делаш цаьрца.
ХIара кехаташший, брошюрашший дIа а эций, чIогIа ларлуш дIаяржае нахана юккъехь. Шу, мелла а долуш долчух кхеташ а, алсам хууш а, дешна а, шаьш лелориг девзаш а дерш, декхарийлахь ду кхиберш шайна тIаьхьахIитто. Сийлахь-доккха гIуллакх дийр ду аш иза дарца! Мекха йоларца къийсалаш, дIаяккхалаш иза!
Белхалошка хьоьжура Бено: буьрса, чIогIа ойла йолуш болчу цара сапарггIат, шайна хьоме, дезаран гIуллакх санна, тIеийцира шайна тIедиллинарг. Аптекера экаме хIуманаш санна, чIогIа лерина, Iалашдеш и кехаташ схьа а эцна, пачканаш еш, дIа а хьерчадеш, вуно лорий къайладохура цара.
– Ткъа ахь, Бено, хIара конверт кхана дIалур ю, ас хьайна стомара вокзалехь гайтинчу накъосте, хьуна иза каро волу меттиг Карантинни гавань ю. Цхьана куьйгара конверт дIалур ю ахь, ткъа вукхуьнца волавелла воьддушехь цуьнгарниг схьаоьцур ю ахь.
Курганов дукха лерина Бенога дIахьаьжира, жимачу стаге ша тIедиллинарг кхочушдалур дуй техьа бохург талла воллуш санна. Бенос цунна тIера бIаьрг дIа ца баьккхира – сох теша мегар ду хьуна бохуш санна. Пакет схьа а эцна, агIорхьа дIа а ваьлла, Танегахьа хьаьжира иза.
Цецваьлла висира иза: мел тера яра иза хIинца Ульяшевах, дикачу, хьомечу Ульяшевах, цуьнан керахь еллачу «Мариямах». Танин юьхь кхоьлина, ойлане яра. Хьалха белхалошка а хьаьжна, тIаккха къайлаха чолхе болх бар шена тIедиллинчу Кургановга, оцу минотехь боккхачу тидамца ладоьгIуш воллучу Бендле, дIахьаьжира иза – цуьнан бIаьргашна чохь цIеран суйнаш лепара: мел дика ду-кх гонахара адамаш! Уьш – оьзда, шаьш ца кхоош болу революцин турпалхой!
ТIаккха цхьа цIеххьана шовкъе хилла, билггал цхьана хIумане сатуьйсуш санна, цхьаъ дагахь вешега дIахьаьжира иза. Бено кхийтира: йоI ю, тIе йиша а ю аьлла, «къа а хетта», Петра, цхьа хIума тIе а ца дуьллуш, ша йитарна кхоьрура иза. Иза гIалат а велира: цунна тIедиллар деш Курганов вист хуьллушехь, оцу сохьта тохаелла, ерриге екхаелла, ирсе дIахIоьттира иза.
Iуьйранна самаваьлла Бено оцу сохьта хьалаиккхира шен «меттара»:
изий, Таний тахана-х шайна тIедиллинарг кхочушдан декхарийлахь ду.
Иза кхузахь коммунехь волу мел кIезиг хан яьлла, – ткъа хIетте а мел хийцаделла, чулацамах дуьзна цуьнан дахар! Ма-дарра аьлча кхузахь хилла-кх иза а воккха.
«ТIаьхьа ма висахьара! – аьлла, сихвелира иза. – Таняс ма аьллий, ша соьца йогIур ю! Ма дика ду иза! Вовшийн куьйгаш лаьцна, агIонах агIо тоьхна, оьшуш меттиг хилахь вовшашна гIо а деш, вовшийн кIелхьара а доккхуш, дIадахар! Ткъа иза-х ирс ду!»
ЦIеххьана сихха а, чIогIа а деттадала делира цуьнан дог: хIара волчу чуелира Таня. Ирс ша ду-кх цуьнан ойланашна тIегIерташ.
Кхин цхьа сахьт даьлча гаванехь, хIорда йистехь, дара и шиъ. Бенос меллаша гола Iоьттира Танина.
– ВогIуш ву, – лерехь а олуш.
Сийна коч юьйхина, карахь пхьеран гIирсаш болуш, балха воьдуш санна, дуьхьал вогIуш вара цхьа стаг. Танин дог тохаделира, амма цо иза гучу ца даьккхира, – мелхо а ела къежира иза.
Белхалочуьнга дIанисвелча, болар ца талхош, Бенос цуьнга дIаелира шегара конверт, оццу секундехь цуьнгарниг схьа а ийцира цо. И дерриге а хилира бIаьрган негIар тухучу сохьта: вовшийн бевзаш а боцуш санна, дIа-схьабахара хIорш.
Йис йиллина, кIайн лаьттачу Александрийски паркан агIонашкарчу некъех цхьанна тIехь Таняс а дира иза: хан тоьхна волчу пхьерера кехат схьа а оьцуш, шегарниг цуьнга дIаделира цо. Оцо цIоцкъамаш саттийра, ткъа хIара кхийтира – аьрру агIор яхара хIара, ткъа иза аьтто агIор дIавахара.
Шаьшшинна тIедиллинарг кхочуш а дина, къона дитташ долчухьа паркерчу гIанта тIе охьа а хиина, сецира Таний, Беной. Церан бIаьргаш вовшахкхийтира – цхьабосса, кIорггехь дохку сийна бIаьргаш, аьхка екхначу дийнахь хIорд санна, хеталуш долу. Цунна шена а дагахь доцуш вуно ийзалуш Танин куьг схьалецира Бенос. Мел дукха цуьнга хIинца дийца лаьара-кх кхунна, амма, стенна делахь а, мотт ца луьйра кхуьнан, цхьа бIаьргаш бара лепаш, Iаж санна бос болуш, йогуш ши бесне а яра.
– Хьо, схьахетарехь, поэтан санна, айаелла ойла йолуш ву.
– Хаьий хьуна, Таня, дахар бохург… аьлча а… собар дехьа, нагахь хьайна… хьайна уггаре а еза хеташ а, хьан шеца уггаре а деза, кхераме гIуллакх цхьаьнадогIуш а… масала, вайн болх, юкъарчу сийлахь доккхачу ирсан дуьхьа беш йолу йоI шена карийча, шех иза кхетча… Таняс цIоцкъамаш дусийра.
– ХIа! Хьо хIинцале оьгIазъяха йоллу… – Яллане а ца йоллу. Со дика ладугIуш ю.
Бено цхьанхьа-м генна дIа а, ирах а хьаьжира.
– Бакъдац ткъа, иза баккъалла а башха дика хир дацара, цхьаьна хилча… даима а цхьаьна, оцу йоIаца… дахарехь цхьаьна? Оцу хьайн езаш йолчу йоIаца, оцу… – Хьаьнца? Мила юьйцу ахь? – аьлла, хаттар деш цуьнан кIеда-мерза аз хезира цунна. Иза шен даг чу хьаьжча санна, хетаделира Бенона.
Цуьнан сирлачу, ойлане долчу бIаьргашна чохь цунна гира дуьнен чохь мел долуш долу дерриге диканиг, хьомениг, дезаниг, дерриге адамана дала тарлуш долу, хьолах адаман ойла, цуьнан дахар дузуш долу, адамо цхьана дашца шех «ирс» аьлла цIе тиллина дерг.
– Хьо езар, – юха элира цо. – Хьо… Хьо еза-кх суна, Таня… «Ма тамехь йоккху цо сан цIе», – бохург дагахь а долуш, корта а оллийна, цIийелла кхохкийра иза.
Кхунах тешаш Таняс кхуьнан доккхачу куьйга кера диллинчу куьйгах Iаламат там хиллера цунна, иза хьоме, гуттар кIайн хетара цунна. Иза карахь ловзо, иза даима кара а лаьцна, кетаран пхьуьйшахула гоьле кхаччалц цунна тIе куьг хьакха лаьара цунна. «Ткъа муха мегар ду иза, – олий кхералора иза. – Иза-х товш дац? Муха мегар ду ас оцу хьокъехь ойла яр а?»
Хьаьжа юккъе шад хIоттийна, корта а оллийна, шен деган кхехкар лачкъо гIертара иза, амма оцу хьомсарчу, нисделлачу куьйго, магнито эчиг санна, шена тIеийзаво.
Бенон ницкъ ца кхочура ша-шен сацо, охьа а таьIна довха-даьIначу синан Iаь туьйхира цо Танин куьйгана.
– Ахь хIун до? – аьлла, меттахъхьайра Таня, – хIунда?
«Алий ас? – ойла йора цо. – Дера ала, аьр ас».
– Суна, Таня… а хьан куьг ловзо лиънера, амма ца хIоьтти со: и санна долу ховха куьг ловзадар – иза бех… Сайн кийрарчу цIеран Iаь мукъане а тоха ас цунна аьлла, ойла хиллера сан… Жоп луш цхьаъ ала дагахь яра Таня, амма цхьа а дош ца алалуш йисира иза. Халла шен куьг дег тIе лецира цо – иза чIогIа детталуш дара – бIаьргаш хьаббина, корта ластийра цо: «Иза хIунда до? Со хьо саннарг ю. Вайшиъ-х цхьанийсса накъостий ду».
Чуьраваьлла, ойла айаелла цхьаъ-м дуьйцуш вара Бено, амма шен ойланашна чуяханчу Танина ца хезара цо дуьйцург. ТIаьххьара а, цIеххьашха самаяьлча санна, цо дуьйцучух кхета гIерташ ладегIа елира иза: «Иштта хилча дика ма дац, иза-х соьга луьйш вара» – бохура цо ойланца ша-шега.
– ЭхIе, Таня, – элира Бенос вела а воьлуш, – мел дикачу, башхачу некъа тIехь вовшахкхетта-кх вайшиъ! Вайшиммо а еш ерг цхьа ойла ю, цхьаннан хьокъехь, вай ший а тешаш дерг а цхьаъ ду – ойланаш, къинхьегам цхьаъ бу! Вайшинне а лаьа вешан дахар цхьабосса хуьлийла. Таня, со тешаш ву-кх вайшиъ ирс долуш хирг хиларх! Амма иза вайна атта догIур доцийла хаьа суна, иза бакъду. Амма хIетте а, вайшиъ, вай цуьнга кхочур ду, тIамца доккхур ду-кх вай иза, ирс!
– Бакълоь, бакълоь, – олуш, корта ластийра Таняс. – Иза дерриге нийса ду… Со а, хьуна санна, иштта хеташ ю! Со иштта чIогIа йоккхае… Паркерчу гIа доьжна дерзинадевллачу дитташна юккъехула дIа шера гуш йолу стигал а, гуш долу хIордан га а гайтира Бенос цунна бIаьргашца.
– Хьажахьа, – элира цо, – дIо стигале. Бух боцу сийна стигал… Ткъа хIорд… дуккха а хIордаш. Ткъа царна дехьа исбаьхьа башха Iалам долуш латтанаш ду: вайн ду, дерриге дуьненахь а ду… бIаьргашна ца го уьш дукха генахь хиларна… хIара дерриге дуьне мара а лацалур дац я ган таро а хир яц, тIехдоккха хиларна. Амма суна хIара дерриге а го.
ХIорш – хьан бIаьргаш бу… царна чохь – дерриге, дерриге дуьне ду… Хьо ду-кх – дерриге… Меллаша вовшийн куьйгаш лаьцна догIура и шиъ, къона, ирсе, вовшийн дезаш, майрра долу шиъ. Дахаро керлачу некъа тIе кхойкхура цаьрга – къоначу ницкъех дуьзна долуш, хиндолчуьнгахьа кхача Iалашо йолуш долу и шиъ оцу некъа тIе догIура ширачу паркан тIе ло диллина лаьттачу новкъахула… Парк чекхъелира. Ураман гIовгIано саметта далийра и шиъ.
ЦIеххьана цхьа хIума дагадеанчу Таняс, «Ах!» а аьлла, Бенон куьг схьалецира.
– Бено, бехк ма билла, со бехке ю хьуна хьалха, – элира цо. Оцу сохьта Бенон юьхьа тIе IиндагI хIоьттира: сагатделла, цецвелира иза.
– Шек ма вала, хIумма а кхераме хIума дац, – олуш, елакъежира иза. – Дуьххьал дIа хьоьга деана кехат ду-кх, ткъа суна хьоьга иза ала дицделлера. Иштта стоьла тIехь Iуьллуш ду-кх.
– Стоьла тIеххьий?
Цецваьллачу Бенос цIоцкъамаш айира.
– Ду те, хьан чохь.
– Сан чоххьий? – Бено кхин а цецвелира. – Иза… ТонягIаьргаххьий?
Ду бохург чIагIдеш, Таняс корта ластийра.
– Дукха хан ю иза деана. Бехк ма Билла, иштта тIаьхьа аларна. Схьахетарехь, шун цIера ду иза. Вало со йолчу гIур ду вайшиъ – хIинца доьшур ахь иза.
Тонин хIусамехьа дIадирзира и шиъ.
– Суна Тоня йовзарх цецваьллий хьо?
– Дера ваьлла! ХIара дерриге а иштта дагахь доцуш! Иза мичара евза хьуна?
– Тоня тхан группин куьйгалхо ю. Лакхарчу курсехь, кху шарахь чекхйолуш доьшуш ю иза. Ткъа цул совнаха, со и йолчохь Iаш а ю.
Дагахь цхьа хаттар долуш санна, Танига дIахьаьжира Бено.
– Я те, – аьлла, цунна дагахь дерг чIагIдира цо. – Хьо иза йолчуьра вайчхьана дуьйна цигахь Iаш ю со. ХIа, вало, вало. Суна цуьнгара дуккха а хезна хьан хьокъехь дуьйцуш. Ас айса а дийцира цунна сайна хьо гар.
Нагахь иштта ца нисделлехьара, цо хьо лохур а вацара моьтту хьуна?
ХIусамехь вехаш волу стаг тIап ца олуш вов, ткъа иза са а ца гатдеш Iан еза?!
Цо цуьнан пхьаьрсах чекх куьг даькхина, кхин а чехка дIадоладелира и шиъ.
ХIинца дукха хан йоццуш Бено Iийна волчу, ткъа хIинца Таня чохь Iаш йолчу цIа чохь, тохара санна дара: стол а, маьнга а, гIаь нташ а иштта лаьтташ дара. Ур-атталла гата а, тохара санна, шен меттехь кхозуш дара, чертеж тIехь еш долу у корехь лаьтташ гора.
Бенос собар доцуш сиха даьстира кехат. «Здрасти дорогой наш брат»
(«Маршалла ду хьоьга тхан хьоме ваша»), – аьлла, дийшира цо хьалхара могIанаш.
«Баккъалла а йижарша яздина техьа хIара? Цара яздина: куьйгаш Iайшатий, ПетIаматий таIийна. Хьажахьа – яздан Iемина-кх царна! – цуьнан бIаьргаш шуьйра дIаделладелира. – Хьан Iамийна техьа царна?»

? Download: Сочинение на чеченском языке доттаг1алла
Зудчо хаттар дина, дийна сарралц хьо стенгахула лелаш ву аьлла. Tato basen je sice mala, ale je v nem polozen hluboky smysl, tema basne je materska laska. Яхь может быть только на том что под силу любому человеку… Доллучу а дуьненан меттанийн тобанашна юккъехь, шатайпа тоба хилла лаьтта иберийско-кавказски меттанаш, цун юккъе вайн нохчийн мотт а бог1у.
Шена х1ума елча, жен-ж1аьла а кешнашка д1адолла магийна моллас. Керлачу норо нехаш ц1ена йоху.
Вся Правда о Чеченцах или Секрет… – Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац.. Ашимма и къийса а ца оьшу.
«Кацаев Сайд-Хьасан: «Мотт — халкъан хазна» ХІун хир ду ненан маттал хьоме дуьненчохь дехачу адамашна? Нанас шен мерза Іаьнарца йовхо луш, аьхначу куьйгаца хьостуш болчу ненан маттал? Нанас Іамабо берана шен оьзда мотт, оьзда гІиллакхаш. Дуьххьара дош ала Іамош ерг а, цІенкъахь хьалхара гІулч яккха дуьххьара шен ховхачу куьйгаца вайн куьг схьалаьцнарг а нана ю. Ненах доьзна дІадолало дерриге а адаман дахар. Буьйсана наб йоцуш, дийнахь тем боцуш, вай даларна а, цамгаро лацарна а кхоьруш, шен гІийлачу узамца, аганан иллица дІадижадо нанас бер. Ненан а, беран а марзо йоккха ю массо а исбаьхьаллел. Нохчийн мотт къен бу, гІийла бу, олу вайх цхьаболчара. Цунна гІело йинарш вай ваьш ду, цуьнан хама ца беш. Вайн республикан Конституцин итталгІачу статья тІехь билгалдаьккхина ду нохчийн а, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш хилар. И ду цу шина а меттан цхьабосса бакъо хила еза бохург. Амма кхин цкъа а хьахо лаьа суна, вайн ненан маттана мелла а гІело еш хилар. Ша вехачу меттехь хьалхара рагІ шен къоман меттан хила еза, нагахь ша шен да, нана а ларахь, цара буьйцучу меттана сий а дахь. Амма, Делан къинхетам бахьанехь, кІеззиг балахь а болуш бу ненан мотт кІорггера хууш, безаш, буьйцуш, шайна хуург халкъана юккъе дІакхачош болу нах. Царех бу меттан говзанчаш: Джамалханов Зайнди, Сумбулатов Дени, Гайтукаев Асламбек, Умхаев Хьамзат, Абдулаев Леча а, Кацаев Сайд-Хьасан, Медигов Іалмирза а иштта дІа дуккха а кхиберш. Тахана вайн хаттаршна жоп луш ву Куршлойн к1оштан «Машар» цІе йолчу газетан коьрта редактор, яздархо — Кацаев Сайд-Хьасан. ХІинца рагІ, Сайд-Хьасан, хьоьга ю. Нохчийн халкъан кица ду: «Мотт бу — халкъ ду, мотт бац — халкъ дац», — аьлла. Оцу дешнаша кхачош ду дерриге а. Цхьаболу нах бу, шайн берана оьрсийн я ингалс мотт хиъчахьана, церан хІокху дахарехь цхьана тІегІана тІехь кхиам хилчахьана шайн декхар кхочуш хуьлу, шаьш шайн доьзал ирсе бо моьттуш. И бакъ дац, уьш Іехабелла, цхьана ханна тиларчу бахана нах бу. Кхин цхьа масал дало лаьа суна. Вайн махкахь гІараваьлла вевзаш волу поэт Цуруев Шарипа олуш дар-кха тохара, пачхьалкх кхуллу, аьлла, вай арадевллачу хенахь бусалба пачхьалкх яра юьйцуш ерг, ткъа лелош дерг кхин дара «Бусалба муьлххачу пачхьалкхехь а хила йиш ю, Россехь, Францехь, Америкехь а, гІадал гІаддайча, Іаьрбийн пачхьалкхаш ю бусалба». ДуьнентІехь пачхьалкх стенна оьшуш ю аьлла хаттар кхолладелча, уггар хьалха, шен мотт, шен культура кхио оьшуш ю иза, бохура цо. Амма вай дІа а къаьстича а я юкъахь долуш а, нохчийн мотт я нохчийн культура кхиош дацахь оцу пачхьалкхах а, кху республиках а дан хІумма а дац. И чІогІа нийса мах хадор ду. Нохчий ца хилча, шен долчу къомах хаьдда, хІун до кху дуьненах а, лелочу хІумнах а? ХІун вахар ду и? Вайн поэташа чІогІа говза олу нохчийн маттах лаьцна. Вайн гІарабевллачу поэтийн — Арсанукаев Шайхин, Саидов Билалан, Дикаев Мохьмадан, Апти Бисултановн, Леча Абдуллаевн а — дуккха а стихаш ю ненан маттах лаьцна. Цуруев Шарипан «Нохчийн мотт» боху стихотворени тхо студенташ долуш язйина ю. Цу хенахь университетан учахь, арахь а цхьаъ нохчийн маттахь вистхилча эхь ду моьттуш хан яр-кха, оьрсийн мотт бийцича дозалла ду моьттуш. Къаьсттина зудаберашца йолчу юкъаметтигехь нохчийн мотт бийцича заманна тІаьхьа висина ву аьлла хеташ, атталгІа, дуьнен тІехь цхьаъ бен йоцу нохчийн кафедрехь болу хьехархоша цхьаьна вовшашка оьрсийн мотт буьйцуш, чІогІа тамашийна хьал дар-кха кхолладелла. Оцу заманахь язйина ю хІара стихотворени: Акха яр санна и Ца баьлла бацалахь, Боьжна бац стиглара, Эцна бац базарахь. Кхоьллина хилла и Вайн дайша азаллехь.
Русский разговаривает на чеченском языке

Родился 2 октября 1889 года в селении Новые Атаги. Его отец – рабочий Владикавказского серебряно-свинцового завода – принял участие в революционном движении 1905 года, и в 1907 году его сослали.
Окончив 4-классное Владикавказское училище, С.-Б. Арсанов в 1907 году становится копировщиком чертежной строительной конторы в городе Баку. Затем работал в городах Владикавказе, Одессе. В 1910 году он поступает в политехнический институт в Петербурге, дает частные уроки. В том же году за участие в политической демонстрации в Петербурге был арестован и сослан в Вятскую губернию, откуда бежал и эмигрировал в Германию, где ряд лет работал монтером и слесарем на одном из машиностроительных заводов. Возвратился в Россию в период первой империалистической войны. В 1919 году на Дальнем Востоке участвовал в борьбе против Колчака.
В начале 20-х годов С.-Б. Арсанов много сил и времени уделяет просвещению своего народа. Одно время он – директор Асланбековской сельскохозяйственной школы.
С 1921 года С.-Б. Арсанов находился на различных должностях в партийных, советских и хозяйственных органах. Работал заведующим агитпропом Чеченского оргбюро РКП (б), заведующим культпропотделом обкома партии, ученым секретарем Оружейной палаты в Кремле.
С 1926 по 1930 год С.-Б. Арсанов – уполномоченный представитель Чечни при Президиуме ВЦИК в Москве.
Литературная деятельность С.-Б. Арсанова началась в 1924 году. Писал он на русском языке. В газетах «Советский Юг» и «Известия9raquo; печатались его рассказы и небольшие статьи.
В 1930 году журнал «Революция и горец» публикует главы из его романа «Два поколения», повествующие о формировании новых мировоззрений и взглядов горца. В 1931 году роман был издан на чеченском языке.
С 1933 пo 1935 год работает на Калыме. В 1935 году Арсанов приезжает в Чечню и возглавляет Чечено-Ингушский научно-исследовательский институт языка, истории и литературы. На этой должности он оставался до октября 1937 года.
В сороковых и пятидесятых годах С.-Б. Арсанов работал в системе народного образования Казахской ССР.
С 1957 по 1959 год С.-Б. Арсанов – председатель Оргкомитета, а затем председатель Союза писателей ЧИАССР. В марте 1959 года писатель ушел на пенсию.
В 1956 году в городе Алма-Ате в Казахском государственном издательстве вышел роман С.-Б. Арсанова «Когда познается дружба». Это был вообще первый роман в чечено-ингушской литературе. Он охватывает большой исторический период, который известен как период наиболее интенсивного революционизирования народных масс России. Такой замысел требовал от писателя длительной работы над произведением. Первые отрывки будущего романа – «Аул и люди», «За невестой», «Земли ему» – появились в печати еще в 1930 году. Впоследствии, прежде чем войти в роман, они претерпят значительную редакцию.

Источник

Видео

СОЧИНЕНИЯ ЧЕЧЕНСКОГО ШКОЛЬНИКА

СОЧИНЕНИЯ ЧЕЧЕНСКОГО ШКОЛЬНИКА

#2 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | "Пал ма бийца" или 3 фразы для общения.

#2 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | "Пал ма бийца" или 3 фразы для общения.

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский язык

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский язык

#3 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Как пожелать удачи, поблагодарить и поздравить на чеченском языке

#3 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Как пожелать удачи, поблагодарить и поздравить на чеченском языке

Чеченский язык с нуля. Онлайн уроки. Урок 1

Чеченский язык с нуля. Онлайн уроки. Урок 1

Чеченский язык с нуля. Онлайн уроки. Урок 4

Чеченский язык с нуля. Онлайн уроки. Урок 4

#6 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Поздравляем и выздоравливаем вместе✨

#6 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Поздравляем и выздоравливаем вместе✨

Уроки чеченского языка - Где мы живем?

Уроки чеченского языка - Где мы живем?

Учим чеченские слова

Учим чеченские слова

Трудности изучения чеченского языка (Зулай Хамидова, ISHKOLA)

Трудности изучения чеченского языка (Зулай Хамидова, ISHKOLA)
Поделиться или сохранить к себе:
Добавить комментарий

Нажимая на кнопку "Отправить комментарий", я даю согласие на обработку персональных данных, принимаю Политику конфиденциальности и условия Пользовательского соглашения.