Чеченский язык сочинение ненан мотт + видео обзор

Сочинение по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость»

Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.

Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.

Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт.

Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац.

Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь.

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и вайн дайшна азаллехь.

Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла

1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…

Муха хир ву дуьненахь уггаре а сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.

Мел халахеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа, бохуш.

Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:

«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Ненан мотт…Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу.

Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.

Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.

Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллорчунна.

Поэзехь а тидам боцуш ца дисна и санна долу дош.

1. Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,

Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!

Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,

Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,

Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!

2. Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,

Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!

Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,

Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,

Дуьненан хазахетар, адаман мотт!( Яндиев Дж. «Адаман мотт»)

Вай олу Даймохк-Нана.

Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан матте болу безам а.

Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина башха дешнаш:

«…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» С айн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла дешнаш:

«Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц!»

— Везачу Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан сий-ларам ойбуш, д1адаха.

Чеченский язык сочинение ненан мотт

Чеченский язык сочинение ненан мотт

Чеченский язык сочинение ненан мотт

Чеченский язык сочинение ненан мотт

Номер материала: ДБ-704124

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

Ненан мотт хаар – хIораннан декхар

Шайн барамца даккхий а, кегий а эзарнаш къаьмнаш ду дуьненахь. Эзарнаш меттанаш а ду, хIора къомана а шена-шена делла. Меттан гIоьнца бIешерийн кIоргенера таханлерчу дийне схьаеана къаьмнаша шайн башхалла, вуьшта аьлча шайн-шайн ламасталлин культура. Цхьаммо ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен гIиллакх. Иза дIабаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Цунна масалш а дуьне-нахь бIеннаш ду. Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц.

Иштта яздина Мамакаев Мохьмада ненан маттах лаьцна. Оцу дешнийн маьIнех кхета хала дац. Шен паргIато ца ларъелла къам леш ду, ткъа паргIато ларъяран уггар нуьцкъала герз мотт лору автора.

Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь,
– яздо Сулейманов Ахьмада. Муьлхха а мотт хаар дика ду, дуьненан культуран хазна ма ю иза. Цхьаццадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масала, Делан дин довза а, Iамо а, эхартан мулк гулъян а оьшуш бу Iаьрбийн мотт. Оьрсийн мотт – кхоччуш ваьш дехачу Россин гражданаш хила а, вешан лулахошца гергарло, белхан, гIуллакхан уьйраш лело а, дуьненан Iилманах кхиа а ца хиъча ца болу. Дика ду ингалсан, немцойн, французийн меттанаш хаар а. Амма поэтана тIаьххье чIагIдан догIу, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар.
Саидов Билала яздина:

Ненан мотт цахаар –
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар –
Маьттаза вахар ду.

Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш. Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайх хIоранга а.
Дала нохчийн къомана белларг нохчийн мотт бу. Iилмано чIагIдарехь, дуьненан ширчу меттанех цхьаъ бу иза. Вайн мотт хьал долуш хиларх, цуьнан исбаьхьаллех цецбийлина гоьбевлла оьрсийн яздархой, Iилманчаш. Иштта, дуьненна а вевзачу оьрсийн воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс яздина: «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Вай нохчий ду, ду – нохчийн мотт вай мел буьйцу. Цундела вайх хIораннан а сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Амма мотт ша-шаха Iемаш бац, ша-шаха ларлуш а бац. Цундела иза бийца беза шен чохь доьзалшца, арахь нахаца, Iамо, кхио беза, оцу маттахь йолу киншкаш ешарца, газеташ, журналаш яздарца.
Тахана вешан мотт Iамо цхьа а дуьхьало яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикан Президента, куьг яздеш, чIагIдина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикан Закон. ЧIогIа мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикан а конституцешца догIуш хIоттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, дIакхайкхош бу нохчийн мотт. Цундела цуьнан бакъо ма ю пачхьалкхан тIегIанехь лелочу документийн, кхечу кехатийн мотт хилла лела а.
Закон тIеэцна де (25-гIа апрель) Нохчийн Республикан Президентан Указца «Нохчийн меттан Де» ду аьлла, дIакхайкхийна а ду. Оцу акташца (меттанийн хьокъехь Закон а, Нохчийн меттан Де кхайкхоран хьокъехь Указ а) тIеэцарца республикан куьйгалло нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна тIехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ ма белла.
Нохчийн яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада яздо: «Мотт, духар, гIиллакхаш – къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчо ву, шен махкана хьакъ волу къонах ву.
Меттан сий ца дечо шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо мехкан сий дийр дац. Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах
хир вац».
Дерзорехь дало лаьа Нохчийн Республикан халкъан поэтан Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени тIера иштта могIанаш:

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву.

Дала лардойла вай ненан мотт бицбина дакъазадовларх!

Абалханов Хьаким

Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц.

Иштта яздина Мамакаев Мохьмада ненан маттах лаьцна. Оцу дешнийн маьIнех кхета хала дац. Шен паргIато ца ларъелла къам леш ду, ткъа паргIато ларъяран уггар нуьцкъала герз мотт лору автора.

Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь,
– яздо Сулейманов Ахьмада. Муьлхха а мотт хаар дика ду, дуьненан культуран хазна ма ю иза. Цхьаццадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масала, Делан дин довза а, Iамо а, эхартан мулк гулъян а оьшуш бу Iаьрбийн мотт. Оьрсийн мотт – кхоччуш ваьш дехачу Россин гражданаш хила а, вешан лулахошца гергарло, белхан, гIуллакхан уьйраш лело а, дуьненан Iилманах кхиа а ца хиъча ца болу. Дика ду ингалсан, немцойн, французийн меттанаш хаар а. Амма поэтана тIаьххье чIагIдан догIу, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар.
Саидов Билала яздина:

Ненан мотт цахаар –
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар –
Маьттаза вахар ду.

Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш. Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайх хIоранга а.
Дала нохчийн къомана белларг нохчийн мотт бу. Iилмано чIагIдарехь, дуьненан ширчу меттанех цхьаъ бу иза. Вайн мотт хьал долуш хиларх, цуьнан исбаьхьаллех цецбийлина гоьбевлла оьрсийн яздархой, Iилманчаш. Иштта, дуьненна а вевзачу оьрсийн воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс яздина: «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Вай нохчий ду, ду – нохчийн мотт вай мел буьйцу. Цундела вайх хIораннан а сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Амма мотт ша-шаха Iемаш бац, ша-шаха ларлуш а бац. Цундела иза бийца беза шен чохь доьзалшца, арахь нахаца, Iамо, кхио беза, оцу маттахь йолу киншкаш ешарца, газеташ, журналаш яздарца.
Тахана вешан мотт Iамо цхьа а дуьхьало яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикан Президента, куьг яздеш, чIагIдина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикан Закон. ЧIогIа мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикан а конституцешца догIуш хIоттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, дIакхайкхош бу нохчийн мотт. Цундела цуьнан бакъо ма ю пачхьалкхан тIегIанехь лелочу документийн, кхечу кехатийн мотт хилла лела а.
Закон тIеэцна де (25-гIа апрель) Нохчийн Республикан Президентан Указца «Нохчийн меттан Де» ду аьлла, дIакхайкхийна а ду. Оцу акташца (меттанийн хьокъехь Закон а, Нохчийн меттан Де кхайкхоран хьокъехь Указ а) тIеэцарца республикан куьйгалло нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна тIехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ ма белла.
Нохчийн яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада яздо: «Мотт, духар, гIиллакхаш – къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчо ву, шен махкана хьакъ волу къонах ву.
Меттан сий ца дечо шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо мехкан сий дийр дац. Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах
хир вац».
Дерзорехь дало лаьа Нохчийн Республикан халкъан поэтан Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени тIера иштта могIанаш:

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву.

Дала лардойла вай ненан мотт бицбина дакъазадовларх! Абалханов Хьаким

Источник

Ненан-мотт-дахаран хазна

Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза?! Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу. Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу. Вайн мотт г1иллакхе, оьзда, мерза а бу. Иза къоман са ду. Ненан мотт… Доккха маь1на д1алоцу оцу шина дашо. Вайн дайшкара дуьйна схьадаьхкина хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман. Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург мотт бу. Иза ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адан кхерам бу. Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйлу шога дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллерчунна. Даймохк-Нана, Нана санна, хьоме бу вайна вешан Даймохк, цунах хаьдча, тоха са а доцуш, сатуьйсу вай цуьнга. Иштта, шен нене, Даймахке а санна, хила беза шен матте болу безам а. Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах дешнаш: «…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» Вай мотт лар ца бахь, цуьнан сий а ца дахь, вайн къоман сий дужур ду. Мотт д1абаьлча, халкъан тезет, дика-вон, ловзар-синкъерам д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггар хьалха баьрчче баккха беза вай и. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Муха хир ву дуьненахь, уггаре сийлахь болу ненан мотт цабезарг, бийца цалуург, и къен хетарг?! Мел хала хеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаволчо дозаллица къамел до: «Суна ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа бохуш». Ткъа воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Оцу маттахь яздан а, еша а ца хаьа муха эр ду?! Вай нохчий ду, ду-нохчийн мотт вай мел буьйцу,цундела вайх х1ораннан а
сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Тахана вайн мотт 1амон а, бийца а цхьа а новкъарло яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен Буьйраца ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикин Закон. Ч1ог1а мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикин а Конституцешца дог1уш х1оттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, д1акхайкхош бу нохчийн мотт. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна т1ехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ белла. « Воккхаве со хьуна хуъчу Кхечу къаьмнийн меттанех, Хьайниг бицбеш, 1амо дезна Уьш хьуна ца моьттинехь» — яздо Сулейманов Ахьмада. Цу дешнийн маь1нах кхета хала дац. Муьлхха а мотт хаар дика ду. Цхьадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масала, Делан дин довза а, 1амон а оьшуш бу 1арбийн мотт. Оьрсийн мотт – юьззина бакъонаш йолу Россин гражданаш хила а, лулахошца гергарло, уьйраш лело, дуьненан 1илманах кхиа а ца хиъча ца болу. Хиъча дика ду ингалсан, немцойн, французийн а меттанаш. Амма, поэтана т1аьххье ч1аг1дан дог1у, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар. Сайн сочинени ерзош лаьа суна вайн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнашца: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Со йоккхае тахана, х1ара маьрша мог1анаш сайн яздан аьтто хиларна. Нохчийн къоман баьччанан, Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин во1а Россин Турпалхочо Рамзан Ахматовича шен ден некъ кхиамца д1акхоьхьуш йоккхае со. Везачу Дала ницкъ, хьекъал а лойла вайна нийсачу новкъа, нохчийн меттан сий-ларам беш, д1адаха! Дала лардойла вай, ненан мотт бицбина, дакъазадовларх!

Источник

Планирование сочинени «Ненан мотт»

Чеченский язык сочинение ненан мотт

Ненан мотт-сан дозалла!

Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц!

Мотт-иза къоман юьхь ю, къоман са ду, дуьненахь къам хилла даха ницкъ луш долу. Иза кхетаман а, хьекъалан а хазна ю. Ткъа ненан мотт–иза Дала х1ора къомана делла совг1ат ду. Цу маттахь кхуьуш ю къоман культура, 1илма, литература, искусство а. Буьйцучу маттаций бен цхьа х1ума хила йиш яц, х1унда аьлча вайн ойланийн, кхетаман дахарехь уггаре ца хилча йиш йоцу г1ирс бу и.

Ненан мотт бу адамашна а, Даймахкана а юкъахь уьйр латтош берг: цу маттахь ду вайн и безар а, иллешкахь хестор а.

Нохчийн мотт шен сийлаллица, хьал долуш хиларца къаьсташ бу кхечу Къилбаседа кавказхойн меттанех. И къийса йиш йоцуш, бакъ долуш ду. Гоьваьлла оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс иштта аьлла нохчийн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт уггаре хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Иштта хьежамаш бу вайн матте кхечу баккхийчу 1илманчийн а, яздархойн а.

Нохчийн меттан истори листа вай доьлча, дукха халонаш лайна вайн матто а, къомо а. Хийла чолхе мур беана, къам шен маттаца цхьаьна х1аллакьхила герга долуш. Масала, дагадоуьйтур вай цкъа дицлун доцу 1944 шеран 23 февраль-вайн къам махках даьккхина бодане де. Дуккха а нах х1аллакьхуьлуш, бухабисинарш маь1-маь1нехула баьржина, декъаделира вайн халкъ. Х1етте а, оццул бохам шайна т1ех1оьттича, вайн мотт ларбеш, нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ ца дицдеш баьхна вайн дай хийрачу махкахь. Мацах иштта Россин империн куьйга к1ел ца совцуш дуьхьал даьлла хилла убыхийн къам лар йоцуш дайра шен маттаца цхьаьна, маь1-маь1нехула махках даьлла даржар бахьана долуш. Вайна а герга дара изза хила, нагахь вайн дайн Даймахке, матте болчу безамо, Ахьмад Сулеймановс ма-аллара, сийлахь кхо х1ума вовшех ца тоьхнехь-моттий, Даймохкий, халккъий. Тахана вайна х1ун хала ду кху хьелашкахь мотт кхио а, и беза а. Х1ора шарахь 25 апрелехь вайн паччахьан омраца указ делла даздеш ду нохчийн меттан де. Боккха кхаъ, доккха дозалла а, хазахетар а ду иза вайн нохчийн къомана. Дала диканца бекхам бойла вайна х1ара маршо яьккхина волчу вайн куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

Нохчийн мотт вайн дозалла ду, вайн дуьненан бахам бу. Вай нохчий ду, вай нохчий мотт мел буьйцу а, вай и денна мел бо а. Цундела вайх х1ораннан декхар ду ворх1е дайшкахь дуьйна ларбеш, сийдеш схьакховдина болчу вайн ненан меттан доладар а, безар а, иза кхиор а, нагахь ша нохчи велахь. И бийца дола а хеташ, бицбеш лелаш велахь милла а, башха дац, бийца бух боцуш, орамах хаьдда вуьсур ву: цуьнан тахне а яц, т1аьхье х1ета а хир яц.

Аганахь дуьйна наноша иллешца, туьйранашца марзбина, дег1ах, сих, ц1ийх, т1амарх эбийна болу ненан мотт вай бицбан а, д1атаса а йиш яц, аьлча а, дагадан а йиш яц. Х1ора стеган дахар цуьнца доьзна ду. И иштта дацахьара цунах ненан мотт эр дацара. Вайн синкхача ма бу и, х1окху нана-доккха дуьненахь къеггина кхетта сирла малх ма бу и. Хьо уггаре г1аддайна, дог доьхна висча, хьан дог оьцург и ненан мотт ма бу. Цхьа безамехь, хаза, зевне, эшаре бекаш хезча, дагана ма хьаам хуьлу, ма парг1ат доккху цо и дог. Ма дозалла дан хьакъ бу хьо, сан ненан мотт!

Нохчийн мотт, бекалахь вайн Нана-Дег1аста серлайоккхуш гуттар а. Къанойн, къонахийн, мехкарийн дегнаш иркара х1иттош бекалахь. Хьо ца буьйцуш, хьо ца лоруш болчу вайн мостаг1ийн х1уьттаренна бекалахь, сан нохчийн мотт! Хьо сан дозалла ду хьуна. Суна охьата1а меттиг ма биталахь!

Источник

Гайрбекова М. «Нохчийн мотт – сан дозалла!»

«Нохчийн мотт – сан дозалла!»

Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам…

Халкъан кица ду: «Мотт у-къам ду, мотт бацкъам дац». Ненан маттал деза хIума хила йиш яц къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт байна къам дуьненан букъ тIера дIадов. Даймохк а ца буьсу цуьнан – къоман бен хуьлуш бац Даймохк. Ткъа къам матто латтош ду. Ненан маттахь долу йоза-дешар ца хаахь – иза доккха сакхт ду. Халахеташ делахь а, и санна сакхт долуш берш вайна юккъехь хIинца а хаалуш бу. Стаг мел оьздангалла, гIиллакх долуш я лакхарчу даржехь хиларх ненан мотт кхоччуш ца хаахь цуьнан мах хадабойла дац. Нийса ца лоь аьлла хета нохчийн мотт къен бу, бийца хала бу олуш хезча. шен син кхача лоруш волчунна цкъа а хилла бац бийца хала я чолхе. Къайле яц, нохчийн мотт сийлахь-баккхийчу Iилманчаша, яздархоша шена тIе тидам бахийтарца теллина а, хьалдолуш лерина а хилар.

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.

Нохчийн мотт – иза деккъа йоза-дешар хилла ца Iа. Ненан мотт-и гIиллакх ду, культура ю, тезет лелор, зуда ялорйигар ду, илли, литература, ловзар-синкъерам бу, халкъан юьхь, куьзга, хатI-амал ю. И мотт вайн ца хилахь, орам боцчу диттах тарлур ду вайн къам, я пачхьалкхе а хир яц. Ненан маттал деза хIума стеган дахарехь хуьлийла дац. Иза Iамор а, цунна богIуш болу тидам тIебахийтар а – иза вайн нохчийн коьрта декхар ду. Масала: литературин урокашкахь дешархошка шайга бойтуш болу болх вовшахтохар – иза йоза-дешар Iаморан уггаре а мехалчу гIуллакхех цхьаъ ду. Дешархоша шаьш бечу балхо кхочушдо программни материал жигара караерзор, берийн хьекъал, кхетам, тидам бар кIаргдо, лакхадоккху. Л.Н.Толстойс цу хьокъехь Iаламат нийса аьлла: «Нагахь дешархо школехь ша ойла ян, хIума а кхолла Iамийна вацахь – иза дахарехь а даима дуьххьалдIа кхечарах тарва ла гIерташ, кхечо динарг дан гIерташ хир ву». Нохчийн меттан, литературин хьехархойн декхар ду программа юьззина караерзоре кхаьчна ца Iаш, дешархошна ойла ян, шен дагахь дерг нийса, гIиллакхийн рагI ларъеш, уьш вовшашца цхьаьнадузуш дийца а, яздан а. Литературин урокашкахь билгала йолчу Iалашонца, кIорггера кхио еза дешархошлахь дика ойланаш, гIиллакхоьздангалла, дуьнене хьежам, шен къоме, шен халкъе, Даймахке болу безам, доттагIалла. Муьлхха а цивилизованни къам, пачхьалкх беа богIам тIехь лаьтта – дешарна, могашаллина, культурина, экономикина.

Царех коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьне нан Iилма а.

Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх. Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: – Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду.

Источник

Видео

Чеченский язык Ненан моттСкачать

Чеченский язык Ненан мотт

Ненан Мотт Серия 1Скачать

Ненан Мотт Серия 1

Ненан моттСкачать

Ненан мотт

Ненан МоттСкачать

Ненан Мотт

СОЧИНЕНИЯ ЧЕЧЕНСКОГО ШКОЛЬНИКАСкачать

СОЧИНЕНИЯ ЧЕЧЕНСКОГО ШКОЛЬНИКА

Ларбе ненан мотт!Скачать

Ларбе ненан мотт!

Нохчийн мотт – сан дозалла! ЭССЕСкачать

Нохчийн мотт – сан дозалла! ЭССЕ

Ненан Мотт Серия 2Скачать

Ненан Мотт Серия 2

Арсанукаев Шайхи-Нохчийн моттСкачать

Арсанукаев Шайхи-Нохчийн мотт

Ненан Мотт Серия 21Скачать

Ненан Мотт Серия 21
Поделиться или сохранить к себе:
Добавить комментарий

Нажимая на кнопку "Отправить комментарий", я даю согласие на обработку персональных данных, принимаю Политику конфиденциальности и условия Пользовательского соглашения.