Уроки чеченского языка 4 класса + видео обзор

Конспект урока чеченского языка в 4 классе на тему «Чолхе предложени»

Нохчийн мотт, 4 класс

Урокан ц1е: «Чолхе предложени».

1алашо: предложени кхочушхилла яьлла ойла гойту дешнех олуш хилар т1еч1аг1дар. Предложенеш цхьалхе я чолхе хилар хаийтар, церан башхаллаш йовзийтар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна хуур ду предложенеш х1итто, церан башхаллаш йийца. Берашна 1емар ду предложенеш меженашца талла, цхьалхе я чолхе хилар къасто.

· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашна г1о дан, ца хуург хатта.

3. Личностни : берийн синкхетам хир бу дешар коьрта г1уллакх хиларан, нохчийн мотт дика хааро дика дешар т1ехь г1о хирг хилар. Берийн лаам хир бу корматталла а йолуш дешархо хила.

2. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 315, аг1о 156.

3. 1алашо йовзийтар.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Муьлха хаттар ду вайна жоп дала яздинарг? (Предложении стенах олу?)

4. Керла тема хьехар.

Стенах олу предложении?

а ) Маь1ница йозаеллачу предложенех олу.

б ) Кхочуш хила яьлла ойла гойтучу дешнех предложении олу.

-Д1аязъе предложени уьн т1е. Толлур ю вайи за шен меженашца.

-Д1аеша предложенеш. Муьлханиг ду сказуеми? (Х1ун дира? чакхъевлира).

-Муьлханиг ду подлежащи? (Чакхъевлира х1ун? каникулаш).

-Муьлханиг бу иза? (Каникулаш чакхъевлира).

-Оцу предложенин цхьаъ грамматически бух бу.Цундела цунах олу цхьалхе предложени. Шена чохь шиъ я цул совнаха грамматически бух хилча иза чолхе предложении олу.

(Иштта толлу важа предложени).

· Предложенийн, текстан тидам бар.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза?

-Маса дакъа ду текстан?(Кхоъ).

-Муха билгалдоккху текстан х1ора дакъа йозанехь? (Ц1ечу мог1анчуьра яздо).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Маса предложении ю цу декъехь? (Ворх1).

-Д1аязде хьалхара дакъа.

5. Сада1аран миноташ.

Куьйган п1елгаш к1адделира.

Вай жима садо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийр ду.

6. Керла тема кхин д1а хьехар.

· Предложенин тидам бар.

-Маса предложени ю уьш?

-Муьлханиг ду подлежащи?( Вахара мила? накъост).

-Муьлханаш ю коьртаза меженаш? (Накъост хьенан? сан, вахара стенга? хьуьнах, вахара маца? селхана).

-Цхьалхе ю и я чолхе ю? (Цхьалхе).

-Х1унда? (Цхьаъ грамматически бух бу цуьнан).

Х1оттамца толлур ю вай предложени.

(Хьехархочо д1ауллу таблица : предложенин талларна дагалацам. 170-г1а аг1он т1ехь а ю иза).

· Йоьхна предложенеш нисъяр.

1.Лоцу, цициго, дахка.

Жоьпана язъе лоьмар.

Муьлханиг ю дийцаран предложени?______________

Муьлханиг ю хаттаран предложени?______________

Муьлханиг ю айдаран предложени?______________

-Стенах олу предложени?

-Муьлхачу предложенех олу цхьалхе предложени?

Источник

Поурочные планы по чеченскому языку (4 класс)

Просмотр содержимого документа
«14 урок. мукъаза шалха элпаш т1аьхье-хьалхе нисделча яздар.»

Урокан ц1е: «Мукъаза шалха элпаш дашехь т1аьхье-хьалхе яздар.».

1алашо: шалхачу элпех болу хаамаш шорбар. Муъаза шалха элпаш дашехь т1аьхье-хьалхе нисделча уьш яздаран бакъонаш йовзийтар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна 1емар ду шалха элпаш йозанехь билгалдаха. Хуур ду мукъаза шиъ шалха элп дашехь т1аьхье-хьалхе нисделча уьш муха яздан деза.

2. Ц1ера болх таллар.

-Муьлхачу элпашна буха хьаькхна аша сизаш?

-Даладе масалш оцу бакъонна.

-Даладе кхин а масалаш оцу бакъонна.

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дош хин? (Хьенан? я стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнийн чаккхенгахь яздо Н).

-Даладе масалш оцу бакъонна.

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш д1аелла книгин 28-29 аг1онаш. Х1ун 1амор дув ай тахана? Х1ун кхиамаш бохур бу аша? Мила ву цхьаъ ша болх бан лууш? Мила ву шеен тобанца болх бан лууш?

-Бераш, вай тахана карлабохур бу шалхачу элпех лаьцна болу хаамаш. Вай 1амор ду мукъаза шалха элпаш т1аьхье-хьалхе дашехь нисделча уьш муха яздан деза.

4. Керла тема хьехар.

Мукъаза шалха элпийн тидам бар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Якъкъаш, яхьхьаш, бахьхьаш, баккъаш, т1къе итт, ч1къоьрнаш, дукхкха, юкхкъехь, техьхье.

-Д1адеша дешанаш. Муьлханиг ду г1алат? Муьлха бакъо ца евза сунна?

-Нисдеш д1аязде дешнаш.

-Д1абеша дагалацам. Муха яздо мукъаза шиъ шалха элп дашна т1аьхьа-хьалха нисделча? (Бераша д1абошу дагалацам. Дешнаш карточкашца берийн кара дала мега. Шайга болх байта).

Берашка шайга болх байтар.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина билгалдаьхна дешан? (Берашка д1абешийта а мега дагалацам. Цо кхиор ду берийн оьшу г1ирс каро лаам).

5. Сада1аран миноташ.

Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.

— Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало

(бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш лела).

Генна шаьш д1адоьлхуш

Мила ву ловза лууш?Сихха арадовла (бераш поезд чуьра ара а довлий, хьуьнан ц1азамаш лехьо х1уьтту).Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий,

поезд бола болуьйту.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

Мукъаза шалха элпаш дешнашкахь билгалдахар.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашехь ду мукъаза шиъ шалха элп т1аьхье-хьалхе нисделла? Муха яздан деза уьш?

(Иштта толлу важа предложенеш).

Мукъаза шиъ шалха элп дашехь т1ахье-хьалхе нисделча………………………………………………………………..

Карточкашца болх бар.

Т1адамийн меттана оьшу элпаш а дохкуш д1аязъе предложенеш.

Диттийн ба…аш лестабора мохо. Берийн я…аш яра самукъане гуш. Тобанна ю…ера схьавелира цхьа хьаьрса к1ант.

Берашка шайга болх байтар.

-Муха яздан деза мукъаза шиъ шалха элп дашехь хьалхе-т1аьхье нисделча?

-Х1ун керланиг хиишуна?.

-Х1ун кхиамаш бехи тобанашкахь болх бинчара? Х1ун кхиамаш бехи цхьаъ ша болх бинчо? Х1ун кхиамаш бехи дисинчу бераша?Хьан бина дукъа болх?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 51,аг1о 29, бакъо –аг1о 28.

Просмотр содержимого документа
«15. урок. дешан х1оттам.»

Урокан ц1е: «Дешан х1оттам. Орам».

1алашо: берашна дешан х1оттамах кхетам балар. Дешан дакъош довзийтар. Орамах лаьцна юкъара кхетам балар.Дешан орам каро гергара дешнаш лаха дезаш хилар хаийтар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1аллица дешаран кхиамаш баха. Берийн аьтту хирба цхьаъ ша болх бан, шайн тобанашца а болх бан.Берашна хуур ду шаьш дуьххьара х1ун толлур ду къасто, хуур ду и теллича х1ун кхиамаш бохур бу хаа.

Коммуникативни: берашна 1емар ду вовшашка шайна оьшург хата, хуур ду накъостий кхетар болчу кепара шена хуург д1адийца. Берашна хуур ду хьехархочо деллачу хаттаршна жоьпаш дала, масалшца т1е а ч1аг1деш.

2. Ц1ера болх таллар.

-Муьлхачу элрашна буха сиз хьаькхна аша? Муьлха аьзнаш билгалдо цара?

3. 1алашо йовзийтар.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Дешан х1оттамах).

-Муьлха хаттарш ду вайна тахана тала билгалдаьхна? Муьлхачу дакъойх лаьтта дешанаш? Стенах олу орам?)

-Х1ун хаьа вайна дешан х1оттамах?

Гергарчу дешнийн тидам бар.

-Х1унда? (Уьш кийча бу вовшашна г1о дан).

-Аша дийр дарий ишттаниг?

(Уьн т1е д1аяздо дешнаш).

-Х1ун олу гергарчу дешнийн юкъарчу декъах? (Орам).

-Билгал баккха орам. (Бераша уьн т1ехь билгалбоккху орам).

-Орам-дашехь коьрта дакъа ду. Орамна т1е тайп-тайпана дешдакъош тохарца кхоллало керла дешнаш. Орамо шена чохь леладо дешан коьрта маь1на.

-Д1адеша юха а дешнаш. Ламанхо дашехь орамна т1ехьа муьлха дакъа ду? (Хо).

-Иза ю суффикс. Суффиксо керла маь1наш а долуш дешнаш кхуллу.Билгалъяккха суффикс.

Ламанан дашехь муьлха дешдакъа ду орамна т1ехьа лаьтташ? (-нан).

-И дешдакъа т1екхетча дешан маь1на хийцалой? (Ца хийцало).

-Иза чаккхе ю. Чаккхено предложенешкахь дешнашна юккъехь уьйр латтайо.Билгалъяккха чаккхе.

-Х1ун билгалонаш ю гергарчу дешнийн?

-Кхин муьлха гергара дешнаш ду оцу туьйранан юккъехь?

-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е.Х1оттамца тала и дешнаш.

-Дешан дакъош деригге дийца сунна? (Орам, суффикс, чаккхе, дешхьалхе).

Суффиксан г1оьнца керла дешнаш кхоллар.

-Муьлхачу дешдекъо кхуллу элира вай керла дешнаш? (Суффиксо).

-Х1инца суффиксан г1оьнца вай лахарчу х1уманехь адамаш билгалден дешнаш кхолла деза.

-Д1адеша хьалхара дош. (Пондар).

-Пондар локхучу адамах х1ун олу? (Пондарча).

-Д1адеша шолг1а дош. (Зурма).

-Мила ву зурма локхуш верг? (Зурманча).

(Иштта толлу дешнаш).

-Уьш х1ун ю? (Суффиксаш).

-Х1ун г1уллакх леладо суффиксо? (Керла дешнаш кхуллу).

-Х1ун хийцамаш дуьлу орамехь?

Источник

Чеченский язык изложени 4 класс

Изложени «Ши накъост» (аг1о 107)

Изложени «Синтар» (аг1о 143)

Сочинени «1а т1едеана»

Ши йо1 хьуьнахкхорашбахаяхара.Тускардуьззинакхораш а баьхна,ц1ехьа йирзира и шиъ.Ц1а йог1уш ц1ерпоштнекъал сехьаяладезара церан.Д1ай-схьай хьаьжча,гуш ц1ерпошт яцара.Цундела парг1ат сехьаялаюьйлира и шиъ.

Ц1еххьана гола тухучуметтехь ц1ерпошт гучуелира. Ц1ерпошт чехка йог1ура.Кхераелира ши йо1.Йоккхахерг юхаедира,ткъажимахъергнекъанадехьаиккхира.Жимахъергюхаядарнакхоьруш,йоккхахйолчомохьтуьйхира: «Юхамаяьллахь!Юхамаяьллахь!»Оцухенахь ц1ерпошт гергакхаьчнера.Ч1ог1а тата дора цо.Шегабохучухцакхеташ «Юха»-бохудош а хезна,жимахъергюхаедира.Чехкаядарнаизарельсашнаюккъеохьаюьйжира.

Машинистан таро яцара ц1ерпошт сацо.Цунделачекхъелира ц1ерпошт.

Ц1ерпошт сецча,берриге а нах ц1ерпоштана к1елъяханчу йо1ана х1ун хила хьовсаохьабиссира.

Рельсашнаюккъехь 1уьллура йо1.Ц1еххьана,корта хьала а айбина,хьалаиккхираиза.Рельсашнаюккъеохьайижинчуцунна х1умма а цахиллера.

Массарна а хазахийтира.

Шовданан т1ехь хи молушхилла 1ахар. Т1ееанчу барзо 1ахаре шенмахка т1ера хи мийлабакъояцхьанаьлла. 1ахарна и мохкберзанбоцийлахаьара. Цунделацобарзана и мохкшенбуаьлла, жопделира.

Борзмеца яра. Цунна 1ахар баалаьара.

Амма 1ахарца бара тешаменакъостий… Кулла т1ехьа барзанатебна 1аш дара ши ж1аьла.

-Делахь дика ду, хатта г1ур дувайшиъ,-аьлла,борз ж1аьлешна т1еозийра 1ахаро. Амма ж1аьлех б1аьрг а кхетта, борз когма-боллуедда д1яхара.

Изложени «Ши накъост»

Ши накъостхьуьнаюккъехула д1авоьдуш, царна т1е ча1оттаелира. Цхьаъведдадитта т1е велира. Важашаволччуновкъахьвисира. Кхин дан х1ума а цахилла, изалаьттаохьавуьйжира, шавелламоттийта.

Ча, т1е аяхана, цунаххьожаяхаюьйлираяяяяяяя6вукхоса а ца ло1ура.

Цуьнанюьхьаххьожа а яьхна, изавелламоьттуш, ча д1аяхара.

Мацца а, чад1аяхча, важадитта т1ера охьа а воьссина, велавелира:

-Ченосоьгабохура, кхерамболчуметтехьнакъостд1а а тосушдовдуш долу адамаш вон адамашду.

Изложени «Синтар» (аг1о 143)

Берашанекъанйистестоьмийнсинтар дуьйг1ира. Стоьмийнсинтар жима дара. Синтар, денаделла, кхуьуш дара.

Кхин к1ант хиллавоьдуш. Цоцхьа га кагдира. Цо а элира: «Цхьа га даьккхича х1ун дара? Цудиттандуьсушкхинадиъ га ду».

Едда йог1уш йо1 яра, буьрка а ловзош. Цуьнанбуьркакхийтирадиттанбуьххье. Бохькагбелира. Цкъахалахийтира йо1ана, т1аккха парг1атъелира: «Диттлийрдац. Юха а бербубохь».

Велосипеда т1ехь вог1учо велосипед товжирацунна т1е. Диттахгараделира.

Вог1уш хилла к1ант, урс а буйнахь. Цо а хадийрацхьа га, шенурсира дуй хьожуш. К1анта элира: «Дика, ирадуурс!»

Цул т1аьхьа диттдакъаделира.

Уроки чеченского языка 4 класса

Уроки чеченского языка 4 класса

Уроки чеченского языка 4 класса

Уроки чеченского языка 4 класса

Номер материала: ДБ-1383908

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

КТП «Чеченский язык 4 класс»

Нохчийн меттан календарно-тематически планаш

АО»ИПК «Грозненский рабочий»-2017

1-ра чийрик (16сахьт)

Дош, предложении, текст.

Аьзнаш а, элпаш а.Дешдакъа.

Г1алаташ т1ехь болх

Къасторан Ь, Ъ хьаьркаш.

Г1алаташ т1ехь болх

Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

Г1алаташ т1ехь болх

Ц1ердешнийн легарш.Цхьаллин терахь.

Ц1ерниг дожар. Доланиг дожар.

Лург дожар. Дийриг дожар.

Коьчалниг дожар. Хотталург дожар.

Меттигниг дожар.Дустург дожар.

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

Г1алаташ т1ехь болх

3-г1а чийрик (20сахьт)

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар.

Билгалдешнийн хьалхара легар.

Билгалдешнийн шолг1а легар.

Г1алаташ т1ехь болх Терахьдош. (юкъара кхетам)

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

Изложени «Ши накъост»

Г1алаташ т1ехь болх

Ц1ерметдош. (юкъара кхетам)

Г1алаташ т1ехь болх

Хандош. (юкъара кхетам)

Г1алаташ т1ехь болх

Хандешнийн хенашца хийцадалар.

4-г1а чийрик (16сахьт)

Хандешан билгалза кеп

Сочинени «Дог1анах девдда бераш»

Г1алаташ т1ехь болх

Уроки чеченского языка 4 класса

Уроки чеченского языка 4 класса

Уроки чеченского языка 4 класса

Уроки чеченского языка 4 класса

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

КТП чеченский язык 4 класс

Рабочая программа по чеченском языку в 4 классе.

Исходными документами для составления рабочей программы учебного предмета являются:

-Федеральный государственный образовательный стандарт начального общего образования (ФГОС НОО), утвержденный Приказом Минобрнауки России от 17 декабря 2010 года №1897 (в редакции Приказа Минобрнауки России от 29.12.2014 № 1844).

1.ПРЕДМЕТ I АМОРЦА ДОЬЗНА ДОЛУ ЖАМ I АШ

Нохчийн мотт 1амочаьргахь хила деза

ЛИЧНОСТНИ жам1аш,4 класс

нохчийн мотт пачхьалкхан мотт а, иза уьйран а, гонахара дахар довзаран а г1ирс хиларх кхеташ хилар;

школан а, юкъараллин а дахарехь нохчийн меттан хаарех пайда эца хьуьнар хилар;

нохчийн мотт къоман культурин а, синъоьздангаллин а мехаллийн цхьа т1ег1а лара дезарх кхеташ хилар;

тайп-тайпанчу хьелашкахь шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а юкъаметтигаш лело хаар карадерзор, мехалчу х1умнашка а, синъоьздангаллин мехаллашка а экаме хила везарх кхеташ хилар.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан

хезаш долу къамел цхьатера т1елацар ( баккхийчара а, шен нийсархоша а олург, берийн радиопередачашкахь, аудиозаписашкахь, кхечу хаамийн технологийн кепашкахь хезарг);

дешнаш, дешдакъош, аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш ала а, х1итто а карадирзина хилар;

билгалйинчу темина диалог х1отто, даьржина а, доцца хаттаршна жоьпаш дала а, диалог д1айоло а, чекхъяккха дог дар карадирзина хилар;

кечам бина а, боцуш а, кхеташ, сиха къастош ешар, текст йоцца а, хоржуш а юха схьайийцар карадирзина хилар;

хьехархочун г1оьнца а, ша а, орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъеш талламан а, 1аморан а кепара белхаш кхочушбан хаар карадирзина хилар;

ша язбина белхаш талла а, нохчийн маттах шен долчу хааршна вукху предметашца дустарца анализ ян а хаар карадирзина хилар;

нохчийн меттан чулацаме хьаьжжина юьхьанцарчу дешаран материальни а, хаамийн а гонахехь болх бан хаар карадирзина хилар;

школехь а, школал арахьа а нийсархошка а, баккхийчаьрга а вистхила хаар карадирзина хилар.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан

ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;

нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;

шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;

дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;

нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;

арадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр);

хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;

текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;

мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.

2. НОХЧИЙН МЕТТАН ПРЕДМЕТАН ЧУЛАЦАМ

Программехь «Нохчийн мотт» предметан чулацам билгалбина дешаран декъан т1ег1анашка хьаьжжина.

4-чу классехь а , кхул хьалха йолчу классехь санна, коьрта 1алашо дешархойн барта а, йозанан къамел кхиор ю, гонахарчу дахарх болу хаамаш шорбеш, ши мотт (оьрсийн, нохчийн) анализ, синтез ян хаарца а, бустуш талларца а доьзна долу дешархойн лингвистически хаарш к1арг а деш. Кху кепара сочиненеш язъян хаар а карадерзон там болуш ду (ойлаяран кеп шеца йолу дийцар, ши х1ума вовшашца юстуш язъен сочинени, суртх1отторан кеп шеца йолу сочинени-дийцар).

Комплексно къамел кхиоро шена чулоцу:

школехь а, школал арахьарчу дахарехь а т1екареш д 1акхехьа оьшучу барамехь ладог1а а, къамел дан а, еша а, яздан а карадирзина хилар;

юьхьанцара школа чекхъяьккхича кхид1а а деша таро лучу кепара а, вовшашка парг1ат бистхила аьтто беш а болу дешнийн барам дешархочун хазнехь хилар;

къамелан диалогически кеп практически карайирзина хилар (къамел дар, къамелаца къовсам д1абахьар); дешар т1ехь а, юкъарчу декъехь къамелехь оьздангалла ларъян хаар: салам- маршалла хаттар, 1одикаяр, баркалла алар, дехар дар;

монологически къамелан т1еххулара форманаш карайирзина хилар: бинчу балхах лаьцна барта жам1 дар, цхьана билггалчу теманах лаьцна шена хетарг алар, планан а, хаттарийн буха т1ехь шен тексташ кхоллар;

дешархойн къамел дан хааран хьуьнарш кхиор, шен маттахь вистхила а, вовшашца къамеле вала а хаар, кхид1а деша хьуьнар хилар;

нохчийн мотт дуьнене болу хьежам совбаккхарехь а, кхечу культурашца з1е тасаран оыдуш болу г1ирс хилла д1ах1отта безаш хиларх кхетар.

Барта къамел кхиъна а, ешар карадирзина хиларал сов, дешархойн йозанан къамел, цуьнан хат1 карадерзоран хаарш а хила деза.

Юьхьанцарчу классашкахь йоза яздан 1аморан декхар дешархошкахь xlapa карадерзораш, шардарш кхиор ду:

нохчийн дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш, яккхий йоцу йозаелла тексташ т1ера нийса схьаязъян хаар;

ладог1арца орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъярца текст нийса д1аязъян хаар;

шен дозаделла йозанан къамел кхиъна хилар (хаттаршна жоьпаш дала, Хаморан изложенеш а, сочиненеш язъян хаар).

Йозанан белхаш кхочушбеш тидаме эца деза иштта х1ора беран каллиграфически кхачамбацарш а: элпан д1асатаь1на хилар, цуьнан лекхалла а, шоралла а, сизал арадалар, элпан сурт талхийна хилар и д1. кх. а. Цу 1алашонца тетрадаш т1ехь элпийн хила ма-еззара йолу кепаш яла еза, церан вукху элпашца хоттадалар муха хила деза а гойтуш (2-4-чу классехь- хаьржина).

Талламан диктантийн, 1аморан изложенийн, сочиненийн,

т1ера схьаяздаран дешнийн барам:

1аморан а, талламан йозанан белхашна (хаттаршна жоьпаш, изложени, сочинени, диктант и д1. кх. а.) билгалдо к1ирнах 1 сахьт. И сахьт нохчийн маттана (грамматика, ешар) леринчу сахьташна юккъера схьаоьцуш ду. Изложенеш а, сочиненеш а 1аморан кепара хила еза. Бакъду, 4 классехь 1 талламан изложени язйойту. Изложенийн, сочиненийн тематика еххачу хенахь йовзийтинчу лексически темица йог1уш хила еза.

Нохчийн мотт 1аморехь кхиамаш хир бу, нагахь санна оьрсийн маттахь дешархоша карадерзийнчу хааршна т1етевжаш 1амош белахь. Масала, цхьатерачу грамматико-орфографически хиламех пайдаэцарца (аз, элп, мукъа, мукъаза аз боху кхетамаш; доккха элп; дош сехьадаккхар; предложених, дешдекъах, дашах болу кхетамаш и д1. кх. а.). Цара г1о дийр ду кхиамца материал караерзорехь а.

4 класс чекхйоккхуш дешархочунна нохчийн мотт тоъъал 1емина хила беза, кхид1а а деша аьтто бечу а, берийн вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьа таро лучу а барамехь.

Тематически планашкахь нохчийн мотт кхаа декъехь балийна бу: хьалхарчу декъехь теоретически хаамашца йозаелла теманаш а, ситуацеш а ю; шолг1ачу декъехь хьалхарчу пунктехь билгалйинчу темица йозаелла маттах лаьцна коьчал ю; кхоалг1ачу декъехь дешархочо кхочушден г1уллакхаш ду довзуьйтуш.

Ц1ерметдош. Юкъара кхетам.

Хандош. Юкъара кхетам.

Хандешнийн хенашца хийцадалар.

Хандешан билгалза кеп.

Хандешнийн хенашца хийцадалар.

Хандешнашца ца, ма нийсаяздар.

I амийнарг карладаккхар

4-чу классехь нохчийн меттан урокийн рог1алла. (102 часа)

Дош. Предложени. Текст.

Аьзнаш а, элпаш а. Дешдакъа

Талламан болх «Тхан школа» (учебн.аг1о 10).

Талламан тIера схьаяздар.

Къасторан Ь, Ъ хьаьркаш.

«Хи т1ехь» изложении язъяр. (Уч. аг1о 30)

Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

Талламан диктант. «Дог1а дар»

Текст. Тестан тема а.

Текстан коьрта ойла.

Текстан ц1е тиллар. Текстан план х1оттор.

«Шеран заманаш» изложении язъяр. ( уч. аг1о 43)

Г1алаташ т1ехь болх бар.Т1еч1аг1дар.

Хотталург а, меттигниг а дожарш.

Т1ера схьаязъяр «Ши пхид» (учебн.аг1о 65).

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

Талламан диктант. «Ши доттаг1»

Галаташ т1ехь болх бар.Дукхаллин терахьера ц1ердешнийн чаккхенаш.

Суьрта т1ехь дийцар х1оттор. (Уч. аг1о 73)

Галаташ т1ехь болх бар.Ц1ердешан классаш.

Сочинени «1а» аг1о73

Г1алаташна т1ехь болх. Лааме, лаамаза а билгалдешнаш

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

Талламан диктант. «Дика доттаг1ий»

Г1алаташна т1ехь болх.

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар. (легар)

Билгалдешнийн хьалхара легар.

Билгалдешнийн шолг1а легар.

Карладаккхар.Ц1ердош а, билгалдош а.

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

Изложени «Ши накъост»аг1о 107

Г1алаташна т1ехь болх.

Ц1ерметдош. Юкъара кхетам.

Хандешнийн хенашца хийцадалар.

Сочинени «Дог1анах дойдда дог1у бераш». Суьрта т1ехь текст язъяр. (Уч. аг1о 118)

Хандешан чаккхенга Н яздар.

Хандешан яхана хан.

Хандешан карара хан.

Хандешан йог1у хан.

Талламан диктант. «Школан кертахь»

Г1алаташна т1ехь болх Хандешнашца ца, ма нийсаяздар

«Синтар» изложении язъяр.

Г1алаташ т1ехь болх бар. (Шарахь 1амийнарг карладаккхар.)

Талламан диктант. «Г1оьнча»

Г1алаташна т1ехь болх.

Хандешан карарчу хенан чаккхенаш.

Изложени язъяр. (уч. аг1о 161)

Г1алаташ т1ехь болх бар.Т1еч1агдар.

Талламан диктант. «Ч1ерий дохуш»

Г1алаташ т1ехь болх бар.Т1еч1агдар.

фонда оценочных средств

по учебному предмету чеченский язык_

Дош. Предложени. Текст

Предложенин цхьанатайпанара меженаш

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь

Изложени «Дог1анах девдда бераш»

Талламан болх «Г1оьнча»

по учебному предмету чеченский язык __

Учитель: Л.С. Мухаева

Талламан болх «Тхан школа».

Тхан школа ломана юххехь ю. Тхан школан йоккха беш ю. Дика 1алашйо иза

Тхан школаца йохьеяьлла лулара школа. Оха тахешан школах дозалла до. Со школе т1аьхьа ца вуьсу цкъа а. Тхан школал хаза школа яц тхан йоккхачу юьртахь.

1. Шолг1а предложении меженашца талла.

2. Йохна предложении нисъе:Хуьлу,аьхка, ма, хаза.

Талламан болх «Дог1а дар».

1уьйре екхна еара. Малх а кхетта, ц1ийеллера малхбале. Делкъал т1аьхьа гучуевлира 1аьржа мархаш. Т1етуьхийра чехка дог1а. Новкъахь хатт белира. Дог1а тийра, олхазарш дека дуьйладелира. Нийса хиллера халкъан кица: суьйре ц1ийелча кхаллар кечде, 1уьйре ц1ийелча, кхоллар кечъе.

1. Кхозлаг1а предложении меженашца талла.

Талламан болх «Ши доттаг1».

Сулимий, Падаммий ши доттаг1 ду. Церан доттаг1аллина т1ехула цхьадолчу бераша Сулиме бехкаш доху. Амма Сулимас цаьрга ла ца дуг1у. Доттаг1 йо1 хила х1унда ца мега? олу цо. Дешарна т1ехь а к1антал оьшуш яц Падам.

1. Схьалаха ц1ердешнаш, хандешнаш.

Талламан болх «Дика доттаг1ий»

Дика доттаг1ий бу Каметин.1ела а,Яха а дог1у Камета йолчу.Ц1ахь ян елла урокаш цхьаьна йо цара. Цхьаъ цомгуш хилча, вукхара г1о деш меттиг а йог1у.Дешарна т1аьхьа ца вуьсуьйту цара доттаг1.Дало г1о доттаг1чунна дар дика ма ду.Доттаг1 иштта хила а веза!

1. Кхозлаг1а предложении меженашца талла.

Талламан болх «Школан кертахь»

бераш цхьаьнакхетий а ловзу. Тхан ловзаршна т1ехь куьйгалла до хьехархочо. Цунна дуккха а ловзарш хаьа. Тхуна дукхавеза тхешан хьехархо.

1.Шалхачу элпашна к1ел сиз хьакха

Талламан болх «Г1оьнча»

Балхара ц1а еанчу нанна ц1ера г1уллакхаш дина карадо.Юург а хуьлу кийчча,йохъян бен ца езаш.Дика г1оьнча ю ненан.

Талламан болх «Ч1ерий дохуш»

Со сайн доттаг1чуьнца ч1ерий даха вахара.Хи тийна лаьттачу айми чу тесира оха м1ерий.Сан м1ера т1е боккха ч1ара летча санна хетаделира суна.Суна моттадаларехь,пхьаьрссал боккха хир бара иза.Ас доггах схьаозийра м1ара.Амма иза соьга схьа ца баккхабелира.Соьца цхьаьна м1ара схьаозийра сан доттаг1чо а.Халла схьабаьккхира охашимма цхьаьна сан м1ара.Д1ахьаьжча, тиша,йоккха кало хиллера м1ерах тасаелла.

1. Шолг1а предложени меженашца талла.

Изложени «Ши накъост»

Цуьнан юьхьах хьожа а яьхна, иза велла моьттуш, ча д1аяхара.

-Чено соьга бохура, кхерам болчу меттехь накъост д1а а тосуш довдуш долу адамаш вон адамаш ду.

Изложени «Дог1анах девдда бераш»

Суьрта т1ехь гайтина гихь к1ант волу йо1,ахк,цунна т1ехула тиллина т1ай,бецийн аре, мархийн 1аьржа стигал.

Гихь к1ант волу йо1 едда йог1у.Жимачу ахкана тиллинчу т1ай т1е яьлла йог1у иза.Онда схьалаьцна цо к1ант.Цуьнан йовлакх охьашершира,месаш месаш мохо ловзайо.К1ентан б1аьргаш чохь кхеравалар го.Йо1 а ю карзахе стигала хьоьжуш.Стигал дог1анан мархаша д1алаьцна.

Махо охьайийшийна аренца йолу бецаш а,1алам а ду сакхдаьлла 1аш.Дог1а ду схьакхочуш. Сурт сингаттамах дуьзна ду.

Хикеманца хи т1ехула схьадог1ура тхо. Тхуна аьтту аг1ор баьццара эрз бара. Аьрру аг1ор лепара зезагийн к1айн кортош. Эрз юккъера ши бедан к1орни схьаелира. Тхо а гина, д1ахьаьдира и шиъ. Тхо царна т1аьхьадевлира. Аса куьг кховдийра, царах цхьаъ хьаста дагахь. Амма ший а бедан к1орни хи бухахь къайлаелира. Дуккха а 1ийра тхо бедан к1орнеш хи т1е йовларе сатуьйсуш. Юха эрза юккъехь гира сунна уьш. Цу юккъехь къайлаевллера бедан к1орнеш. Цхьа кортош бен дацара церан гуш.

Изложени «Шеран заманаш»

Аьхке уггар а хаза хан ю.Бераш хьуьнах оьху,хи чохь луьйчу.Уьш майданахь ловзу.Къегина кхетта малх хуьлу.

Ирча ю ткъа дашо духар дуьйхина гуьйре?Можачу г1аша биллина куз дитташ к1ел 1уьллу.Мел хаза ю гуьйренан беш!Меллаша оьгу можа г1аш лаьтта.Царна хала ду диттех д1акъаста. Ткъа дитташа,яхь д1а ца яла,ца хоуьйту шайна хала дуьйла.Уьш меллаша доьлху.Ткъа адамашна ма ца хаьа иза! Царна ч1ог1а хазахета цаьрга хьоьжуш 1аш.

Меллаша дог1у ло.Хьийза а хьийзаш,хелха а дуьйлуш,оьгу лайн чимаш.Бераша салазаш хоьхку.Лайн мижаргех ловзу.

Б1аьсте а яц х1умма а оьшуш.1а чекхдаллалц са ца тохалуш хьалакъеда къона буц,кегий г1аш. Ло деша.Г1овг1анца охьахьовду хин татолаш.Малх де мел дели бовха къега.Гучудовлу хьалхара зезагаш.Массо а х1ума денло.

Источник

Видео

Поделиться или сохранить к себе:
Технологии | AltArena.ru
Добавить комментарий

Нажимая на кнопку "Отправить комментарий", я даю согласие на обработку персональных данных, принимаю Политику конфиденциальности и условия Пользовательского соглашения.