Чеченский язык диктант б1аьсте

Видео:#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский языкСкачать

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский язык

Диктанты с 5 по 11 класс по чеченскому языку

Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.

Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шеен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.

Дуда цунна гуш вацара. Делахь а, х1ара волчу аг1орхьара бай хьоькхучу мохан х1онах кхийтира цунна адаман хьожа. Иштта ларлора ча таллархочух.

Бисолта, денна шен мангала а воьдуш, Зайнди лаха д1асхьа т1аьхьа ца волуш, 1ад1ара. Цунна хаьара, иза Дадалг1еран ц1ахь, шен доттаг1 1алболат волчохь, 1аш вуйла. Зайнди 1алботатца Михайловске деша барт бина вуйла-м ца хаьара Бисолтина.

Кхана д1аваха веза аьлла Зайндий, 1алболаттий кечвелла 1ачу дийнахь еана копира- цина товар дохьуш Соьлжа – Г1алит1ера грузовик кхечира. Цу т1ехь и шиъ Соьлжа – Г1алит1е а веана, цигара машинаца Михайловске вахара.

Бутт белира. Кхо бутт а белира. Зайндий, 1алболат Михайловскехь ч1ог1а доьшуш вара. Бисолтг1арна хиънера, Зайнди 1алболатца Михайловске деша вахнийла.

Боьалг1ачу беттан пхоьалг1ачу дийнахь Бисолтг1еран кет1а веанчу цхьа жимачу стага

– Х1е-е, чохь дуй шу? Бисолта? – аьлла, з1арах г1аж а тухуш, мохь туьйхира.

– Х1ун дора ахь? – аьлла, кет1а веара Бисолта.

– Х1ара кехат даийтина шуьга, Зайндигара ду моьттуш а ву со х1ара, – аьлла, Бисолте кехат д1а а кховдийна, чехка юхавирзира и жима стаг.

Дарцо охьа ветташ, вухавоьдучу цунна берзалойх тасаделла доллуш шен ц1агара к1айн ж1аьла а, чучча а г1оьртина, басахь дохкуш уьстаг1ий а гира. Дукха чевнаш хилла ц1агара ж1аьла ц1ела кирчича санна дара. Б1арзвеллачу Ахьмада воьддушехь схьаяьккхина шена т1ера кетар кхоьссира берзалошна юккъе. Царах схьайирзинчу цхьаммо Ахьмадана ирча къажийна цергаш гайтира, уьстаг1ашна т1ег1ерташ яра арданг.

Катоьхна шен карайог1у яраш а лахьийна, цу ц1евнах сирник 1оьттира Ахьмада, т1уьначу ярех ц1е ца летира: т1аккха, шена т1ера схьаяьккхинчу г1овталх сихха ят1ийна ши дакъа а дина, шина а кийсках сирник 1оьттира цо. Бекъа бамба, цхьа ира-муьста хьожа а йолуш, бага болабелча и ши кийсак, цхьацца буйна а йоьллина, лестош, берзалошна чуг1оьртира Ахьмад.

Источник

Видео:Чеченский язык 2 кл. Диктант "Бошмийн доттаг1ий".Скачать

Чеченский язык 2 кл. Диктант "Бошмийн доттаг1ий".

Фонд оценочных средств по чеченскому языку 5-9 классы

Урокан ц1е:Талламан диктант «Мокха хьоза»

Каде хьийза б1аьста мокха хьоза. Иза къардайна олхазар ду. Уьш даимна вовшашца девне хуьлу. Кор диллина хилча, корах чу дог1ий а, раг1у к1елахь лаьттачу пхьег1аш чу хьожий а, шена амал бо оцу хьозано. Цо деш дерг доккха зен дац, цо бечу пайдане хьаьжча. Оцу къардайначу хьозано цхьацца к1еда х1уманаш лахьош, шена бен бо. К1орнеш цо кхобу стоьмаш т1ехь хуьлуш долу зуламе н1аьний даош. Цундела 1алашдан деза и олхазар. Иза адамашца уггар ч1ог1а гергарло долуш ду.

Урокан ц1е:Талламан диктант «Б1аьлланг б1араш»

Хьуьнхахула волавелча, мажделла охьаэгначу г1аш юккъехь карадо б1араш. Уьш, ц1ен бос болущ, дуьзна хуьлу. Диканиг бен б1аьлланга т1ера охьа а ца дужу. Н1аьно талхийнарг дитта т1ехь дуьсу.

Б1араш лахьош лелачу хенахь, хьуна хьалхара д1аоьккху цхьа экха. Иза тарсал ю. Цу жимачу экханан беснеш, буьрка санна, юсаелла гахь, хаалахь, цуьнан бага б1арех юьзна юйла. Уьш цара, шайна 1аьнна кечам беш, д1адахка хьош ду шайн ц1а чу.Иштта адамашна а, дийнаташна а пайдехь ю б1аьлланг.Вай хьуьнан б1ар а олу цунах.

Урокан ц1е: Сочинени.Язъяр. «Со каникулашкахь волуш хилларг».

-Маца юьйлало каникулаш?

-Муьлхачу билгалонашца хаьа вайна иза?

-Муьлхачу бетташкахь хуьлу иза?

-Шеран муьха МУР хуьлу иза?

-Аьхка денош, буьйсанаш муха хуьлу?

-1алам аьхка муха хуьлу?

-Шуна муха хета аьхка?

— Шу муьлхачу ловзарех ловзу аьхка?

-Йовхо новкъа хуьлий шуна?

-Аьхкенах лаьцна цхьа а стихотворени хаьий шуна?

6 класс Урокан ц1е:Талламан диктант «Доттаг1алла».

Цхьана дийнахь Мохьмад школера ц1а веара. Дений, нанний г1о а дина, арифметикан урок ян йолийра. Схьайцира тетрадь а, задачник а. Парг1ат ойла а еш, задача йира. Иштта йина евллера примераш а. Т1аккха ц1еххьана цунна дагавеара Ахьмад.

Урокан ц1е: Изложени. Язъяр. «Бен ма хьебе»

Хьуьнан бераш шайн ц1ийнах къасто мегар дац. Делахь а, нагахь алкханчин т1ам лазийнехь я хьозанан ког чуьрабаьллехь, бух1ано шен б1аьрг лазийнехь, ишттачу чайта1на г1о дан деза. Вай юьйцурш могаш йолу чайта1аш ю. Къаьсттина мегар дац бух1анан к1орни хьуьнхара схьаян.

Бух1анаш к1еззиг бен йисина а яц, цундела ю уьш Ц1ечу книги т1е яьхна. Июль баттахь х1ора бен чохь урокаш д1ахьо.1аморан урокаш.Чайта1аш а. акхаройн к1орнеш а церан дас-нанас йовда а, такха а, т1емаяла а, т1екхета а, ларъяла а, д1алачкъа а, мох муьлхачу аг1ор хьокху,1индаг1 мича дуьжу а 1амайо.

Буса тешаме д1алачкъа меттиг а, дийнахь юург йолу аре лаха а 1амайо.

Адамна юххехь хьалакхиъна чайта1 аьрхачу 1аламан хьелашкахь ша яха 1емийна яц. Кхиа а йина д1ахецча, дукхахьолахь, ле иза. Акхаройн к1орнина кога ирах1отталц, чайта1на т1ема яллалц г1о дан мегар ду адамо. Хьуьнхахь дукха болх бу, берашна а цхьаьна.

Акха котамашна бай т1е г1ум а йоьхкина, лийча меттиг кечъян мегар ду. Пхьагална хи чохь долу к1аг к1аргбан мегар ду, ша хьагъелча мер ду цо иза. Цига дахка тарло цхьадолу олхазарш а.

Урокан ц1е:Талламан диктант « Гуьйре. »

Т1екхечи дашо гуьйре.Сийна стигал 1аьржачу мархаша д1алаьцна.Дог1анаш оьху.Олхазарш бовхачу махка д1адахна.

Бес бесара басарш а карахь, уггаре а хьалха хьуьнан юьйлира ТовзангаГуьйре.Шегарчу басарца доккха сурт дилла долийра цо цигахь.

Цхьадолчу диттийн г1аш, лимонаш санна, маждира.Важадерш хилла кхозучу 1ежаш санна,ц1ечу басе дерзийра.Юкъ-юкъарнаш-м ц1арах догуш санна хеталучу дашо басе дерзийра.

Оцу наьртана т1е а „духарˮ духа дагадеара цунна.Шена дага ма-дарра исбаьхьа кеч а вира цо и къена наж- дада.

Урокан ц1е: Талламан диктант «Обарг Зеламха»

Урокан ц1е: Сочинени. Язъяр «Со каникулашкахь волуш хилларг».

-Маца юьйлало каникулаш?

-Муьлхачу билгалонашца хаьа вайна иза?

-Муьлхачу бетташкахь хуьлу иза?

-Шеран муьха МУР хуьлу иза?

-Аьхка денош, буьйсанаш муха хуьлу?

-1алам аьхка муха хуьлу?

-Шуна муха хета аьхка?

— Шу муьлхачу ловзарех ловзу аьхка?

-Йовхо новкъа хуьлий шуна?

-Аьхкенах лаьцна цхьа а стихотворени хаьий шуна?

Урокан ц1е:Талламан диктант «Хала дахар»

1947-чу шарахь мелла а аттачу делира дахар. Адамашна боккха кхаъ хилира юкъара карточкаш д1а а даьхна, туьканахь паргг1ат духкуш бепиг а, цул т1аьхьа шекар а, цхьацца кхидолу сурсаташ а гучудовларх.

8 класс Урокан ц1е:Талламан диктант

Урокан ц1е :Изложени. Язъяр «Ямартло чекх ца елира» ».

Лазартни уьйт1ахь къаньелла дукха яккхий а, лекха а аккацеш яра.Дог1а дог1учу цхьана 1уьйранна лазартни уча ваьллачу сан б1аьрг кхийтира къеначу акказин буьххьехь бетталуш кхозучу кхокханах.

Гуш долу сурт ирча дара.

Массо а метте кхочуш долу эладитанен олхазар-ч1ег1аг шен г1овг1а а эцна, цхьанхьа д1а а дахана, духадеара. Ч1ег1агца цхьаьна кхокханна «орцах» кхин кхо маккхаллий, ши ч1ег1аггий еанера.Ч1ег1го мосуьйттазза дира и г1уллакх.Церан тоба стамъеллера кхокханна гонаха.Бетта а луш кхозуш кхокха а болуш,дог1уш дог1а а долуш, де чекхделира.Буьйсанна дог1а д1атийра.Т1ееара хаза 1уьйре.Наггахь тоха а луш, кхокха кхозуш бара.Ц1аьххьана дукха ч1ог1а тохабелира кхокха.Акказин га кагделла, кхокха генаца чубеара, лаьттах а кхеташ. Аккази т1ехь 1аш йолу маккхалшший, ч1ег1агашший кхокханцаний чухьаьлхира.Цуьнца чуяьхкина маккалш кхокханна т1ег1ертара, цунах шайна «той» дан безам болуш.

И сурт ган а гуш, больницан уьйт1а нораш хьокхуш йолу зуда Маруса а яра оцу белхан тидам беш. Шен карара еха г1аж йолу девзиг а эцна, т1ехьаьддачу цо, маккалшший,ч1ег1агашший д1а а къахкийна, т1еяхана кхокхе хьаьжира.

Урокан ц1е: Талламан диктант «Аьхке дагалацар»

Аьхке хаза зама ю.Стоьмах юьзна бошмаш а,бошмашкахь дека бес-бесара олхазарш а.Юьртана юккъехула а, йистехула а охьаоьху хаза хиш.Бухара т1улгаш а гуш сирла хиш а, шовданаш а ду.Баца юкъахь ц1ен а,можа а,баьццара а зезагаш ду.Цхьадолчу деношкахь бераш хи т1е ч1ерий леца оьху.Цхьадолу бераш юьртана уллорчу хьуьнах доьлху.Хьуьнхахь эшаршца декаш,шакарш етташ олхазарш ду.Екачу цаьпцалган цкъар а хеза.Наггахь х1аваэхь хьерчаш,ловзуш полларчий а го.

Аьхкенан довхачу дийнахь ара д1ахьаьжча,йовхонан тов а хуьлу гуш.Иштта довхачу дийнахь хи т1е лийча доьлху бераш.Малхе г1еххьа шайн дог1маш дагадойтуш,хи чохь лийча а луьйчуш, соьналла йолчу могашалла ч1аг1ъян доьлху.Цара кест-кеста книгаш йоьшу,ц1еначу х1аваэхь а, соьналлаш йолчохь а, бошмашкахь а дика садо1у.

Урокан ц1е:Талламан диктант «Да»

Д1аоьхура денош. Дуьне цхьа дассаделча санна хетара.Ца хезара ден аз. Ца хаалора цуьнан ховха куьг. И могаш волуш, цуьнан голаш т1ехь д1атевжжинчохь кхетара суна наб. Цунна улле бен д1а а ца вуьжура со, ткъа х1инца …х1инца уьш дерриг а юхадог1ур доцуш д1адевлла хиллера.

Урокан ц1е:Нийсантг харжар.

шина цхьалхечу предложенех лаьтта чолхе предложени ю

кхаа цхьалхечу предложенех лаьтта чолхе предложени ю

цхьанатайпанарчу меженашца йолу цхьалхе предложени ю

карчамца чолхеяьлла йолу цхьалхе предложени ю

2.Билгалъяккха къасторан хуттург: а) я; б) х1етте; в) ткъа; г) а.

3.Нийсаниг харжа: Амма, ткъа бохучу хуттурийн тайпа ду:

а) къасторан; б) дустаран в) дуьхьларан.

4.Хуттургаш ца хуьлу:

а) меттиган; б) карара; в) цхьаьнакхетаран.

а) куцдош ц1ердашца лела; б) куцдош хандашца лела;

в) куцдош предложенехь ша лела.

6.Предложенехь билгалдашах хуьлу:

а) латтам; б) нийса кхачам; в) сказуеми; г) къастам. 7.Г1уллакхийн къамелан дакъош ду:

а) ц1ердош, ц1ерметдош, куцдош;

б) хандош, терахьдош, билгалдош;

в) дешт1аьхье, хуттург, дакъалг

1) 1,2,4 2) 2,4,5 3) 1,3,4,5 4) 1,2,3,4

1) лааме, лаамаза 2) грамматически, логически 3) мухаллин, меттиган 4) берта, бертаза

1) меттан дерриге дешнех 2) меттиган матах 3) дешнийн нийсаяздарх 4) аьзнаш а, элпаш а 1амочу меттан 1илманан декъах

1) х1оттаман ду 2) чолхе ду 3) цхьалхе ду

12.Нохчийн маттахь легар къастадо

1) доланиг дожаран чаккхенца2) коьчалниг дожаран чаккхенца3) дийриг дожаран чаккхенца

4) хотталург дожаран чаккхенца

1) элпаш, аьзнаш 2) дешнаш, дешнийн кхолладалар 3) дешнийн цхьаьнакхетар, предложенеш

4) къамелан дакъош 14.Синтаксически къастам бе:

а) Хьалххе еанчу б1аьстено дохдинера дуьне.

Урокан ц1е:Талламан диктант «Б1аьсте»

Массо а са долчу х1уманна ирс, доккхадер дохьуш йог1у иза. Цунах даккхийдеш, олхазарш дека, ламанийн басешкахь, вовшашна карраш детташ, акха гезарийн буьхьигаш ловзу, бовхачу малхехь дег1ана хазахетар хилла пхьагалан к1орнеш 1охку, зурманах дека шийла шовданаш, шабаршца техка къена хьаннаш.

Лайн йийсарера схьахецаделла, стамделла, терсаш охьадог1у генахь ц1е йоккхуш доцу, амма дуккха а бала лайна, эрчонаш гина, хийлазза шен к1ентийн ц1ийца ц1ийделла Нана-Нохчмехкан Ясса-хи. Цуьнан йистойх летта 1охку цхьа-ши шо хьалха сецначу т1амо ирча лар йитина миска ярташ.

Б1аьсте ю-кх, даима санна, маьлхан, зезагийн, сийначу 1аламан б1аьсте. Iаламо шениг дитац, цунна бала бац адамийн мостаг1аллин, безаман, бохаман, ирсан. Iаламехь даима шен хенахь хийцало шеран раж. Хийцало денош, буьйсанаш. Iаламо цхьа цуьрг къайла ца доккхуш, озабезамаш ца беш, комаьрша схьакхийдадо шен токхе рицкъа. Амма иза маьссаьрга а нийса ца кхочу. Ницкъ болчара шайн сутарчу м1арашца дерриге а маракъуьйлу иза, г1орасизнаш т1ехьа лаьтта. Iаламан ницкъ бац адамашна юккъехь нийсо ян, харцо хьаша, бакъдерг толо.(165 дош)

ΙΙΙ.Дешархошна г1оьнна хаттарш ло:

1.Ас хаьржина корматалла.

2.Х1унда хаьржина иза?

3.Муха къахьега деза и лаам кхочуш беш?Деша дезий дика?

4.Хьенан дуьхьа доьшур ду ахь?

5.Хьан г1о дийр ду хьуна?

6.Болх муха бан дагахь ву хьо?

7.Вайн махкахь бан дагахь вуй хьо болх?

8.Нахана пайдехьа хир буй хьан болх?

9.Хьуна луур дуй кхечу махка д1аваха а,цигахь къахьега а?

10.Дений,нанний х1ун эр ду ахь,хьо цу дикачу новкъа ваьккхинчу?

11.Хьайн дахарехь халонаш 1итталахь а д1ахьур буй ахь хаьржина некъ?

12.Сочинени,кица дахарца я байтаца чеккъяккха.

Источник

Видео:✔️Как слышат чеченский язык😁Скачать

✔️Как слышат чеченский язык😁

Диктанты по чеченскому языку

Машар бохург дика дош ду.Вайна машар беза.Машарехь адамаша болх бо,уьш дика деха.Вайн Даймахко машарехьа къийсам латтабо.

Диттийн г1аш мажделла.Денош дацлуш ду.Олхазарш бовхачу махка д1аоьху.Арара ялташ чудерзийна.Дешархой деша буьйлабелла.

Со дешархо ву.Ас дика доьшу.Ас нанна г1о до.Нанас суна, дика к1ант ву, олу.Со школе т1аьхьа ца вуьсу.

Тхан школа хазачу меттехь ю.Школан кораш даккхий ду.Корашна т1ехь зезагаш лаьтта.Оха царна хи туху.Хаза ду тхан класса чохь.Оха дика доьшу.

Тхан кертахь кест-кеста жима хьоза го.Иза тхан кора юххе охьахуу.Цо хаза эшарш лоькху.Ас цуьнга ладоьг1у.Иза соьх ца къаьхка.Ас цунна цуьргаш тосу.

Суна йишас хьехамаш бо.Ас цуьнга ладуг1у.Тетрадаш,книжкаш ц1ена 1алашъян еза,боху цо.Ас уьш ц1ена лелайо.Урокаш йина ваьлча,шайн метта д1айохку ас книжкаш.

Со юьртахь 1аш ву.Тхуна юххехь шовда ду.Шовданан хи шийла ду.Шовданан хи ц1ена,сирла ду.Оха шовданан хи молу.Тхан юьртахь шовданаш дуккха а ду.

Аьхка йовхачу хенахь тхо х1ора дийнахь доьлху хи т1е.Лийча дика айма йолуш меттиг хаьа тхуна.Лекха боцчу берда т1ера чукхийсало тхо.Хи т1ехула нека деш,юьйсина буьрка сана,лела тхо.Хаза хуьлу аьхка луьйчуш!

Ч1ог1а харцхьара ду тхан цициг.Кхоссалой маьнги т1е долу иза, кора т1е долу, юха маьнги к1ел лечкъа.Мачаш т1еюхуш вахьа хиъча, ботинкийн чимчарг1аш ийзадо цо.Данне а дац тхан цициг цхьана метта соцуш.

Тхан кертахь комарийн дитт ду.Со цунна т1е валало.Ас га дегийча,комарш дитта к1ел охьаоьгу.Нанас,йишас шаршу а лоций, царна а эгайо ас комарш.Тхан дитта т1ера комарш ч1ог1а мерза ю.

Ас сайн веше кехат яздо.Иза Москвахь доьшуш ву.Кеста отпускана ц1а вог1ур ву иза.Суна дукхавеза сайн ваша.Цо гуттар а хьехамаш бо сунна.Ас цуьнга ладуг1у.Цо сунна дуккха а керланиг 1амадо.

Юьртахь йоккха клуб йина.Цигахь кест-кеста кино гойту.Со дадица воьду цига.Юьртан клубехь г1алара баьхкина артисташ а хуьлу.Хаза ду юьртан клубехь.

Тхо г1о дан дахара.Делкъан хилча,х1ума яа кхайкхира тхоьга.Жижиган чорпа йиинчул т1аьхьа тхуна хьалха дехкира ц1ен,мерза 1ежаш а, можа бос болу хьечаш а,1аьржа хьечаш а.Х1ума а йиъна,кхид1а а бира оха болх.

Жалил танкист ву. Танкана юххехь лаьтташ даьккхина сурт даийтира цо ц1а.Х1ора кехата т1ехь шен танк хестайо Жалила. Воккха хилча,со а хир ву танкист.Суна кинохь дукха гина танкаш.Онда машинаш ю уьш.

Ц1ена ду хьуьнхара х1аваъ.Абу хьуьнха тала воьду.Ж1аьла а дуьгу цо шеца.Хьун тийна хетта.Амма хьуьнхахь кхехкаш дахар хуьлу.Цхьанхьа тебна цхьогал доьду,кхечанхьа хьуьнан к1оргехь генаш кегдеш лела партала ча.

Школехь выставка яра.Цу выставкехь дара бераша дехкина суьрташ.Виситас диллина сурт хазахийтира массарна а.Цуьнан суьрта т1ехь яра церан школа а, школана юххера ц1енош а, урам а. Виситина хаза совг1ат делира.

Б1аьстенан хьалхарчу деношкахь аха яхара тракторш.Цхьана тракторна т1ехь болх беш сан ваша ву.Шуьйра,йоккха аса схьалоций оху тракторо.Нуьцкъала машинаш ю тракторш.

Олхазарш бошмийн доттаг1ий ду.Бошмашна зен деш йолу садолу х1уманаш юу цара.Олхазарш 1алашдан деза.Царна баннаш дан деза.Олхазарш къехко ца деза.

Хи т1е ч1ерий даха вахара ши к1ант.Хи тийна дара.М1ерий дуьйг1ира шина к1анта.Ч1еро муьрг туьйхира.Цхьана к1анта м1ара схьабаьккхира.Цу т1ехь боккха ч1ара кхозура

Лётчикаш майра адамаш ду.Уьш шайн кеманашна т1ехь мархашна лакхахула лела.Кема халла бен гуш ца хуьлу.Лётчикаш парашюташца охьалелха. Воккха хилча, со а хир ву лётчик.

Оха школан бешахь синтарш дийг1ира.Школана хьалхарчу новкъахь а дийг1ира.Царна т1е цхьабосса г1а даьлла.Хаза хир бут хан урам.Шорта 1индаг1 хир ду.

Довха дара аьхка денош.Хи а дара дохдича санна.Бераш лийча оьхура.Малхехь дог1маш дагош, хи чохь луьйчуш денош дехира цара.Ч1ерий даха а оьхура бераш.

Ахмадов Мустапий, Сулиманов Вахий цхьаьна доьшуш ву.Церан классехь доьшуш ю Саламова Зина а.Цара дика доьшу.Ц1ахь ян елла урокаш цхьаьна йо.Цахуург вовшашна дуьйцу цара.Дика бераш ду уьш.

Ас сайн нанна г1о до.Цуьнан г1уллакхаш дукха ду.Ас хи а дохьу, пхьег1аш а юьлу.Бедарш йитта пурба ца ло суна нанас.Йоккха хилчхьана,юьттуьйтур ю,олу.Сихха йоккха хилахьара со.

Жима Селим школе деша оьху шо герга хан ю.Цунна школа езаелла.Керла дуккха а х1уманаш 1емина Селимана.Цунна яздан а,деша а хаьа.Тохара вашас йоьшура цунна книжка.Х1инца ша йоьшу цо.Доккха х1ума дац ткъа иза?

Кеманна т1ехь вахара со дадица Москва.Мархашна т1ехула доьдура кема.Суна юххехь хиъна 1аш вара Майрбек.Иза а вара шен деца вог1уш.Корехула лаьтта охьахьоьжура тхойшиъ.Мархаш, бамба биллина аре санна, хетара.

Б1аьсте т1ейог1уш, ира мехий санна, хьалайовлу бецахелигаш.Денош денна дохло, дахло.Массеран а самукъадолу б1аьста.Дехачу 1ай дижина 1иллича санна самадолу 1алам.Каде хьийза олхазарш.

Гуьйренан т1аьххьара денош шийла хуьлу.Буса г1ура озайо,дийнахь ястало.1а т1ег1ертаран билгало ю иза.Д1а а вижна, 1уьйранна хьо хьалаг1аьттича, диллина к1айн ло хуьлу.Йовха бедарш т1е а юхий, арадовлу бераш.Салазаш хоьхку цара.Самукъане хуьлу берашна 1а.

Юьртан йистехь йоккха беш ю.Бешахь стоьмийн дитташ ду.Беш 1алашъеш бешахо ву.Телхинчу дитташна дарбанаш леладо бешахочо.

Чеченский язык диктант б1аьсте

Чеченский язык диктант б1аьсте

Чеченский язык диктант б1аьсте

Чеченский язык диктант б1аьсте

Номер материала: ДБ-122942

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Видео:Чеченский язык с нуля. Онлайн уроки. Урок 1Скачать

Чеченский язык с нуля. Онлайн уроки. Урок 1

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

Видео:Хандешнаш - глаголы чеченского языкаСкачать

Хандешнаш - глаголы чеченского языка

ФОСы по чеченскому языку

Выбранный для просмотра документ ДИКТАНТЫ ПО ЧЕЧ,ЯЗ 3 кл.docx

Нохчийн меттан талламан белхаш 3 класс.

Д иктант 1 «Бошмийн доттаг1ий»

Дитта т1ехь д1атоьхна бен бу. Цу чохь олхазарш дека. Олхазарш бошмийн доттаг1ий дуйла хаьа сунна.

Ас уьш къехка ца до. Цундела тхан дитташ т1е стоьмаш дуккха а латабо.

БИЛГАЛОННА ДЕШНАШ : д1атоьхна.

б) Грамматически т1едилларш.

1. Шолг1а предложении меженашца талла.

2. Схьаязде хьалхарчу предложенера дешнийн цхьанакхетарш.

3. Йоьхна предложенинисъе.

1алашо: дешан х1оттамах лаьцна болу хаамаш таллар.

Дика дешархо ю Хьава. Хаза сурташ дахка хаьа Хьавана. Цкъа 1аьржа къолам хьокху цо. Юха сизаш дохку. Т1аккха бес-бесарчу къоламашца хаздо цо сурт.Тхов ц1ег1а кибарчиг йолуш бо, не1аршна сийна басар хьокху. Диллина долу сурт.

Цхьаорамболу дешнаш схьаяздар.

Дешархоша школан бешахь стоьмийн синтарш дийг1ира. Урамийн йистошца а дийг1ира цара уьш. Синтарш кеста хьалакхуьур ду. Цара 1индаг1 латтор ду. Цара стоьмаш лур бу.Синтарийн г1айга беш хир бу дешархой. Царна шайн школа а, шайн юрт а хазахила лаьа.

Хьалхарчу предложенехь коьрта меженаш билгалъяха.

Мукъа шалха элпаш юкъахь долу дешнаш схьаязде.

Мог1анера сехьа даха мА-дезза д1аязъе т1аьхьара предложении

Диктант 4 «Хьайбанаш»

аь) Диктант д1аязъяр.

1. Къасторан хьаьркаш йолу дешнаш схьаязде.

2.Сехьадаха мА деззара декъа дешнаш: дитташ, дуьххьара, жимчу.

3.Хьалхарчу предложенерчу дешнашкара мукъачу элпашна буха сиз хьакха.

Диктант 5 «Хасбешахь»

1алашо: нийса диктант язъян 1амор.Хандешнех лаьцна болу хаамаш таллар. Хандешнаш билгалдаха, церан билгалонаш йовза хаар таллар.

Схьаязде пхиъ хандош. Билгалъяккха хан.

Хьалхарчу предложенехь билгалъяха коьрта меженаш.

4-чу предложенехь къамелан дакъош къастаде.

Диктант 6 «Салазаш хехкар»

1алашо: дешан х1оттамах лаьцна болу хаамаш таллар. Царех йозанехь пайдаэца хаар таллар. Дешнаш дешан х1оттамца къасто хаар таллар.

Бераш сатийсина 1аьнан каникулаш т1екхечира. Салазаш а эцна, гу т1е дахара бераш.Кху 1ай ло дуккха а диллинера.

Гу т1ера чу салаз хахка цхьа а ца ваьхьара. Массарел а ша майра гайта г1ерта Лоьма хьалхавелира. Чухийцира цо шеен салаз. Лаха чу кхаччалц дика вахара иза. Иза цигахь охьакхийтира. Ло к1еда хиларна лаза ца вира.

Т1аккха вукху бераша а хаьхкира шайн салазаш.

Т1аьхьара предложении меженашца талла.

Диктант 7 «Хаза книжка»

1алашо: дешан х1оттамах лаьцна болу хаамаш таллар. Царех йозанехь пайдаэца хаар таллар. Дешнаш дешан х1оттамца къасто хаар таллар.

Хьо цкъа а хилла воцучу махка кхачаво книжкано, кхечу къаьмнийн г1иллакхаш а довзуьйту.

Хьалхарчу предложенехь бидгалдаха ц1ердешнаш

Т1аьххьара предложении межнашца талла

Диктант 8 «Можа хьоза.»

1алашо: билгалдешнех лаьцна болу хаамаш таллар. Йозанехь билгалдешнех пайдаэцар хаар таллар. Билгалдешнаш къасто хаар таллар.

Мурада можа хьоза лецира. Цо иза ц1а а деана, гура чу хаийра. Хьоза декара сагатлуш, шеен жимачу з1акарца гуран дуткъийчу серех тийсалора. Ц1а еача йишас дов дира вешина. Мурада д1ахийцира можа хьоза. Декаш сирлачу стиглара т1ома делира хьоза.

2.Билгалдешнашна буха тулг1ений сиз хьакха.

3.Х1оттамца къастаде дешнаш: д1ахийцира, сирлачу.

Диктант 9 «Дог1а дале хьалха»

1алашо: шарахь гулбина хаамаш таллар.

Дог1а далее хьалха.

1.Т1аьхьарчу предложенехь коьрта меженаш билгалъяха.

2. Х1оттамца талла дешнаш: т1екхохкаелира, 1аьржачу.

3. Дехий мукъа аьзнаш юкъахь долу дешнаш схьаязде.

Выбранный для просмотра документ Диктанты 2 класс.docx

Нохчийн меттан талламан белхаш 2 класс.

1алашо: Предложенех, текстах лаьцна болу хаамаш таллар.

Мукъачу элпашна буха сизаш хьакха.

Дешдакъошка декъа т1аьхьарчу предложенера дешнаш.

Йозанца д1аязде маса предложении ю текстан.

Машар бохург дика дош ду. Вайна машар беза. Машарехь адамаша болх бо, уьш дика деха. Вайн Даймахко машарехьа къийсам латтабо.

Хьалхара мог1а –аша буха сизаш хьакха мукъачу элпашна.

Шолг1а мог1а –буха сизаш хьакха мукъазачу элпашна.

Дешдакъошка декъа дешнаш: вайна, машар, Даймохк, къийсам.

Диктант 3 «Уьстаг1ий»

1алашо: шалхачу элпех лаьцна болу хаамаш таллар. Шалха элпаш билгалдаха хаар .

Тхан юьртахь уьстаг1ий дукха ду. Уьш дика 1алашдо. Цундела шортта жижиг а, т1арг1а а хуьлу. Бераша а до уьстаг1ий 1алашдеш г1о. Кест-кеста уьш дажо а оьху бераш.

Мукъа шалха элпашна буха цхьа сиз хьакха, мукъаза шалха элпашна буха ши сиз хьакха.

Хьалхара предложении дешдакъошка екъа охьнехьа сизаш хьокхуш .

Диктант 4 «Гуьйренан т1аьххьара денош»

1алашо: къасторан хьаьркех лаьцна болу хаамаш таллар, царех пайдаэца хаар кхиор .

Гуьйренан т1аьххьара денош

Къасторан хьаьркаш йолу дешнаш схьаязде. Къасторан хьаьркашна буха сизаш хьакха.

1алашо: х1уманаш билгалъечу дешнех лаьцна болу хаамаш таллар. Доларчу ц1ерех лаьцна болу хаамаш таллар. Текстехь долара ц1ераш билгалъяха хаар таллар .

Хьалхара тоба- адамийн ц1ераш схьаязъе.

Шолг1а тоба- адамаш билгалден дешнаш схьаязде.

Т1аьххьарчу предложенехь мукъачу элпашна буха сизаш хьакха.

Диктант 6 «Тхан доьзал»

1алашо: х1уманийн дар билгалдечу дешнех лаьцна болу хаамаш таллар. Текстехь х1уманийн дар билгалдечу дешнаш билгалдаха хаар таллар .

Массара бертахь х1ума юу.

Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна буха сизаш хьакха.

Диктант 7 «Хьуьнхахь»

Ц1ена ду хьуьнхара х1аваъ. Абу хьуьнха талла воьду. Ж1аьла а дуьгу цо шеца. Хьун тийна хета. Амма хьуьнхахь кхехкаш дахар хуьлу. Цхьанхьа тебна цхьогал доьду, кхечанхьа хьуьнан к1оргехь генаш кегдеш лела партала ча.

Текста юкъара схьаязде гергара дешнаш, билгалбаккха орам.

Схьаязде кхоъ х1уманан дар билгалден дош.

1алашо: шарахь гулдина хаарш таллар. 1амийначу бакъонех пайдаэца хаар таллар.

Хьун 1алащъян еза. Хьун кхио еза. Хьаннаша бахамна оьшу коьчал латтайо. Хьаннаша х1аваъ ц1андо. Ц1ена х1аваъ могашаллина оьшуш ду.

Хьуьнхахь ц1ераш яго мегар дац. Хьуьнан доттаг1 хила веза. Хьун ларъян еза.

Къасторан хьаьркаш йолу дешнаш схьаязде.

Гергара дешнаш караде, церан орам билгалбаккха.

Хьалхарчу предложенехь мукъачу элпашна буха цхьа сиз, мукъазчаьрна буха ши сиз хьакха.

Дешдакъошка декъа дешнаш: хьаннаша, могашаллина, хьуьнан.

Выбранный для просмотра документ Диктанты 4 кл. чеч.яз..docx

Нохчийн меттан талламан белхаш 4 класс.

Диктант: 1 «Хьуьнах дахар».

Сарахь оха тхешан т1оьрмигаш кечдира. 1уьйранна тхо новкъадевлира.Тхоьца тхан хьехархо а вара. Сада1а билгалъяьккхинчу меттехь севцира тхо. Амма тхан накъосташна дика некъ карийра. Тхо оцу новкъа д1адахара. Таьххьара а сада1а боккха 1ам болчохь севцира тхо. Ц1еххьана тхуна хезира бер доьлхуш. Тхо девдда цига дахара.Жима ши йо1 тилаелла хиллера. Оха и шиъ новкъаяьккхира.

1. Пхоьалг1а предложении меженашца талла. Дешнийн цхьанакхетарш схьаязде.

2.Шолг1ачу предложенехь къамелан дакъош билгалдаха.

3. Схьаязде мукъаза шалха элпаш цхьана нисделла дешнаш.

Диктант: 2 «Олхазарш»

1алашо : 1амийначу бакъонашна дог1у дешнаш нийсаяздан хаар таллар.

Цхьадолу олхазарш гурахь бовхачу махка д1адоьлху. Церан д1адахар тайп-тайпана хуьлу. Ч1ег1ардигаш яккхий тобанаш йой доьлху. Г1арг1улеша кхосаберг йо. Г1езаша мог1а бо.

Бошмашна зуламе йолу садолу х1уманаш а юу олхазарша. Цундела лору уьш белхалоша бошмийн доттаг1ий.

Хьалхарчу предложенехь билгалдаха къамелан дакъош. Меженашца талла иза.

Схьаязде кхоъ каарарчу хенан хандош, билгалъяха чаккхенаш.

Диктант 3 «1аьнан оьг1азло»

(Халкъан барта кхолларалла).

Хьалхара предложении меженашца талла.

Шайца долчу ц1ердешнашца схьаязъе кхоъ дешт1аьхье.

Диктант: 4 «1аьнан мох»

Шийлачу мохо диттийн баххьаш лестадо. 1ай шийлачу механ хьекхар сих-сиха хуьлу. Бераш шийлачу махана дуьхьал дирзина лаьтташ дара. Со корехула шийлачу махе хьоьжуш лаьттира. Арахь хоькхуш шийла мох бара. Суна т1ехь йовха бедарш ю. Цундела со шийлачу махах ца кхоьру. 1ай хьоькхучу шийлачу махал новкъа х1ума ца хуьлу. Шийлачу махаца къийсалуш сана лаьттара акхтаргаш.

Схьаязде массо а предложенера шийла боху билгалдош, цуьнца уьйр лелош долу ц1ердош. Билгалдаха дожарш, чаккхенаш.

Хьалхара предложении меженашца талла.

1алашо : 1амийначу бакъонех йозанехь пайдаэца хаар таллар( Долара ц1ерш даккхийчу элпашца язъяр, мукъа аьзнаш (и, уь (юь) йозанехь билгалдахар, мукъаза шалха элпаш т1аьхье –хьалхе нисделча нийсаяздар). Хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяр таллар. Текстехь хандешнаш карор, церан грамматически билгалонаш йовзар тидам бар.

Сайн ши ваша волчу ваха дагахь, лекхачу маьнги т1ера чу а шершина, когаш1уьйра учи т1е велира со.

Схьаязъе долара ц1ераш.

Схьаязде билгалза кепан хандешнаш шайца уьйр лелочу дешнашца.

Кхоалг1а предложении меженашца талла.

Диктант:6 «Леккъий, лекъан к1орнешший»

1алашо : 1амийначу бакъонашна дог1у дешнаш нийсаяздан хаар таллар.

Леккъий, лекъан к1орнешший.

Нах хиллера цана хьокхуш бохкуш, ткъа оцу хьалаяьллачу цана юккъехь лекъан к1орнеш хиллера.

Лекъан к1орнеш сакъералуш яра, бена гонаха сирла хиларна, цара бохура: «Вайн нана къанъелла, цундела цунна вайн самукъадолийла ца лаьа». Т1аккха ц1ийза юьйлаелира уьш.

. Буха сиз а хьокхуш билгалъяккха чолхе предложени.

Къасторан хьаьркаш йолу дешнаш схьаязде.

Мадарра къамел долу предложенеш билгалъяха.

Хьалхарчу предложенерчу ц1ердешнийн дожарш къастаде.

Чеченский язык диктант б1аьсте

Чеченский язык диктант б1аьсте

Чеченский язык диктант б1аьсте

Чеченский язык диктант б1аьсте

Номер материала: ДБ-1312240

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Видео:Диктант 1 класс плюс задания. Как научиться писать диктанты в 1 классе?Скачать

Диктант 1 класс плюс задания. Как научиться писать диктанты в 1 классе?

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

💥 Видео

Iамабе тхоьца нохчийн мотт! Учите с нами чеченский язык!Скачать

Iамабе тхоьца нохчийн мотт! Учите с нами чеченский язык!

Диктант «Наша группа» || Диктанты. Уровень А1Скачать

Диктант «Наша группа» || Диктанты. Уровень А1

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С НАДЕЙ | Топ-3 самых популярных вопросов✨Скачать

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С НАДЕЙ | Топ-3 самых популярных вопросов✨

Учим чеченские словаСкачать

Учим чеченские слова

Чеченский язык с нуля | уроки чеченского языка | нохчийн мотт | chechen languageСкачать

Чеченский язык с нуля | уроки чеченского языка | нохчийн мотт | chechen language

Гойшуна доттагlиСкачать

Гойшуна доттагlи
Поделиться или сохранить к себе:
Технологии | AltArena.ru
Добавить комментарий

Нажимая на кнопку "Отправить комментарий", я даю согласие на обработку персональных данных, принимаю Политику конфиденциальности и условия Пользовательского соглашения.