Чеченский язык изложение дика амал

Чеченский язык изложение дика амал Языки

Главная > Документ

Информация о документе
Дата добавления:
Размер:
Доступные форматы для скачивания:

( Планаца 18 с 1-чу чийрикехь)

1амочу коьчалан ц1е

Нохчийн халкъан кхолларалла.

Нохчийн халкъан кхолларалла йовзийтар.

Туьйра «Тамашийна олхазар».

Дешначу суьртан сурт х1отто 1амор.

Туьйра «Кхо ваша» вежарша дина ха.

Аг1о 10-12 еша, чулацам схьабийца

Туьйра«Кхо ваша» кхоалг1ачу вешин

Дас, нанас аьлларг дича хуьлу дика болх гайтар

Туьйра «Барзо 1ахарца мохк къовсар».

Даймахке болу безам бовзийтар.

Аг1о 22-24 еша, чулацам схьабийца

Кл. арахьара дешар «Хьекъал долу йо1 а, кхелахо а».

Хаа деза, харцонал хьекъал тоьлий.

Туьйра «Кхо ваша а, саьрмак а».

Дина хьехар схьалаца дезий хаар.

Доьшуш хилла к1ант.

Шен дешан да хила везар гайтар.

Аг1о 29-39 еша чулацам схьабийца

Кицанаш довзийтар, царах кхетор.

Х1етал-металех кхетам балар.

«Ломмий, цхьогаллий» изложенина кечам бар.

Дозуш долу къамел кхиор.

Лом къан а делла к1елдисина. Тохара санна акхарой леца карах ца долура цуьнан. Т1аккха цо х1илла дира. Ша цомгаш ду аьлла сурт а х1оттийна, охьадижира лом шен бен чу. Цуьнга хьажа ца веънарг кхана бехке хир ву, бохуш, акхарой т1еэха дуьйладелира цунна, могашалла хатта.

Чу мел деана экха кхаьллина делира лом. Цхьана дийнахь лоьме хьажа деана хилла цхьогал. Не1аре а х1оьттина, цо хаьттина: «Х1ун хьал ду хьоьгахь, хьоме лом, г1оли юй хьуна?» – аьлла.

Ша 1аламат ч1ог1а цомгуш долчуха сурт а х1оттийна, халла йовхарш а тоьхна, г1ийла ц1евзина лом:

– Цхьогал, хьо дац и? Дера соьгахь вон хьал ма ду. Чу долий, парг1атдалахьа.

– дера чудеача соьгахь кхин а вон хьал хир ма дара. Хьан чу йог1уш лараш дуккха а го сунна, арайолуш-м яц цхьа а, – аьлла х1илла долчу цхьогало.

1. Къеначу лоьман цамгар. 3. Цхьогалан лом долчу дар.

2. Акхарошна хуьлу х1илла. 4. Цхьогалан х1илла.

Дешархой шаьш болх бан 1амор.

Саидов Билалин кхолларалла

Б.Саидов «Майра к1ант Сулима» Седин, Сулимин безам.

Аг1о 54 –56 еша, чулацам схьабийца

Сулимин акхарошца тасаделла гергарло.

1аламе а, акхарошца а тасаделла гергарло.

Аг1о 57-66 еша, цхьа дакъа дагахь хаа

Содина дагабеана шолг1а тешнабехк.

Тешнабехк ша шех бахар гайтар.

Чулацам бийца кечам бан.

Сулимина карийна накъостий.

Барт берш цхьаьнга эшалац.

Аг1о 66 –72 еша, чулацам схьабийца

Туьйранан чулацам а, маь1на а.

Хаа деза, туьйранашка ладог1а а, схьадийца а.

Туьйранан чулацам йийцаре бар

Гацаев С. «Чкъоьрдиг» к1ант кхоьру.

Нанас Чкъоьрдигна дина г1о.

Аг1о 95-103 еша, чулацам схьабийца

Аг1о 103- 112 еша, чулацам схьабийца

Мусаев М. «Ц1ен маьхьси».

Аг1о 84-89 еша, чулацам схьабийца

Цхьогало барзана бина бекхам.

Нахана даьккхинчу ор чу ша эккха.

Аг1о 89-93 еша, чулацам схьабийца

Исмаилов А. Бух1анан дийцар.Лоьман пачхьалкх. Кура сай.

Акхаройн амалш йовзийтар.

Аг1о 115- 121 еша, чулацам схьабийца

Барт адамашна санна акхарошна а оьший хаийтар.

Классал арахьара дешар «Лулахой».

Лулахойн барт хилча цхьанна вон ца хуьлу.

Аг1о 226 еша, чулацам схьабийца

Литературни туьйраний а, халкъан туьйраний юкъара башхалла.

Туьйранийн юкъарчу башхалла йовзийтар.

Бадуев С. кхолларалла йийца

Бадуев С. «Зайнди» Зайндис дина ц1ийнананолла.

Ненан марзо йоккха хилар хаийтар.

Аг1о 129- 137 еша, чулацам схьабийца

«Зайнди» дега даийтина кехат.

Арухин дохко яларан бахьана хаар.

Аг1о 137-144 еша, чулацам схьабийца

«Зайнди» дийцаран план х1оттор.

Планаца чулацам схьабийца

Классал арахьара дешар «Хьасанний, Ахьмаддий».

Вежарийн вовшашца болу безам бовзийтар.

Аг1о 338 еша, чулацам схьабийца

Хь. Саракаев «Баьпкан чкъуьйриг».

Хаа деза, бепиг иза массо а х1уманан корта буй.

Аг1о 148- 151 еша, чулацам схьабийца

« Дика амал»изложенина кечам бар.

Дешархойн дозуш долу къамел кхиор

1аьнан зама. Ша хьаьхначу арахь когаш шерша. Хи дахьаш йог1у цхьа йоккха зуда. Гу т1е хьалайолуш галйолу иза. Когаш шершаш саца а ца елла, охьакхета зуда. И гира ша т1ехь ловзуш волчу 1умарний, Мохьмадний. 1умар, зудчуьнга а хьаьжна, велавелира. Цунна оьг1азваханчу Мохьмада элира: «Эхь ца хетта хьуна вела, хьо-х дешархо ву!» Т1аккха цо, зудчунна хьалаг1атта г1о а дина, ведарш юха дуьзна, уьш ц1а даьхьира. Зудчо резахиларца даггара баркалла элира Мохьмадна. Шолг1ачу дийнахь хьехархочо дикачу амалех лаьцна къамел дира.

Класс ладоьг1уш д1атийнера.

Хьехархочо дийцира Мохьмада селхана зудчун г1о лацарх. Зудчо кехат даийтина хиллера школе.

– Мохьмад ц1ийвеллера, цул а ц1ийвеллера селхана зудчух вийлина 1умар.

Эххар а хьехархочуьнга дош дийхира цо. Хьехархочо бакъо елира. Шега даьлла г1алат мА-дарра д1адийцира 1умара. Дешархошка а, Мохьмаде а шена бехк цабиллар дийхира цо.

1. Зудчун охьакхетар. 4. Йоккхачу стеган баркалла.

2. 1умаран г1алат валар. 5. Хьехархочун къамел.

3. Мохьмадан оьг1азвахар. 6. К1ентан кхетар.

Лийрбоцурш бохучу дашах кхетам балар.

Аг1о 154 еша, дагахь 1амо

Халкъана ницкъ а беш, гулбина ба хам,даьккхина дарж, говро хьоршам тоьзча а, духий д1адолучу зезагел баппел тешаме а, т1аьхьало йолуш а дац.

Аг1о 159- 164 еша, чулацам схьабийца

Сатуев Хь. «Лаьмнийн къоналла».

1аламе болу безам к1аргбар, шорбар.

Аг1о 166 еша, дагахь 1амо

М. Сулаев «Ламанан хи».

Даймехкан, халкъан дуьхьа шен ницкъ кхочу г1уллакх дан дезий хаар.

Аг1о 170 еша. дагахь 1амо

1аламах лаьцна сочинени «Б1аьсте».

Дозуш долу къамел кхиор.

Махмаев Ж. кхолларалла еша

Ж. Махмаев «Буьйсанан г1улчаш»

Билггал шена хууш доцчу х1уманна стаг бехке ван мегар цахилар хаар.

Шегара даьлла г1алат

нисдар цкъа т1аьхьа дац

Аг1о 184- 190 еша, чулацам схьабийца

Классал арахьара дешар «Лом-1елин хьуьнарш».

Дешаре болу безам к1аргбар.

Аг1о 271 еша, чулацам схьабийца

Сулейманов А. «Борз ю уг1уш».

Адамийн дахар 1аламан хьелашца дустар муха нисло гайтар.

Аг1о 192- 194 еша, чулацам схьабийца

1-Хь. Хатуев «Аьрзунан илли».

Къоман г1иллакхаш довзийтар, уьш лара дезар.

Аг1о 195- 196 еша, чулацам схьабийца

«Цхьана буса» изложенина кечам бар.

Дозуш долу къамел кхиор.

Изложени «Цхьана буса» изл.гулам Аг1о 8 1 с

Ж1аьлешка луьйчу Ахьмадан аз а хезаш, ша висна Ибрах1им ойланаш еш вара. Иштта ша висча, ойланашца шеен кийра хьоьжура воккха стаг. Дуккха а хан ю Ибрах1им же лела. Хийла арахь буьйса яьккхина цо кхузахь.

Уьстаг1ашна го а баьккхина, вухавирзинчу Ахьмадана тог1ий чохь ж1аьлеш леташ хезира.

Дарцо охьа ветташ, вухавоьдучу цунна берзалойх тасаделла доллуш шен ц1агара к1айн ж1аьла а, чучча а г1оьртина, басахь дохкуш уьстаг1ий а гира. Дукха чевнаш хилла ц1агара ж1аьла ц1ела кирчича санна дара. Б1арзвеллачу Ахьмада воьддушехь схьаяьккхина шена т1ера кетар кхоьссира берзалошна юккъе. Царах схьайирзинчу цхьаммо Ахьмадана ирча къажийна цергаш гайтира, уьстаг1ашна т1ег1ерташ яра арданг.

Катоьхна шеен карайог1у яраш а лахьийна, цу ц1евнах сирник 1оьттира Ахьмада, т1уьначу ярех ц1е ца летира: т1аккха, шена т1ера схьаяьккхинчу г1овталх сихха ят1ийна ши дакъа а дина, шина а кийсках сирник 1оьттира цо. Бекъа бамба, цхьа ира-муьста хьожа а йолуш, бага болабелча и ши кийсак, цхьацца буйна а йоьллина, лестош, берзалошна чуг1оьртира Ахьмад.

Шена хьалха и тохара санна кхераме къажийна берзан к1омсарш гина йовлаллий, т1екхеттачу барзо некхе ка тоьхна, т1ек1ел эккхийтира Ахьмад. Оцу минотехь, шена юххехь шозза топ йолуш хезира цунна. Берзалой кхераелла д1асаевдира.

1. Дорцах кхераделла жа. 4.Берзалойн т1елатар.

2. Воккхачу стеган йоьхна ойла. 5. Ахьмадан къонахалла.

Источник

Видео:Ма борш вац и вамСкачать

Ма борш вац и вам

Чеченский язык изложение дика амал: Методические разработки по чеченскому языку (изложения)Методические разработки по чеченскому языку (изложения)

Урокан ц1е: « Изложени : «Ши йо1».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Регулятивни : берашна 1емар ду кийчачу планаца болх бан: х1ора декъера чулацам шайн дешнашца схьабала.

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

3. Личностни : берийн кхуьур бу адаме къинхетам. Берийн алсамдер ду ц1епрошта некъах ларбалар.

2. 1алашо йовзийтар.

3. «Ши йо1» ц1е йолу текст йовзийтар.

Хьехархочо д1айоьшу текст.

-Х1ун хилира ц1а йог1уш? (Ц1а йог1уш ц1еххьана ц1ерпошт гучуелира).

-Муха дара шина йоь1ан хьал? (Ши йо1 кхераелира).

-Х1ун дира цьршимма? (Йоккханиг едда некъал дехьа иккхира.Жиманиг ц1ерпошта некха юккъе охьаюьйжира).

-Х1ун дира ц1ерпошто? (Ц1ерпошт чакъелира).

-Х1ун моьттура йоккхах йочу йишина? (Йоккхачунна шен йиша елла моьттура. Иза йоьлхура).

1. Ши йо1 кхораш баха яхар.

2.Ц1ерпошт гучуялар. Бохам хилар.

3.Йоккъахйолчун холчу х1оттар.

4.Массарна а хазахетар.

-Д1аеша план.Маса дакъа хила деза вайн изложенин? (Диъ).

-Муха доло деза х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Х1ун яздийр ду вай цунах лаьцна?Маса предлложени хир ю хьалхарчу декъехь? (Цхьаъ).

-Муьлханиг ю иза? (Ши йо1 хьуьнах кхораш баха яханера).

-Д1адеша шолг1а дакъа. Х1ун эр ду вай ц1ерпошт гучуяларх? Маса предложении хир ю оцу декъан?(Йиъ)

-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Х1ун эр дара аша йоккхах йолчу йишех лаьцна? (Йоккхах йолчунна жиманиг елла моьттура. Иза йоьлхура).

1. Ши йо1 кхораш баха яхар.

2.Ц1ерпошт гучуялар. Бохам хилар.

3.Йоккъахйолчун холчу х1оттар.

4.Массарна а хазахетар.

Ц1ерпошт гучуелира. Ши йо1 кхераелира. Йоккхахъерг юхаедира. Жимахъерг охьайуьйжира. Ц1ерпошт чекхъелира.

Йокхайолчунна жимахъерг елла моьттура,йоьлхура.

Г1оьнна дешнаш д1а а ловчкъийна схьайийцар.

Орфографически кечам бар

А)Хьехархочо уьн т1е д1аяздо хала дешнаш.

Б) Хьехархочо дагайохкуьйту берашна къасторан хьаьрк язъяран бакъонаш.

В) Хьехархочо карлайохуьйту мукъаза шшалха элпаш цхьана нисдаларх лаьцна бакъонаш.

6. Язйина текст таллар.

7. Ц1ахь бан болх балар.

Урокан ц1е: Изложени : «Борззий, 1ахаррий».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, вай тахана язйийр ю изложении: «Борззий, 1ахаррий».

3. Текстаца болх бан. Чулацаман мехалла аг1онаш йовзийтар.

-Д1елла учебникан 42-г1а аг1о. Д1аеша текст.Стенах лаьцна ю иза? (Барзах, 1ахарх).

3. Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Х1ун хилла хи молуш? (1ахар хила хи молуш).

-Х1ун хаьара 1ахарна? (1ахарна и мохк берзан боцийла хаьара).

-Х1ун элира цо? (Цо мохк шен бу элира).

-Муха яра борз? (Борз меца яра).

-Х1ун лаьара цунна? (Цунна 1ахар баа лаьара).

-Х1ун яра 1ахарца? (1ахарца ж1аьлеш дара).

-Х1ун хилира барзана? (Барзана ж1аьлеш гира, иза едира)

-Бераш, хаьнна хуур дара шуна цу дийцаран план х1отто? (Берийн жоьпаш).

-Маса дакъа ду дийцаран? (Кхоъ).

-Х1ун ду х1ора декъехь коьрта? (Барзо дов хьадар. Берзан лаам. 1ахарца болу накъостий. Стено къахкийна борз).

Уьн т1е д1аязйо план.

3.1ахарца болу накъостий.

-Д1аеша план. Х1ун эр дара аша барзо дов хьадарх лаьцна? (1ахар бара шовданехь хи молуш. Цунна т1ееара борз. Цо дов долийра шеен махка т1ера хи ма мела аьлл).

-Х1ун эр дара берзан ламах лаьцна? (Боз меца яра. Цунна 1ахар баа лаьара).

-Х1ун хьоьху дийцаро?

Чулацам юха бешар, схьабийцар.

(Хьехархочо уьн т1е д1аяздан мега г1оьнна дешнаш).

6. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 78, аг1онаш 41-42.

Выбранный для просмотра документ изложени лекъ.doc

Урокан ц1е: «Изложени : «Лекъ».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Регулятивни : берашна 1емар ду шайна т1едиллиначу декхарх кхета, иза шаьш кхочушдан дезар хаам хир бу. Шайн белхан план хир ю.

3. 1алашо йовзийтар.

4. Текстаца болх бар.

-Д1аелла книгин 154-155 аг1о. Караде шардар № 313.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Лекъах).

-Х1ун ю лекъ? (Олхазар ду).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Лекъ).

Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Х1ун ю лекъ? (Лекъ олхазар ду).

-Стенгахь хуьлу цуьнан дахар? (Цуьнан дахар лаьттахь хуьлу).

-Муха гучудолу лекъ? (Лекъ гучудолу декарца)

-Муха д1адоду лекъ? (Лахахула т1ома а долий д1адоьду, ша меттахдаьккхича).

-Муха хуьлу лекъ? (Лекъ хьаьрса-сира хуьлу букъан бохалла моханаш йолуш).

-Х1ун меттигаш ю лекъана дукхаезарш? (Лекъана дукхаеза ялтийн аре, екъа меттиг).

-Стенгахь хуьлу лекъан бен? (Лекъан бен лаьттахь хуьлу).

-Х1ун юьллу бен чу? (Бен чу йохку бецаш, къуьрдиган месаш).

-Маса х1оа хуьлу бенахь? (Бенахь хуьлу итт-пхийтта х1оа).

-Стенгара схьайог1у вайн махка лекъан к1орнеш? (Лекъан к1орнеш къилбера схьадог1у).

-Маса доккху лекъаша тевна? (Лекъаша тевна доккху аьхка).

Текстан план х1оттор.

-Маса дакъа ду текстан? (Диъ дакъа).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Стенах лаьцна ду иза? (Лекъах).

-Х1ун ду цу т1ехь коьртаниг? (Лекъ олхазар хилар, цуьнан дахар).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Лекъан дахар).

-Д1адеша шолг1а дакъа. Х1ун ду цу т1ехь коьрта? (Лекъан бос).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Муха хуьлу лекъ?).

-Д1адеша кхоалг1а дакъа.Х1ун ду цу т1ехь коьртаниг? (Лекъан бен муха хуьлу дийцар).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Лекъан бен бар).

-Д1адеша доьалг1а дакъа. Х1ун ду коьртаниг? (Лекъан к1орнеш яхар)

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Лекъан к1орнеш хуьлу аьхка).

Уьн т1е д1аязйо план.

4. Лекъаша тевна доккху аьхка.

Изложени язъян кечам бар.

-Д1аеша вайн план. Маса дакъа хир ду изложенин? (Диъ).

-Муха яздийр ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра).

-Х1ун яздийр ду аша лекъан дахарх лаьцна? (Лекъ –олхазар ду. Иза деха ялтийн аренашкахь я ирзошкахь).

Х1ун яздийр ду аша лекъан басах лаьцна? (Лекъ хьарса- сира хуьлу,букъа т1ехь моханаш йолуш).

-Д1адеша планан доьалг1а дакъа. Х1ун яздийр ду аша лекъо тевна даккхарх? (Лекъаш б1аьста схьадог1у бовхачу махкашкара. Лекъаша тевна доккху аьхке юлуш)

Яздан хала дешнаш д1аяздо уьн т1е.

Хьаьрса-сира, итт-пхийтта, къилбехьара.

(Бераша шаьш кхочушбо болх)

7. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 313, шолг1а дакъа схьаязде.

Выбранный для просмотра документ изложени синтар.doc

Урокан ц1е: Изложени : «Синтар».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

3. Личностни : берийн алсамбербу 1алам хаздаран тидам. Ойлайийр ю шайн г1иллакхкн, шаьш лелочун. Г1о хир ду вониг ган.

2. 1алашо йовзийтар.

-Вай тахана язйийр ю изложени: «Синтар».

3. Текстаца болх бар.

Чулацамах лаьцна кхамел дар.

-Х1ун ю цуьнан ц1е? (Синтар).

-Х1ун дика г1уллакх динера бераша? (Бераша синтар доьг1нера некъан йисте).

-Муха дара синтар? (Синтар хаза кхуьуш дара).

-Мила хила уллехула воьдуш? (Цунна уллохула воьдуш к1ант хилла).

-Х1ун дина цо? (Цо цхьа г1а даьккхина д1акхоьссира).

-Стенан ойла йира цо? (Цкъа дохковелира к1ант ша г1а даккхарна, юха парг1авелира. Цунна дагадеара диттан дуккха г1аш хилар)

-Кхечу к1анта х1ун дира? (Кхечу к1анта га кагдира).

-Х1ун дагадеара цунна? (Цунна а дагадеара оцу диттан диъ га хилар).

-Муха йог1уш яра йо1? (Йо яра буьрка а ловзош йог1уш).

-Х1ун дира йо1а? (Йоь1ан буьрка кхетта бохь кагбелира).

-Муха хийтира йо1ана? (Цкъа халахийтира йо1ана, т1аккха дагадеара бухь юха а бериг хилар).

-Х1ун дира газано? (Газано кевстиг йиира).

-Х1ун дира велосипедаца вог1учо? (Велосипедаца вог1учо велосипед т1етовжийна гар даьккхира).

-Муха вог1уш хилла к1ант? (Урс ловзош вог1уш хила к1ант).

-Цо х1ун дира? (Цо га хадийра, урс муха ду хьожуш).

-Х1ун хилира диттана? (Дитт дакъаделира)

-Х1у хьоьху шуна дийцаро? (1алам лардан дезаш хилар.Лар ца дахь синтар сана х1аллакхир ду иза).

-Маса дакъа ду дийцаран? (Пхиъ).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Х1ун ду коьртаниг? (Синтар д1адийна, кхуьуш ду).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Синтар д1адер).

-Д1адеша шолг1а дакъа. Х1ун ду коьртаниг?(Х1аллакдан доладо синтар).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Г1а даккхар).

-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Х1ун ду коьртаниг? (Йо1а бохь кагбира).

-Х1ун ц1е туьллар ара цунна? (Бохь каггор).

-Д1адеша доьалг1а дакъа. Х1ун ду коьрта? (Газано кевстиг йии, велосипеда т1ехь волчо гар даьккхи).

-Д1адеша пхоьалг1а дакъа. Х1ун эр дара цунах лаьцна? (Ур сира дуй хаьа га даькхча).

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Уьрсаца га доккху).

-Д1адеша т1аьххьара дакъа. Х1ун эр дара цунах лаьцна? (Дитт дакъаделла).

-Хьан эр дара : х1унда дакъаделла дитт? (Адамалла йоцучу наха х1аллакдина).

Уьн т1е д1аязйо план.

-Д1аеша план. Х1ун яздийр ду аша синтар д1адерах лаьцна?

-Х1ун яздийр ду к1анта г1а даккхарх лаьцна?

-Х1ун яздийр ду йо1а бохь кагорах лаьцна?

-Муха яздийр ду аша урсаца га хадорах лаьцна?

-Х1ун яздийр дитт дакъадаларх лаьцна?

-Маса дакъа хир ду изложенин? Муха доллар ду х1ора дакъа?

(Хьехархочо уьн т1е д1аяздо г1оьнна дешнаш)

6. Ц1ахь бн болх балар.

Шардар № 399, аг1о 165.

Выбранный для просмотра документ изложени шеран заманаш.doc

Урокан ц1е: «Изложении : «Шеран заманаш».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Регулятивни : берашна 1емар ду кийчачу планаца болх бан: х1ора декъера чулацам шайн дешнашца схьабала.

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

3. 1алашо йовзийтар.

4. «Шеран заманаш» дийцарар чулацам бовзийтар.

«Шеран заманаш» дийцаран чулацам таллар.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Шеран заманех).

-Маса зама хийцало шар чохь? (Йиъ: аьхке, гуьйре, 1а, б1аьсте).

-Х1ун башхаллаш ю церан? (Берийн жоьпаш. Дуьйцу аьхка хуьлучу хийцамех, б1аьста хуьлучу хийцамехь, 1аьнан, гуьйренах).

-Х1ун боху гуь1ренах лаьцна? Х1ун 1уьллу дитташ к1ел? Муха охьаоьгу г1аш?Х1унда эга г1аш меллаша охьа? Дитташна муха ду г1ашех къаста?

-Муха хетта адамашна цаьрга хьоьжуш? Х1унда?

-Х1ун боху 1аьнах лаьцна? Муха дог1у ло? Муха охьаоьгу лайн чимаш?Х1ун до бераша?

-Х1ун боху б1аьстенах лаьцна? Х1ун хийцамаш хуьлу 1аламехь?Х1ун гучукъеда?Х1ун до лоно? Муха охьадог1у хин татолаш? Муха къега малх? Х1ун гучуйолу? Муха хийцало 1алам.

Текст шен х1оттамца таллар. План х1оттор.

-Д1аеша текст юха. Маса декъахлаьтта иза? (Диъ).

-Д1адеша хьалхара дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Аьхенах, берийн ловзарех).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Аьхке. Берийн ловзарш).

-Х1ун яздийр ду аша оцу декъах лаьцна?

-Д1адеша шолг1а дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?(Гуьйренан хийцамех).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Гуьйренан хазалла).

-Схьабийца гурахь хуьлу хийцамаш. (Х1ора предложении сизаш хьакхарца билгалйоккху).

-Х1ун яздийр ду аша гуьйренах лаьцна?

-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (1аьнах).

-Х1ун хийцамаш бу 1ай? Схьабийца.

-Х1ун ц1е туьллур яра цунна? (Ло дог1у. Бераш ловзу).

-Х1ун яздийр ду аша оцу декъах лаьцна).

-Д1адеша доьалг1а дакъа. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?(Б1аьстенах)

-Х1ун боху б1аьстенах? Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Б1аьсте т1ееана).

-Вайн учебникан 49-г1а аг1он т1ера план д1аеша.

-Д1аеша вай х1оттийнарг. Муьлханиг г1оле ю?

-Д1адеша хьалхара дакъа. Дийца цунах лаьцна.

-Д1адеша шолг1аниг. Дийца цунах лаьцна.

-Д1адеша кхоалг1аниг. Дийца цунах лаьцна.

-Д1адеша доьалг1аниг. Дийца цунах лаьцна.

-Маса дакъа ду планан? Маса дакъа хила деза изложенин?(Диъ)

-Муха доло деза х1ора дакъа? (Ц1ечу моганчуьра).

-Муьлхачу дешнашца д1адолор ду хьалхара дакъа? Шолг1аниг? (Кхоалг1аниг? Доьалг1аниг?

(Бераша схьабуьйцу чулацам).

Хьехархочо уьн т1е д1аяздо г1оьнан дешнаш дешнаш.

(Бераша схьабуьйцу чулацам таблицех пайда а оьцуш. Изложении язъеш д1айойу таблица).

Биллина куз, 1уьллу

Ло дог1у. Бераш ловзу

6. Язйина текст таллар.

7. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 93, аг1о 49

(Яздан гуттара хала долчунна х1ара карточка дала мега)

Биллина куз, 1уьллу

Ло дог1у. Бераш ловзу

Выбранный для просмотра документ изложени ши накъост.doc

Урокан ц1е: Изложени : «Ши накъост».

Кхочушдан лерина жам1аш:

Коммуникативни: Берашна 1емар ду хьехархочо деллачу хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала,хуур ду уьш нийса д1аяздан.

2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, вай тахана язйийр ю изложении: «Ши накъост».

3. Текстан чулацам т1еэца болх бар.

-Д1аелла учебникан 117-118-г1а аг1онаш. Д1аеша текст.

(Бераша д1айоьшу текст).

Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Х1ун хила шина накъостана? (Шина накъостана хуьнхахь т1е ча 1оттаелла).

-Х1ун дира чано? (Чано хьожа йохура. Стага са ца до1ура).

-Х1ун дира дитта т1ерачо? (Дитта т1ераниг охьавоьссира. Цо хаьттира: «Х1ун дара чано бохург?».

-Муха жоп делира вукхо? (Кхерам болчохь накъост д1а а тесна додуш дерг вон адам ду элира ).

-Х1ун хьоьху вайна дийцаро? (Кхерам т1ебеъча накъост д1а таса мегар дац).

-Маса дакъа ду тестан? (Кхоъ).

-Х1ун ц1е туьллур яра хьалхарчу декъана? (Ча т1е1оттаялар).

-Х1ун ц1е туьллур яра шолг1ачу декъана? (Вела моттийтар).

-Х1ун ц1е туьллур яра кхоалг1ачу декъана? (Накъост д1атосург вон адам ду).

Уьн т1е д1аязйо план.

Схьаязъян кечам бар.

-Кхерам т1ебеъча накъост висина додуш дерг вон адам ду- бохура.

(Хьехархочо уьн т1е яздо г1оьнна дешнаш)

7. Ц1ахь бан болх балар.

Язде тешамах лаьцна кицанаш.

Чеченский язык изложение дика амал

Чеченский язык изложение дика амал

Чеченский язык изложение дика амал

Чеченский язык изложение дика амал

Номер материала: ДБ-634468

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Видео:пекьара вуСкачать

пекьара ву

Чеченский язык изложение дика амал: Оставьте свой комментарийОставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

🔥 Видео

Позор Чеченского народа(кхонохи д1а баьл Зам)Скачать

Позор Чеченского народа(кхонохи д1а баьл Зам)

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С НАДЕЙ | Топ-3 самых популярных вопросов✨Скачать

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С НАДЕЙ | Топ-3 самых популярных вопросов✨

Тешаме жима АмальСкачать

Тешаме жима Амаль

Ас хумма ца динакхСкачать

Ас хумма ца динакх

Она крикнула Аллах если ты есть дай знать.Скачать

Она крикнула Аллах если ты есть дай знать.

Ахч къоьвсан д1а ца диги бох нускал 👠Скачать

Ахч къоьвсан д1а ца диги бох нускал 👠

Х1ар ху движуха ю хуъш цхьа вуй ? ДИЦИШ!?Скачать

Х1ар ху движуха ю хуъш цхьа вуй ? ДИЦИШ!?

Яр Ху ДуСкачать

Яр Ху Ду

Исламский мультик «Мама» на чеченском.Скачать

Исламский мультик «Мама» на чеченском.

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский языкСкачать

#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский язык

Связе волш цхьа вуй ма приход ю😂😂наушникш г1оз лел йойла 😂Чеченские приколы2021Скачать

Связе волш цхьа вуй ма приход ю😂😂наушникш г1оз лел йойла 😂Чеченские приколы2021

Чеченский мультик «Во амалла йолу Хадижа»Скачать

Чеченский мультик «Во амалла йолу Хадижа»

зажигаем🔥🤙Скачать

зажигаем🔥🤙

Казни в Ичкерии. Площадь Дружбы #история #чечня #война #люди #школа #грозный #ичкерия #shorts #shortСкачать

Казни в Ичкерии. Площадь Дружбы #история #чечня #война #люди #школа #грозный #ичкерия #shorts #short

Атмосфера души✨ чеченский прикол 🤣2023год😂😂😂😂до конца🤣❤️Скачать

Атмосфера души✨ чеченский прикол 🤣2023год😂😂😂😂до конца🤣❤️

Ши ПриходСкачать

Ши Приход

Iамабе тхоьца нохчийн мотт! Учите с нами чеченский язык!Скачать

Iамабе тхоьца нохчийн мотт! Учите с нами чеченский язык!
Поделиться или сохранить к себе:
Технологии | AltArena.ru
Добавить комментарий

Нажимая на кнопку "Отправить комментарий", я даю согласие на обработку персональных данных, принимаю Политику конфиденциальности и условия Пользовательского соглашения.