Сочинени: «Гуьйре»
1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.
Просмотр содержимого документа
«Сочинение по родному языку «Гуьйре»»
1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.
-Бераш вай тахана язйийр ю суьртех лаьцна сочинении «Гуьйре»
3. Сурт довзийтар (аг1о 24)
-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш? (Г1уьйре)
-Стенгахь гойтуш ю гуьйре? (Гуьйре лаьмнашкахь ю)
-Муьлхачу басаршца гайтина суртдиллархочо гуьйре? (Кхоьлинчу суьрташца)
-Муха хетало дагна и сурт гича? (Синаттаме хетта)
-Муха де ду гайтинарг? (Шийла )
-Х1ун ю хьоькхуш? (Шийла мох бу хьоькхуш)
-Стенах хаьа иза? (Диттийн гаьннаш ду метах хьуьйш сана)
-Х1унда? (Малх хьожучу аг1ор баьццара ю, 1индаг1 долчу аг1ор мокха ю )
-Муха ду лаьмнийн баххьаш? (Лаьмнийн баххьаш к1айделла ду)
-Х1унда? (Лаьмнашка ло тесна)
-Стенга оьху г1арг1улеш? (Г1арг1улеш бовхачу махкашка д1аоьху)
-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)
-Х1ун ю 1аламехь курра лаьтташ? (1аламехь лаьтташ ю кагъелла б1оов)
-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)
-Х1ун хилла хир ю кху меттехьшира заманчохь? (Шира заманчохь нохчийн юрт хилла хир ю цигах.?)
-Стенах хиир шуна? (1аламехь лаьтташ ю б1ов)
-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)
-Муха ойла кхоллало суьрте хьаьжча? (Г1айг1ане )
4.Сочинени язъян кечам бар.
-Муха йолор ю сочинении? (Т1екхаьчна дашо гуьйре)
-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)
-Х1ун эр яздийр ду 1аламах лаьцна? (1аламех бу хийцамаш. Дитташ т1ера г1аш мажделла. Басешкахь йолу бецаш макхъелла. )
-Х1ун ю д1о т1ехьа гуш? (Д1о т1ехьа гуш лаьмнаш ду. Церан баххьаш к1айдина тесначу лайно)
-Х1ун эр ду г1арг1улех лаьцна? (Г1арг1улеш д1аоьху бовхачу махкашка)
— Х1ун эр дара аша гуш йолчу б1авнах лаьцна? (Цу г1айгачу суьтехь гуш ю шира б1ов. Иза йоьхна ю)
-Муха дог ойла кхоллало шун суьрте хаьвсича? (Сурте хьаьжча г1айгане хуьлу.
а) Сочиненин х1оттам таллар.
-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ)
-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? (Гуьйренан 1аламах лаьцна)
-Х1ун яздийр ду кхоалг1ачу декъе? (Ширачу б1овх лаьцна)
-Йоьалг1ачу? (Шена хетарг суьртах лаьцна)
-Муха доло деза х1ора дакъа? (Доккхачу элпаца)
Видео:гуьйре.Скачать
План по чеченскому языку СОЧИНЕИ ГУЬЙРЕ
1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.
-Бераш вай тахана язйийр ю суьртех лаьцна сочинении «Гуьйре»
3. Сурт довзийтар (аг1о 24)
-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш? (Гуьйре)
-Стенгахь гойтуш ю гуьйре? (Гуьйре лаьмнашкахь ю)
-Муьлхачу басаршца гайтина суртдиллархочо гуьйре? (Кхоьлинчу суьрташца)
-Муха хетало дагна и сурт гича? (Синаттаме хетта)
-Муха де ду гайтинарг? (Шийла )
-Х1ун ю хьоькхуш? (Шийла мох бу хьоькхуш)
-Стенах хаьа иза? (Диттийн гаьннаш ду метах хьуьйш сана)
-Х1унда? (Малх хьожучу аг1ор баьццара ю, 1индаг1 долчу аг1ор мокха ю )
-Муха ду лаьмнийн баххьаш? (Лаьмнийн баххьаш к1айделла ду)
-Х1унда? (Лаьмнашка ло тесна)
-Стенга оьху г1арг1улеш? (Г1арг1улеш бовхачу махкашка д1аоьху)
-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)
-Х1ун ю 1аламехь курра лаьтташ? (1аламехь лаьтташ ю кагъелла б1оов)
-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)
-Х1ун хилла хир ю кху меттехьшира заманчохь? (Шира заманчохь нохчийн юрт хилла хир ю цигах.?)
-Стенах хиир шуна? (1аламехь лаьтташ ю б1ов)
-Х1унда ю кагъелла? (И меттиг д1атесна меттиг ю, адамаша куьг ца тохаре терра йоьхна б1ов)
-Муха ойла кхоллало суьрте хьаьжча? (Г1айг1ане )
4.Сочинени язъян кечам бар.
-Муха йолор ю сочинении? (Т1екхаьчна дашо гуьйре)
-Муха ю стигал? (Стигал кхоьлина ю)
-Х1ун эр яздийр ду 1аламах лаьцна? (1аламех бу хийцамаш. Дитташ т1ера г1аш мажделла. Басешкахь йолу бецаш макхъелла. )
-Х1ун ю д1о т1ехьа гуш? (Д1о т1ехьа гуш лаьмнаш ду. Церан баххьаш к1айдина тесначу лайно)
-Х1ун эр ду г1арг1улех лаьцна? (Г1арг1улеш д1аоьху бовхачу махкашка)
— Х1ун эр дара аша гуш йолчу б1авнах лаьцна? (Цу г1айгачу суьтехь гуш ю шира б1ов. Иза йоьхна ю)
-Муха дог ойла кхоллало шун суьрте хаьвсича? (Сурте хьаьжча г1айгане хуьлу.
а) Сочиненин х1оттам таллар.
-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ)
-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? (Гуьйренан 1аламах лаьцна)
-Х1ун яздийр ду кхоалг1ачу декъе? (Ширачу б1овх лаьцна)
-Йоьалг1ачу? (Шена хетарг суьртах лаьцна)
-Муха доло деза х1ора дакъа? (Доккхачу элпаца)
5. Сада1аран миноташ.
(Бераша шаьш язйо сочинении)
-Х1ун керланиг хии шуна?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Номер материала: ДБ-1622859
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Видео:СОЧИНЕНИЯ ЧЕЧЕНСКОГО ШКОЛЬНИКАСкачать
Оставьте свой комментарий
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Видео:Позор Чеченского народа(кхонохи д1а баьл Зам)Скачать
Нохчийн матттах лаьцна сочинени
Сочинение на чеченском языке,о чеченском языке.
Видео:Дашо гуьйреСкачать
Скачать:
Видео:ГуьйреСкачать
Предварительный просмотр:
МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ
«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»
НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА
Язйинарг: Тунжаханова Сати
10 –чу классан дешархо
Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…
«Мерзачу озаца сан амал lехош,
нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу. »
Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?
Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.
Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.
Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.
Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.
Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.
Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.
Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.
Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац. » Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.
Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).
Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.
— Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.
-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.
Видео:НОХЧИЙЧОХЬ ГУЬЙРЕСкачать
Варианты сочинений ОГЭ чеченский язык
Абдурзаков Ш. шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт хьалдолуш хилар.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду,х1унда аьлча нохчийн маттахь дуккха а бу пайдаэца йиш йолуш суртх1отторан г1ирсаш.Оцу г1ирсашца муьлхха а ойла йийца йиш йолуш, хазна ю вайн мотт.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай Гайсултанов 1.тексте.
Суртх1отторан г1ирсех шуьйра пайдаэцна яздархочо. Масала 15 предложенехь «йиш йоьхна» боху фразеологизм ялайо автора. Оцу меттан г1ирсо вайна хоуьйту, Вадуд цхьана х1уманна сагатдеш хилар.
36 предложенехь ялийначу «дог-ойла юьйхира» фразеологизмаца говза гойту Гайсултановс мел халонга даьлла к1антана ша кехат аннаш юккъехула чудожадар.
Цу тайпа текстера масалшка хьаьжча, вайн т1еч1аг1дан йиш ю нохчийн мотт «башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна» хилар.
П.К. Услара шен дешнашкахь боху: «Нохчийн мотт къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1орггера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу». Цуьнан дешнашца реза ца хила хала ду. Муьлхха ойла, синхаам, хьайна хетарг нийса а,говза а гайта йиш ю вайн маттахь тайп-тайпанчу г1ирсех пайда а оьцуш: метафорех, эпитетех, дустарех и д1.кх. а.
Оцу г1ирсех шуьйра пайдаэцна Ахмадов Мусас шен текстехь.Масала 26 предложенехь ялийна «т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш» фразеологизм. Цуьнца автаро исбаьхьчу кепехь гойту вайна текстан турпалхо леррина шена гучу суьрте хьоьжуш хилар.
Текстан 27 предложени ешча кхин цхьа суртх1отторан г1ирс карабо вайна « кхохкийна юьхь» боху эпитет. Оцу эпитетах пайдаэцарца гойту вайна яздархочо Леча шена гучух ч1ог1а цатам хилла, реза воцуш хилар.Цул совнаха кхузахь хаало вайна иза нахах дог лозуш, къинхетаме стаг хилар.
Вайна ма-гарра Ахмадов Мусас шен текстаца тоьшалла до нохчийн мотт хаьлдолуш а, хаза а хиларан.
Къинхетам – иза адаман синхаамех коьртачарехь цхьаъ бу.Кхечу адамна, гонахарчу 1аламна хуьлуш йолу г1ело бен ца хеташ, дог лазар ду аьлла, хета суна иза.
Масала Абубакарова П. текстехь го вайна лазийначу кхокханна орцахъялла жима йо1. Хеда къинхетаме хилар ду иза. Яздархочо вайна иза гойту 9 предложенехь.
Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа вайн паччахьах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, царна г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву Рамзан Ахматович.
Цу т1ера схьа жам1 дан йиш ю вайн къинхетам адаман амалехь сийлахьчарехь цхьаъ хилар.
Видео:#1 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | Изучаем чеченский языкСкачать
«ТIекхечи дашо гуьйре…»
Нохчийн меттан хьехархочо цIахь бан белла болх
«ТIекхечи дашо гуьйре…»
No media source currently available
ПхьегIаш меттах хьееш йоллу тхайн нана а хезна самаваьлла, корех арахьаьжира со, хенахIотам муха бу-те аьлла. Нохчийн меттан хьехархочо цIахь бан болх беллера тхуна, гуьйренах лаьцна дийцар яздар.
ХIун яздийр ду ца хууш маситта дийнахь даьссачу кехата хьалха хиина Iийначу ас сацам бира, дог ирахӀотто эвлан йистерчу хьуьнха вахана волавала.
Нанас эцна Iаьржачу бесан керла тужурка а йоьхна, цо сатасале бинчу бовхачу хьокхаман ах чета а таIийна, новкъа велира со.
Гуьйренан Iуьйре шийла а, кхоьлина яра. Ша шех хьерчаш ловзу юькъа дохк гича мотталора догIург дерз ду.
УьйтIарчу баIаран диттан кIеллара цхьа ши буй баIарш а гулдина, со кевне волавелча, буька яйн чуьра шен худар дууш доллучу тхан жIало Гудрис, юкъах цадолош бIаьрг туьйхира, со волчу агIор. Цуьнан хьажар шеконан хийтира суна, хIокхо хIун леладо-те сатасале кевне гIерташ, худар даа са ца дуьтуш аьлла.
Урам баьсса бара. Сатасале шен говрана хи мало араволу тхан лулахо СаьIидбек а гIаттаза хан яра иза. Эвлан йистера аре а хадийна, хьалаволавелира со оха «шолагIа» олучу хьуьнан дукъе. Iуьйре мел кхоьлина еанехь а, гуьйренан басарш хаза дара.
Хьуьнаха вулуш, хIора гIулчаца лахлуш, эххаре а дIатийра самаяьллачу тхан эвлан дахаран гIовгIа – наьной кхийкхар, котамаш екар, жIаьлеш летар, бежанаш Iехар, говраш терсар. ТIаьххьара, ас тидам а беш, суна хезнарг дара тхан эвларчу аьчкан пхьеро Эмис жIов еттар.
ЦIен, доIан басахь, можа, цIехо-можа гIаш долчу хутал-бецо марахьерчийна лаьттара, со вогIучу тачане дашо гIашца куьйгаш кхийдо коьллаш.
ШолагIа дукъ а дара гуьйрено йийсаре лаьцна. ЦIе бос богучу гIашна юкъара схьакъийдара цкъачунна мад даланца аьрга хьаьмцаш. Элхьамцаш, хьуьнан кемаш, мадделла а, маддаланза а акха кхораш…
Ма чомехь хир бара цIарца богу дIо-о кхоза акха Iаж, аьлла ойла кхоллаелча, дагабеара суна сайн четахь болу хьокхум.
Айса кисина тесна деана баIарш дохийна, тIамарш а яьхна, четара схьабаьккхина, дегIан йовхоно мела латтийна, хьокхум а кхоллуш охьахиира со.
Iалам хаза дара. Нарт-эрстхойн догIмаш долу гIаролхой санна гобаьккхина лаьттара стигал кхийда пепан дитташ. Царна кIеллара гIа-бамба гулбелла хир бу-кх бIеннаш шерашкахь, бохуш ойла йора ас.
Со хиина Iара хьуьнан юккъехь иттех метар шуьйра хир долчу хин хорша йистехь. Иза даьсса дара. Амма гуш дара мел-лаххара а ши-кхо де хьалха, ломахь догIа а дилхина, цу чохь карзахдуьйлуш ловзуш хи хилла хилар.
Кху хьуьнхахула бIеннаш шераш хьалха а со санна лелла хир ву-кх цхьаъ, мила хилла-те иза, муха нисбелла-те цуьнан кхоллам, бохучу ойланашца хьуьнан кIорге вуьйлира со.
ЦIеххьана хетаделира цхьаъ хийцаделча санна. Эвла йолу агIо гойтуш цхьа билгало ца хаалора. Со тила веллера.
Дукха тIех ойланаш еш а ца Iаш, сайна нийса хетачу агIор дIаволавелира со. Амма иза эрна хиллера. Жимма Iалашо хийцина дукъ хадийра ас. Амма гонах яра цхьана суьртехь лаьтта Iаьржа хьун.
Муствелла, со чуваьлча, суьйренна юург кечйеш йоллучу тхан нанас, юкъах а ца йолуш, элира, ванах кIант, хьо мичахь вара, Iуьйранна дуьйна хIума а кхаллаза лелаш ву-кх хьо, аьлла.
Меца вац цо, нана, аьлла, тужурка неIаре дIа а оьллина, коре охьахиира со къолам а, кехат а эцна: «ТIекхечи дашо гуьйре…»
🎦 Видео
Ма к1ант ю иСкачать
#2 ЧЕЧЕНСКИЙ С АНЕЙ | "Пал ма бийца" или 3 фразы для общения.Скачать
Сом д1а г1ур вуСкачать
Ма борш вац и вамСкачать
Луиза Умарова - ГIийла ойла. Чеченский и Русский текст.Скачать
Рамзан Ахмадов - Гуьйре. Чеченский и Русский текст.Скачать
До СЛЕЗ растрогала своим Красивым голосом слепая девочка!!!Скачать
Сын написал сочинение на 5/5Скачать
Рамзан Ахмадов - Гуьйре 🎸 Чеченская гитара 2017 🎸Скачать
Ши ПриходСкачать
Йиша воши ду ❤❤😭😭Скачать
ЭТУ ПЕСНЮ СЛУШАЛ КАЖДЫЙ ВЛЮБЛЕННЫЙ ЧЕЧЕНЕЦ Генахь Езар Хьена ю ШуСкачать
Марьям Ташаева - Г1арг1улешСкачать